Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) — Мединате боьдучу новкъахь

Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла  хуьлда  цунна) шен доттагIчуьнца  Абу-Бакарца  хьехахь кхаа дийнахь  Iийра. И  шиъ лоьхуш  хилла  мостагIий дIабахара. Иза чIогIа хазахетта, вилхира  Абу-Бакар. МустIафас  АллахIана  хастам  беш  сужуд  дира. И шиъ хьехахь  волуш, хIора  буьйсанна  Абу-Бакаран кIант  IабдуллахI  вогIура   царна  Маккахь  долу хьал  дийца.  Абу-Бакаран  йоI  Асмаъ  а йогIура юург йохьуш. ДоьалгIачу дийнахь IабдуллахIа  хаийтира: «Шуьшиъ лехар  хIинца  лахделла», – аьлла. ТIаккха цаьршиннан барт хилира Мединате  дIаваха, хьехара  аравала. Шаьш  цхьанна а ца  гайта дIатесначу  новкъа  дIавахара.

Маликин  кIантана  Суракъатана  гIум-арарчу  цхьана  Iаьрбичуьнгара хезира Мединате боьдучу новкъахь цунна  кхо  стаг  дуьхьал  кхетта  хиларх лаьцна. Церан куьцаш, сибаташ дийцича,  Суракъатана   вевзира  Элча (Делера салам-маршалла  хуьлда цунна) а, цуьнан доттагIа  а. ТIаккха, диллинчу совгIате  сатесна, герз схьаэцна, говра  хиъна, церан лорах тIаьхьа  вахара  иза. Оцу  новкъахь масийттазза охьакхийтира   цуьнан говр.  ХIетте а, кхин  юха  ца  воьрзуш, царна  тIаьхьа  кхиира  иза.

Цунна гира  уьш. Цуьнан говр  юха  а охьакхийтира. Саракъат говрара охьавуьйжира. Эццахь  чIогIа  кхеравелира иза. Тамашийначу кхерамо дуьзира  цуьнан  дог. Цу шиннан цIерш йохуш, шех къинхетам бар  доьхуш, кхойкхуш  вара  иза. Цо  бохура: « ВаллахIи, соьгара  цхьа а зен  хир  ма дац шуна. Суна хаьа, аш неIалт кхайкхийна  суна.  Со Деле  вехийша, кIелхьара  ваккхийша. Ас юхаберзор бу шуна  шуьшинна  тIаьхьабевлла  нах. Соьгара  зен хир  дац  шуна». Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) бахьанехь  Дела шегара  чIир оьцуш  ву  аьлла  тешна вара  Суракъат. Иза хIинца тешнера Мухьаммад (Делера  салам-маршалла хуьлда  цунна)  Делах  кхоьруш, дика стаг  хиларх, пайхамаралла кхочушдеш  иза  тоьлларг  хиларх. Элча (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) а, Абу-Бакар а  сецира. Мухьаммад Пайхамара  (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Абу-Бакаре элира: «Вайгара хIун оьшу  цунна  алий  хаттахьа   цуьнга». Цо шега  хаьттича  Суракъата  дийхира: «Суна  къинтIеравалахьа,  хьо суна  къинтIера  ваьлла  хиларан билгало  хилийта, кехат яздехьа». Элча (Делера  салам-маршалла хуьлда  цунна) цунна  къинтIера   велира, цо доьхуш долу  кехат  а  яздина, иза  цуьнгахьа  дIакхоьссира. Кехат  схьаэцча, къурайшийн нах болчу  юхавирзира  иза. Кхаа дийнахь,  кхаа буьйсанна  Элчанах (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаьцна хIума  ца хьахийра  цо  цаьрга. Цул тIаьхьа  цатешначаьрга  дийцира  цо шена  хилларг. Абу-ЖахIила  бехк  баьккхира  цуьнга, Мухьаммад (Делера  салам-маршалла хуьлда цунна) схьа  ца лоцуш юха хIунда  веана хьо, аьлла.

Буьйсанна эмкалашкахь  некъ беш, дийнахь  къайлабовлуш, дIабоьлхуш болу  уьш  Умму-МаIбад цIе  йолчу  цхьана  зудчун  четар лаьттачу  кхечира. ЧIогIа  меца  бара  уьш. Иза  йолчохь, шура   ца луш,  лекъна  жий  хиллера,  дIалаллаза бисина.  Зудчун хьешашна  яла яахIума  яцара. Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) пурба дийхира Умму-МаIбаде шега и жий озийтахьа  аьлла. «Озахьа», – аьллера  цо. Иза  оьзча, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) беркатна дуккха а шура елира цо. Кхарна массарна а тоъалц меллачул тIаьхьа буха  а йисира.

Абу-Бакаран доьзална иза мича кхаьчна   ца хууш кхо буьйса  а яьллера. Царна Маккахь гира, шена тIаьхьа  богIуш нах болуш, мукъамехь  байташ олуш вогIу  цхьа стаг. Цо кхарна байт  элира:

«Дала диканца  бекхам барш, Умму-МаIбадан  четаре ма кхечира», – аьлла. Цунах царна  хиира  Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а, шайн да а Мединате боьдучу новкъа  ваьллий. И байташ мостагIашна  а хезира. Умму-МаIбад йолчу нах  бахийтира  цара. Иза шен  четарехь  ара. Цара  хаьттира  цуьнга,  ишт-ишта сибатехь волу стаг  кхаьчний  шу  долчу, аьлла. Цо жоп деллера: «Суна-м ца хаьа  аш  хIун  дуьйцу. Цхьа  хьаша  веанера  кхуза,  иза  гIийла  жий оьзна дIа а вахара», – аьлла.

Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) а, Абу-Бакар а, цаьршинна некъ буьйцуш волу  стаг а  хурманийн  дитташ  долчу, бецаш, хиш долчу  кхечира. Мединатана  герга  йолу Къубаъ олу  меттиг  яра иза. Новкъахь  ялх де  даьккхина, Къубаэхь севцца, могаш-маьрша  цига дIакхачарна  Далла хастамаш беш, хурманийн  дитташ  кIелахь, IиндагIехь садоIуш бара уьш.

Маккара  нах хIинца  а хIорш  лоьхуш  бара, Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вен дагахь. Мединатера  нах иза  лоьхуш  бара, сийлахь хьаша  тIеэца а, иза  схьавогIу  де даздан  а  лууш. ХIора дийнахь  нах  бохуьйтура  мединхоша некъ ларбан, иза схьакхачаре сатуьйсуш. Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).  Маккара схьаваьллий  хаьара  царна. Амма цо кхо де-буьйса  хьехахь  даьккхиний  ца хаьара. Цундела  цунна  чIогIа  сагатдеш  бара  уьш, иза  схьакхача  хьеваларна. Эххар а Мединате  хабар  кхечира  тIехдика Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна),  Делан пурбанца, могаш-маьрша Къубэ схьакхаьчна,  аьлла. Мединатера  нах тобанашкахь дуьхьал  оьхуш, могаш-маьрша  схьакхачарца  иза  декъалвеш бара. Цхьана  жуьгтичо, мохь  тоьхнна,   дIакхайкхийнера: «ХIай Iаьрбий, хIара аш  сатийсина   шун ирс  схьакхаьчна-кх», – аьлла.

Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Къубаэхь Iовфа кIентан Iамранан доьзалш болчохь сецнера. РаббиIул-Аввал  беттан бархIолгIачу дийнахь, милад терахьашца лерича, ялх бIе ткъе шолгIачу шеран сентябран ткъолгIачу дийнахь дара иза. Цигахь масийтта де даьккхира цара Турпал-Iела схьакхачаре хьоьжуш. Къубаэхь Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) уггаре а хьалха маьждиг дира. Маьждиг дечу хенахь кхиболчу наха санна, къахьоьгура цо. ХIижратехь уггаре а хьалха дина маьждиг ду иза. Дала Шен дашехь (Къуръана чохь) «Тавбат» суратехь хьахийна ду иза: «Дуьххьарчу дийнахь дуьйна (Делах) кхерарна тIехь хIоттийна долу маьждиг хьакъ ду хьо шена чохь хIотта – цу чохь бу шаьш цIанбала лууш болу нах. Далла беза шаьш цIанлуш берш. (Къуръан, 9 сурат, 108 аят). Бусалбанаша дуьххьара рузбанан ламаз дина а, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьххьара хутIба дешна а маьждиг ду иза. Динан мостагIашкахьара цхьа а кхерам боцуш, бусалба наха дуьххьара маьрша, сапаргIат ламаз дира цу чохь. Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а паргIат хааелира цигахь, Далла хастам беш вара иза, хIинца, кхерам боцуш, паргIато, маьрша садаккха йиш яра цуьнан.

Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а, цуьнан асхьабаш а, шаьш садаьIначул тIаьхьа, Мединате баха новкъабевлира. Хазахетарх юьзна, самукъане яра Мединат шахьар, баккхийбеш бара мединхой а. МустIафа шайна тIевогIу де деза дара царна. Мединатерчу хIора тайпанан нахана лаьара Мухьаммад  (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шайн хьаша хилийта. Амма дог дика волу Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ансарашна (гIоьнчий) цхьанна а вас ян лууш вацара. Цо элира: «Харжам бар хIокху сан эмкалехь диталаш, Делан омранца лелаш ю шуна хIара». Иза дIайолаелира. Масийтта некъ хийцира цо. Эххар а, Надджаран цIийнах болчу Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дененан вежарий бехачохь саца а сецна, Абу-Аййуб-Альансарийн цIенна хьалха гора хIоьттира. ТIаккха иза эмкала тIера охьавоьссира.

Мединатан охIланна чIогIа хазахеттера адамех уггаре а сийлахь верг схьавеана. Иза схьавогIуш, зударий бара, цIенойн тхевнаш тIе а бевлла, назманаш бохуш:

«ТIалаIат Бадрун Iалайна.

Мин саниййатил – вадоI.

Важабаш-шукру Iалайна.

Ма даIа лиллахIул даI.

АйихIал-МаIбуса фина.

Жиъта бил-амрил мутIаI».

(Буьзна бутт схьакхетта вайна.

Аль-ВадаI бохучу гунашна тIехьара.

Хастам бар тIедуьйжи вайна.

Деле кхойкхург мел кхойкху.

ХIай, тхуна Элча вина ваийтинарг.

Веа-кха хьо хилла омранна муьтIахь.)

Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) веана бохуш, даккхийдеш, кхаьънаш дохуш, дIасауьдуш дара Мединатера бераш а. Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шовзткъе кхойтта шо долу хан ю иза. Цуьнан а, кхиболчу мухIажарийн а чIогIа лерам бира Мединатерчу наха, дика гIо-накъосталла а дира. Цундела аьлла царах ансараш, царна тIебаьхкинчарах–мухIажарш.

Абу-Аййуб-Альансарийна тIевоьссина ворхI баттахь Iийна вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Шен ницкъ ма-кхоччу къахьоьгуш вара иза, шен асхьабашца цхьаьна, ша уьш санна адам хилар а, болх бар сийлахь хилар а царна дIагойтуш. Маьждигана уллехь шен доьзална цIа дира цо. Цуьнца цхьаьна Iан Маккара Мединате схьабаьхкира цуьнан зударий а, ФатIимат, Умму-Кулсум цIерш йолу цуьнан ши йоI а. Дуккха а мухIажарш цхьаьнакхийтира цигахь. Мединатехь дIадоладелира бусалба динан а, бусалба нехан а керла дахар.

(Пайдаэцна Муртазаев Сайд-Мохьмадан «Мухьаммад (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) – дахаран масал» жайнах.

Зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: