Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу шерашкахь нохчийн доьзалшкара масех стаг цхьаьна фронте дIавахана хиларан бакъдерш дитина вайна историс.
Иштта, масала, цхьаьна тIаме бахана Шелара вежарий АхтаевгIар, Хасавюртан кIоштара БейбулатовгIар, Грозненски кIоштара ЛалаевгIар, Хьалха-Мартан кIоштара ЗулкарниевгIар, Нажи-Юьртан кIоштара МидаевгIар, Веданан кIоштара ЭльмурзаевгIар, Итон-Кхаьллан кIоштара УзуевгIар, ИмадаевгIар, Теркан кIоштара АхметхановгIар, Гуьмсан кIоштара РадуевгIар, дуккха а кхиберш.

1943-чу шеран оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь арадаьллачу «Грозненский рабочий» газетехь зорбатоьхна дара вежарша Хьамида а, ГIанис а КуразовгIара шайн кIоштарчу колхозхошка яздина кехат.
Цу тIехь вежарша дуьйцура шайн бIаьхаллин гIуллакхех лаьцна.
«Хьомсара накъостий! Белхалой, колхозхой, Гуьмсан кIоштан берриге а къинхьегамхой. Вайн хьоме Даймохк Гитлеран цIийх Iаба ца туьгучу гIеранех ларбеш фронтехь долчу оха даима а дагахь латтабо вайн генара, амма дагна хьоме болу вайн Даймохк, вайн махкахой, гуьмсахой. ТIеман хьалхарчу дийнахь дуьйна тхо, вежарий КуразовгIар, ЦIечу Эскаран могIаршкахь ду. Тахана оха сацам бина Даймахкана а, шуна а хьалха долу тхан бIаьхаллин декхар оха муха кхочушдо дийца. Куразов Хьамида куьйгалла деш йолчу артиллерин подразделенис тIелатаран тIемашкахь хIаллаквина мостагIчун 520 салти а, эпсар а, йохийна 52 блиндаж а, дзот а, 45 пулемет а, цхьа йоккха топ а, ши миномет а. МостагIчунна дуьхьал тIом барехь майралла а, турпалалла а гайтарна Хь.Куразовн подразделенина Оборонин Наркоман накъостан Сталинан омранца лаккхара гвардейски цIе елла. Ас, Куразов Хьамида, цхьана тIамехь 6 танк а йохийра, мостагIчун 25 салти а, эпсар а хIаллак а вира. ТIамехь гайтина и хьуьнар бахьанехь, Правительствос суна лаккхара совгIат дира ЦIечу Байракхан орденца. Куразов ГIанис, ша цхьамма, мостагIчун 25 эпсар хIаллаквина. И бахьанехь цунна («За боевые заслуги») «БIаьхаллин хьуьнаршна» мидал елла. Цул тIаьхьа хиллачу тIемашкахь а майра тIом барна кхечу совгIатана хьалхатеттина а ву иза. Ши шо ду тхо, вежарий КуразовгIар, вовшашца йохье девлла. Оха шуьга яздеш долу хIара кехат гитлерхой хIаллакбарехула йолчу бIаьхаллин йохьаллин хьалхара жамI ду. Вайн сийлахьчу Даймехкан бозуш цахиларна а, маршонна а, сийнна а тIекхевдина болу мостагIий борах буьтур бац. Тхан хьоме махкахой, оха чIагIо йо шуна вайн хьоме советийн мохк ларбархьама, вайн герзан сий айбархьама оха тхайн берриге а ницкъ, эшахь дахар а дIадала».
Иштта, 1943-чу шеран оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь арадаьллачу оццу «Грозненский рабочий» газетехь зорбатоьхна дара нанас шен кIенташка, вежаршка КуразовгIаьрга, церан кехатна жоп луш, яздина кехат.
«Ненан дош» аьлла цIе тиллинера цунна. Цу тIехь цо яздора: «Сан хьомсара кIентий, Хьамид, ГIани! Аш шайн юьрта даийтинчу кехатах боккха кхаъ хилира берриге а махкахошна, ткъа суна, шун нанна, боккха юьхькIам хилира. Сан шиъ ву шуьшиъ фронтехь. Шух хIораннах дог лозу ненан. Амма оцу лазамал а, шун дахарх болу кхерамал а беза бу шу бахьанехь хилла юьхькIам, шун бIаьхаллин хьуьнарех, кхиамех йоккхаер. Берриге а лулахоша декъалйо со – турпалхойн нана. Доккхадедеш ду сан къена дог… Сан хьоме кIентий, тIаме хIитталаш, мостагIчуьнца болчу луьрачу тIаме. Нанас Деле деш долчу доIанаша лардойла шу мостагIчун дIаьндаргех, акхачу йовсарех. Со даггара тешаш ю вайн эскаран ницкъах, вайн нуьцкъалчу махках. Толамца цIа дерзалаш. Шун нана Куразова База».
Тылан къинхьегамхошна лерина йолчу шен «Сийлахьбоккхачу Даймехкан тIеман муьрехь НГIАССР-н къинхьегамхойн патриотизм» брошюрехь В.И.Филькина ялайо оццу дийнахь арадаьллачу (1943-чу шеран оханан (апрель) беттан 25-гIа де) «Грозненский рабочий» газет тIерачу цхьана статьян кийсак.

Цу тIехь хьахадо вежарша КуразовгIара шайн кIоштарчу колхозхошка яздина кехат. «Гуьмсан кIоштарчу («Ударный труд») «ХIайттараллин къинхьегам» колхозан колхозхоша, шайца цхьаьна болх беш хиллачу вежарийн КуразовгIеран хьокъехь, бIаьхаллин декъе дахьийтинчу кехат тIехь яздора: «… Тхан махкахоша КуразовгIара даийтинчу кехатах боккха кхаъ а хилира тхуна, цо синтем а бохийра тхан ерриге а колхозан. Аш нийса хоьтту фронтана гIо дарехь колхозо дечу гIуллакхах лаьцна. Ондда тыл ца хилча фронте тIом балур бац. Дашон дешнаш ду уьш. Царах дика кхета тхан колхозхой… КIезиг дац оха оцу хенахь (тIом болабелчахьана) фронтан дуьхьа динарг… ХIинца оха сацам бина тхайн сийлахьчу махкахойн дуьхьа 20 гектар лаьтта тIехь Iов а, хьаьжкIаш а дIаен. Иза планал совнаха дIаюьйр ю, ЦIечу Эскаран фондана. Гвардейски гектараш тIера чуерзийна Iов а, хьаьжкIаш а тылан а, фронтан а хедар йоцу зIе хилла дIахIуттийла».
Куразов ТIатIалин Хьамид РККА кхайкхинера 1940-чу шарахь. Цо чекхъяьккхинера Москвара ЦIечу Байракхан артиллерин училище. И чекхъяьккхича лейтенантан чин деллера цунна. ТIеман хьалхарчу дийнахь дуьйна тIамехь ву иза. Цо тIемаш бира Прибалтикан I-чу а, цул тIаьхьа Украинин I-чу а фронташна юкъахь.
Куразов ГIанис дакъалаьцна Москва фашистех ларъеш, Киев, Малхбузе, Украина, Белорусси паргIатйоккхуш. ТIом чекхбаьккхина Берлинехь. ТIеман ЦIечу Байракхан орден дуьххьара Хьамидна елира 1942-чу шарахь, цуьнан разведтоба немцойн эскарша бина гуо а хадош, йоккха топ (гаубица) а, девизионан байракх а Iалашъеш, гуонна юккъера араяларна.
Цунна иштта совгIаташ дина ЦIечу Седанан а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман кхаа а орденца, 20 мидалца, 30 баркаллин кехатца. Кхечу нохчийн санна, цуьнан а ирс хилира Берлинерчу Рейхстаган пена тIехь шен цIе язъян, 1945-чу шеран хIутосург (май) беттан юьххьехь Хь.Куразов Берлинехь вара.
ХIутосург беттан 8-чу буьйсанна, цIеххьана гIаттийна, церан дивизи, марш-бросок еш, Праге яхара. Прага паргIатъяккхарна баркалла олуш, оцу гIалин бахархоша советийн эпсаршнапаргIатдахархошна чехийн полковникийн духарш тийгира. Царах цхьаъ Нохчийчуьрчу тIемалочунна Куразов Хьамидана а кхечира. ТIом чекхболуш подполковник вара Хь.Куразов.
Сийлахь-боккха Даймехкан тIом чекхбаьлча Куразов Хьамид гIуллакхдан Хонкаран дозане хьажийра, цигара – Сахалин гIайри тIе. Эскарера паргIатваьккхира 1953-чу шарахь, тIеман пенси а ца хIоттош, шена луъучохь Iан (шен дай баьхна мохк боцучохь) бакъо а луш (Хьамид тIом балале хьалха Москвана йистехь Iаш хилла, оьрси ялийна вара). Иза шен гергара нах болчу Казахстане дIавахара.
Маьршачу дахарехь цунна пайден карийра адамашца болх барехь IаIийна зеделларг а, эпсаран вовшахтохараллин похIма а. Оцу шерашкахь Хьамида «Октябрехьлерчу революцин 17 шо» колхозан председателан а, «Индустриальни» совхозан директоран а белхаш бира. И совхоз йиллинера Къилбаседа Казахстанан йист йоцчу, паначу аренашкахь.
Цигахь болх бан богIура таIзарш дина немцой а, Балтйистерчу халкъийн векалш а. Ши шо даьллачул тIаьхьа КуразовгIеран доьзал цигара дIабоьдучу хенахь, совхозехь керла дина цIенош а, клуб а, пурни (пекарня) а, берийн бешан-яслин ши гIат долу гIишло а, йоккха элеватор а яра. Байн латтанаш (целина) карадерзорна Куразов Хьамидна ВДНХ-н мидалца совгIат дира. Цул тIаьхьа иза шен дай баьхначу махка цIа веара. Винчу юьртахь бан болх бацара. ТIаккха иза Ведана хьажийра. Цигахь цо МТС-н директоран даржехь болх бира. Оцу хенахь МТС-н кертахь цхьа барак яра.
Ткъа 1962-чу шарахь, шен доьзалца цхьаьна иза Гуьмсе схьакхелхачу хенахь, оцу кертахь лаьтташ дара белхахошна а, церан доьзалшна а дина цIенош, электростанци, биргIанашца далийна хи, МТС-н кертах цхьа дакъа белхахошна дIасадекънера, гIоьналлин бахам лелабайта.
Цкъа, Веданахь болх беш волчу хенахь, Куразов Хьамиде бехк баьккхина хиллера, министерствон омранца билгалъяьхна хенаш гал а лерина, ялташ дIадеран хенаш тIаьхьататтарна. Шега бехкбаккхар забарехьа дерзош, цо аьлла хиллера. – Ас-м тIом болчу хенахь Сталина дина хилла эскарехь гIуллакхдеш болу нохчий бохоран хьокъехь долу омра а кхочуш ца дира, ткъа хIара-м министерство бен яцара, – аьлла. Оццу Веданахь кхин цхьа хIума а хилла.
1960-чу шарахь партсобранехь дийцаре дан юкъадиллина хилла Нохчийчохь гIуллакхдеш хилла деккъа цхьаъ бен доцу маьждиг дIакъовларан хьокъехь долу гIуллакх. Амма иза дIа ца къовлуш дисира хIетахь Куразов Хьамида дина гIуллакхаш бахьана долуш. Билгалдаккха деза оцу хенахь Хь.Куразов чIирхошна юкъахь маслаIат даран комисси юкъахь хилла хилар а, чIирхошна юкъахь барт, маслаIат хилийтарехь цо доггаха къахьегна хилар а.
Шен хинйолу хIусамнана Мария Хьамидна евзира Москвана юххерчу Загорск гIалахь. ХIара тIеман училищен курсант вара, иза махлелоран техникум чекхъяьккхина яра. ТIом болчу хенахь Мария болх беш а, шен доьзал – нана, да, жимахйолу йиша а, ваша а кхобуш а яра, партизанийн отрядийн тептарш тIехь а яра. Цо окопаш а яьхна, дечиг кечдарехь дакъа а лаьцна.
«Москва ларъярна» мидалца совгIат а дина цунна. Нохчий бохийна, махках баьхний хиъча, цо шен марзахошна Алма-Ата посылкаш кхехьийтина чохь чай долуш. Чай кхачанан суртаташца а, бедаршца а хийца аьтто хилла. Иштта посылкаш кхехьийтар цу хенахь чIогIа кхераме хилла. ХIунда аьлча, иза бехке ян тарлуш хилла «Даймехкан ямартхошца» зIенаш латторна. Хьамидан а, Мариян а йоккхах йолу йоI Светлана Сахалинехь дуьнен чу яьлла. Цо лоьран говзалла караерзийна. Соьлжа-ГIалахь болх беш ю.
Хьамидан жимах волу ваша Куразов ГIани, тIеман училище чекхъяьккхинчул тIаьхьа, ша дукха къона хиллехь а, фронте вахана. ТIех майра тIом беш а, мостагIчух дера леташ а хилла.
1941-чу шеран асаран (июнь) баттахь еза чов хилла цунна. Госпиталехь дарбанаш лелийначул тIаьхьа, юха а тIаме вахана. Цо дакъалаьцна Малхбузе Украина, Белорусси фашистех паргIатйоккхуш. Капитанан чине кхаьчна хилла иза. Амма тIамехь ларвалар цуьнан амалехь ца хилла. Юха а еза чов йинчул тIаьхьа, кхоччуш дарбанаш леладайта Соьлжа-ГIала хьажийна хилла ГIани. Кхузахь хаьа цунна нохчий а, гIалгIай а махках баьхна хилар.
1960-чу шарахь бен шен дай баьхначу Даймахка цIа ца вирзира ГIани. Иза оьзда, хаза, куьцехь, самукъане, комаьрша стаг вара. Цунна массарал а чIогIа везара шен воккхах волу ваша – Хьамид. Сохьташкахь вовшашца къамелаш деш, самукъадоккхуш, воьлуш, хилларш-лелларш дуьйцуш Iара и шиъ.
Подполковник Куразов Хьамид а, цуьнан ваша капитан ГIани а вайн сийлахьчу Даймехкан сий, цIе ларъеш, шайгара майралла а, стогалла а, доьналла а гойтуш чекхваьлла хIокху дуьненахь уггаре а къиза а, буьрса а хиллачу тIеман некъашкахула. ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа хьанал къахьегна мехкан а, халкъан а дуьхьа.
Халахеташ делахь а, тахана вайца вац и шиъ. ГIани 1994-чу шарахь кхелхина, Хьамид – 1995-чу шарахь. Куразов ГIанин бераш Гуьмсехь Iаш ду. ГIани а, Хьамид а ваьхначу урамна 2011-чу шеран хIутосург (май) баттахь вежарийн КуразовгIеран цIе тиллина.
В.БИБУЛАТОВ,
Нохчийчоьнан Правительствон Архивийн урхаллин Iилманан-талламан отделан коьрта говзанча-эксперт
№13, чиллин (февраль) беттан 19 де, 2019 шо