Кхерсташ лелаш жIаьлеш а, мич-миччанхьа дIахIиттош машенаш а хила ца еза

Республикин пачхьенан юкъ а, цхьа дакъа а хиларе терра, и кIошт Соьлжа-ГIалин кхечу кIоштел а коьрта ларалуш ю. Цундела бохуьйту оцу кIоштарчу хьолана тIе къаьсттина тидам.

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин хьалхара вице-мэр Хаджимурадов Iийса а, Ленински кIоштан куьйгалхо Тамаев Iаьрби а, республикехь Адамийн бакъонаш ларъяран векалан аппаратан а, мэрин структурин кхийолчу организацийн а белхахой а цхьаьнакхийтира оцу кIоштарчу бахархошца.

Цхьаьнакхетаран хьалхара дакъа, юкъарчу хьолах лаьцна дийцарца, чекхделира.

Масала, Хаджимурадов Iийсас дийцира гIала цIена латторна декхарийлахь деккъа цхьа Iедал хилла ца Iаш, бахархой а хиларх лаьцна. Иштта, шайн чуьрчу доьзалхошца кхетош-кхиоран белхаш дIабахьарехь а, царна тIехь Iуналла дарехь а дай-наношка само яр дийхира цо.

Цул тIаьхьа къамел даран рагI бахархошка а кхечира. Царах хIорамма а дуьйцург ша-ша схьаэцча а хаалуш дара уьш кIоштарчу хьолана а, бахархойн хьашташ кхочушдайтарна а саготта хилар.

Коьрта сингаттам кхерсташ лелачу жIаьлешца боьзна бара – уьш, мел халахеташ делахь а, денна а бохург санна, даьржаш ду, ткъа церан терго еш цхьа а организаци яц.

Бахархоша билгалдаьккхира и жIаьлеш яккхийчу ардангашца лелаш хилар а, дера хилар а.

Царах шайн доьзалхошна цхьа бохам хиларна шаьш чIогIа кхоьруш а, сагатдеш а хилар хаийтира дай-наноша.

Иштта, бахархойн сагатдо машенаш, бен-башха а доцуш, машенийн а, гIашлойн а некъаш тIехь а, берашна ловза леринчу майданашкахь а дIахIиттош хиларо.

КIоштан бахархой тешна бу оцу тайпана бала хьоьгуш пачхьенан кхийолчу кIошташкара бахархой хиларх а, и проблема бахархойн ницкъаца дIаяккхалург цахиларх а.

Серлонан чиркхаш тоьаш цахиларан гIуллакх а хьахийра цара. Уьш, бахархоша билгал ма-даккхара, я урамашкахь а, я майданашкахь а, я уьйтIешкахь а тоьаш дац.

Хьахоза ца дисира латтанаш доладахаран хьокъехь долу законодательство а, кIоштан бахархойн цу декъехь йолу проблемаш а.

Цхьаьнакхетаре гулбеллачара мел довзийтина гIуллакх а, проблема а мэрин белхахоша кестта толлург хилар хаийтира Хаджимурадов Iийсас.

– Шайн проблема я гIуллакх а эцна, мэрин а, кIоштийн префектурийн а белхахошна бахархой тIекхачийтаран Iалашонца кхоьллина дукха хьелаш ду. Цул сов, бахархой тхайна тIебахккалц а ца Iаш, тхо а тIедогIу шуна. Тхуна а, шуна а дика девза пачхьенехь долу хьал а, кхачамбацарш а, йолу проблемаш а. Делахь а, аш тхуна гIо-накъосталла деш ца хилахь, оцу декъехь тхоьга дукха хIума далур дац. Шух хIора а декхарийлахь ву шаьш Iаш долу меттиг цIена латто а, шайх тешийначу бахаман дола дан а – уьш законодательствон а, вайн къоман Iадатийн а лехамаш бу, – дерзийра шен къамел пачхьенан мэрин хьалхарчу вице-мэра.

И.ХАСАХАНОВ
№13, чиллин (февраль) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: