Чекхдаьллачу 2018-чу шарахь Прокуратурин органаша бинчу белхан жамIашдарна лерина, меттигерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца пресс-конференци дIаяьхьира республикин Прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис.

Иштта, цигахь билгалдаьлла ма-хиллара, чекхдаьллачу шарахь, законийн лехамаш талхораш дIадахаран Iалашонца, 54 эзар акт хIоттийна Прокуратурин органаша, 23 664 стаг жоьпе а озош.
Цул сов, пачхьалкхана а, бахархошна а догIуш долу ахча юхадерзоран декъехь а баккхий кхиамаш баьхна – юхадерзийна 34 млн. сом.
Республикерчу кхочушдаран органаша хIиттийначу актех 6 эзар сов акт законийн лехамашца доггIучу кепара нис а дайтина, харцкехатех пайда а оьцуш, суьдехула, федеральни бюджетера 713 млн. сом доладаккха гIортар юха а тоьхна.
Дийнна шарахь 7 155 дехар (обращени) дина Прокуратурин органашка, царах 1 700 дехар кхочуш а дина. 2017-чу шарца дуьстича, чекхдаьллачу шарахь зуламийн барам 16 процент лахбелла, ткъа динчу зуламашна куьгбехкенаш жоьпе озор 87,2 проценте кхаьчна.
Зуламаш дар лахделла ерриге а кIошташкахь, делахь а, хIинцца а дечу зуламийн доккха дакъа бахархойн барам алсам болчу кIошташна кхочу – пачхьенан 4 кIоштана а, Грозненски, Шелан, Гуьмсан кIошташна а.
Лерринчу тергонехь латтош дара некъашкахь бохамаш хиларан а, бахархой доьза баран а, бакъо йоцуш герз а, наркотикаш а лелоран а, иштта, хIусамийн-коммунальни бахаман а дакъошкахь ден зуламаш.
Терроризмаца доьзначу зуламийн барам 45 процентана лахделла, ткъа некъашкахь бохамаш хиларца бахархой кхалхар – 48,6 процентана.
Коррупцица къийсам латторан гIуллакх а тесна дитина ца хилла Прокуратурин органаша – оцу декъехь 312 зулам дина хилар гучудаьлла, кхаъ эцарца доьзна 26 зулам а долуш.
Совдегаршна планаца боцу талламаш байта аьлла, царна тIехь терго латторан органаша Прокуратуре динчу дехарех 55,5 процент юхатоьхна, ткъа совдегаршна, кхачам боллуш, хаамийн гIо-накъосталла цадарна, совдегаршна тIехь терго латторан тайп-тайпанчу органийн 200 сов белхахо жоьпе а озийна.
Бюджетан харжех нийса пайдацаэцарца доьзна уголовни 40 гIуллакх а схьадиллина. Законийн лехамаш талха а беш, уголовни гIуллакхаш схьаделларан 225 сацам а юхабаьккхина, динчу а, дечу а зуламашна статистика хIотторехь 8,5 эзар кхачамбацар нисдалийтина хилар а гучудаьккхина – и болх бар бахьана долуш, «къайладаьхьна» 359 зулам а оцу статистикина юкъатоьхна.
Мел халахеташ делахь а, дахаран хьелашца доьзна 9 стаг а вийна 2018-чу шарахь.
Оцу шарахь Прокуратурин органаша тIеэцна республикин 7 182 вахархо, ткъа республикин Прокурора – 463 вахархо.
И.ИСЛАМОВ
№13, чиллин (февраль) беттан 19 де, 2019 шо