Вайна пайде хилла Сочера инвестицийн форум

«Даймохк» газетан кхул хьалхарчу номерехь хаам ма-барра, чиллин (февраль) беттан 14–15-чуй деношкахь Сочехь (Краснодаран мохк) дIаяьхьира Россин инвестицийн форум. Карарчу шарахь иза «Национальные проекты: от стратегии к действию» темина лерина яра.

Шен коьртехь Премьер-министр Хучиев Муслим а волуш, Нохчийчоьнан делегаци а яра цигахь дакъалоцуш. Цигахь вайн республикин делегацига дакъалацийтаран гIуллакх вовшахтохарна жоьпаллехь яра Экономика, мохк а кхиоран, махлелоран министерство.

Шеко йоцуш, шайх тешийначу балхаца оцу ведомствон векалш дика ларийра, хIунда аьлча, Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу федеральни министерствон юкъарчу стендерчу Нохчийчоьнан экспозици хаза а, кхачаме а кечйина лорура хьовсархоша а, форуман дакъалацархоша а.

Республикин экспозицина юкъахь ду регионан коьртачу предприятийн: «Устрада-ГIалин жижиган комбинатан» а, «Ясин» махлелоран цIийнан а, «Югагрохолдинг» теплицийн комплексан а, «Родина» юкъараллин а кхачанан сурсаташ а, стоьмаш а, хасстоьмаш а, ткъа иштта «Нохчийн дарбане хиш» юкъараллин мерза а, дарбане а, молу а хиш, дуьненан тайп-тайпанчу пачхьалкхашка кхоьхьуьйтуш долу кхидолу маларш.

Иштта, Идрисов ИбрахIима дийцарехь, ламаст хилла дIахIоьттина ма-хиллара, форумехь гайтина Нохчийчоьнан экономикин а, инвестицийн а нуьцкъалалла йовзуьйтуш йолу видеокийсак. Форуман дакъалацархошна дIасаекъна вайн республиках лаьцна дуьйцуш йолу гайтаман материал а.

Форум вайн республикина чIогIа беркате хилла. Нохчийчохь 9 млрд. соьмана инвестицийн проекташ кхочушъяран хьокъехь тайптайпана барташ бина.

Делегацин куьйгалхочо, Премьер-министра Хучиев Муслима дийцарехь, форуман 2 дийнахь инвестицийн 8 проект кхочушъяран хьокъехь барт хилла. Цу юкъахь промышленность а, гIишлошъяр а, юьртан бахам а бу. Уьш кхочушъяро 1 эзар сов белхан меттиг кхуллур ю республикин бахархошна.

Кхочушъян леринчу инвестицийн проектех къаьсттина шена тIе тидам бохуьйтуш ю Соьлжа-ГIалахь «хIаваан» юкъараллин транспорт кхоллар. «Минутка» майданара дукхахьаштийн «Грозный Сити» комплексана тIекхаччалц, шиъ социйла а йолуш, каната тIехь юкъараллин транспорт хир ю.

Цул сов, тидам тIебоьдуш ду республикин Транспортан а, зIенан а министран Черхигов Рамзанан а, «Вымпелком» компанин (бренд «Билайн» – авт.) Къилберчу регионехула директор волчу Афонин Сергейн а хилла цхьаьнакхетар.

Цигахь хиллачу бартаца нийса а догIуш, карарчу шарахь ГаланчӀожан кӀоштахь а, Веданан (ЧӀебарлойн) кӀоштарчу Къоьзан-Ӏома тӀехь а дӀабахьа лерина «Вымпелком»-н сеть дӀахӀотторан болх. Соьлжа-ГӀалина гонахарчу а, федеральни а некъийн йохалла а оцу компанин сетаца «тӀеюза» езаш хиларан хьокъехь барт а, республикехь тӀаьххьарлерчу технологийн интернет кхиоран декъехь меттигерчу «Вайнах Телеком»-е болх байта сацам а хилла Черхигов Рамзанан а, Афонин Сергейн а.

И.АДАМОВ
№13, чиллин (февраль) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: