Байханов ИсмаьIал Веданан кIоштарчу школашкахь хилира

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочушдаран гурашкахь, Веданан кIоштан администрацин куьйгалхочуьнца Ахиядов Нурдица цхьаьна Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала инспекци йира Веданан кIоштан дешаран учреждешкахула.

Министрана хиира кIоштан ерриге а школашкахь дешаран гIуллакх вовшахтохарна оьшуш долу хьелаш хилар. И.Байхановс дийцарехь, ерриге а школашна кхачойина Iаматашца а, оьшуш йолчу литературица а, юьхьанцарчу классашна кхачойина интерактивни аннашца а.

– Ерриге а бохург санна дешаран учрежденешкахь карлаяккха езаш ю йийбар а, компьютерш а. КIоштахь тоьаш бац хьехархой, шайна юкъахь кхечу къоман меттанийн хьехархой а болуш. Веданан кIоштан лаьмнийн яртийн юкъарадешаран учрежденийн а, Соьлжа-ГIалин школийн а вовшашца юкъаметтигаш чIагIъян хьовсур ду тхо. Цхьаьна болх а беш, герггарчу хенахь, дIайохур ю билгалъяьхна йолу ерриге проблемаш а, кхачамбацарш а, – билгалдаьккхира И.Байхановс.

Цул тIаьхьа дешаран а, Iилманан а министр хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана чIагIйина йолчу «2017–2018-чуй, тIаьхьадогIучу шерашкаххьий лаьмнийн меттигаш социальни-экономикин кхиор» программин гурашкахь Веданан кIоштарчу Зелимхин-КIотарахь еш йолчу 220 меттигана леринчу дешаран керлачу учрежденехь.

– Школин гIишло жоп луш хир ю кхузаманан берриге а лехамашна. Кхузахь хир ю актови зал, яккхий чоьнаш, спортан зал, берриге а гIирсашца кечйина йолу физикин, химин, биологин кабинеташ, дешаран лаборатореш, – элира И.Байхановс.

Министр, иштта, хилира Бени-КIотарарчу керлачу школехь а. 120 дешархочун меттигана лерина йолу и дешаран учреждени ян йолийна 2018-чу шарахь. Герггарчу хенахь схьайоьллур ю иза. КIоштахь кхаа сменехь дешаран проблема мелла а дIайоккхур ю цо.

Школин гIишло жоп луш ю кхузаманан берриге а лехамашна, тоьллачу хаарех пайдаэца а, берашна шайн ницкъаш зен а кхоьллина дерриге а хьелаш ду цигахь.

I.МУРТАЗОВ, З.ШАЛИЕВА
№13, чиллин (февраль) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: