Хилаза бисина «пайда»
Йохка Iалашо а йоцуш, бакъо йоцуш баккхийчу барамашкахь наркотикаш эцарна (РФ-н УК-н 228-гIа статья, 2-гIа дакъа) М.Хедина дуьхьал долийна хилла уголовни гIуллакх къасточу хенахь, Грозненски кIоштан суьдехь билгалделира цо уьш 2018-чу шеран хьаьттан (август) баттахь Шелан кIоштахь акха кхуьуш болчу кIомалан кондарш тIера гулйина хилар.
Оццу шеран хьаьттан (август) беттан 29-чу дийнахь Хедин тIоьрмига чохь кара а йина, 187 грамм марихуана наркотик бакъонашларъяран органийн белхахоша зудчуьнгара схьаяьккхира.
Пачхьалкхан бехкевархочунна, Грозненски кIоштан прокуроран гIоьнчина Самбиев Баньяминна хетарг хьесапе ийцира суьдо.
Хеда бехке лерира цуьнгара даьллачу зуламна, юкъарчу рожан колонехь яккха 3 шой, 6 буттий хан а туьйхира. Кхиэл законан бакъоне ерзаза ю. КIоршаме талхораш дар бахьанехь…
Даржехь хиларх пайда а оьцуш, нехан хIуманаш шен дола яхарна (РФ-н УК-н 160-гIа статья, 3-гIа дакъа) бехке еш хиллачу Я.Миланин уголовни гIуллакх Теркан кIоштан прокуроран заместитела Хариков Асламбека юхадахьийтина Россин МВД-н Теркан кIоштехула йолчу отделан талламан отделе.
Талламхошна хетарехь, ша муниципальни бюджетни учрежденин куьйгалхо хиларе терра, Миланас, шен даржан хьолах пайда а оьцуш, лачкъийра шех тешийна хилла бюджетан ахча. Амма харцо чекх ца елира.
Уголовни гIуллакхан материалаш толлуш кIоштан прокуратурина гучуделира талламхочо уголовно-процессуальни законодательствон лехамаш кIоршаме талхийна хилар.
Ша аьлча, юьхьанцара таллам дIахьочу хенахь буьззинчу барамехь билгалдахаза дисинера динчу зуламан дерриге а хьелаш, ткъа иза бехкеяр догIуш дацара уголовни гIуллакхан материалашца. И талхораш бахьанехь гIуллакх суьде кхачаза дисира.
Уголовни гIуллакх кхитIе а таллар прокуратурин тергонехь ду.
Кегийрхошца цхьаьнакхетар
Хьалха-Мартан кIоштан прокуроран заместитель Дадаев Юсуп Олхазар-КIотаран администрацехь цхьаьнакхийтира меттигерчу кегийрхошца.
Таханлерчу денна Iаламат мехала гIуллакх дара цигахь дийцаре динарг – экстремизман а, терроризман а гучудийларшна профилактика яр, наркотикех пайдаэцаро луш йолу тIаьхьенаш.
Оцу гIуллакхаша бан тарлучу Iаткъамах лаьцна ма-дарра дийцира прокуратурин векала. Цо шега ладугIуш болчеран тидам тIебахийтира экстремизман а, терроризман а тобанашна юкъавахаро, бакъо йоцуш герзашца кечъеллачу цхьаьнакхетараллашкахь дакъалацаро законо билгалдинчу таIзарна, и бахьанехь хIора доьзале кхочуш болчу бохамашна.
Оцу зуламечу некъах ларбаларе кхайкхира цо кегийрхой. Цхьаьнакхетаран дакъалацархойн дерриге а хаттаршна, кхетош, жоьпаш делира хьешо, йовзийтира тешаман телефонийн номерш.
Хиллачу къамелехь кегийрхошна дуккха а девзира экстремизман а, терроризман а гучудийларша вайн дахарна деш долчу даккхийчу зуламех лаьцна.
Суьде дехар дина
Устрада-ГIалин прокуратуро бинчу талламо гайтина буоберийн а, Iуналла дан да-нана доцуш дисинчу берийн а социальни гIолацаран кхитIе болчу тешамийн хьокъехь долу законодательство гIалин верасаллин отделехь талхош хилар.
Билгалдаьлла ма-хиллара, оцу отделехь хьесапе эцна лакхахь билгалдаьхначарах долу 70 бер. Амма иза дар законо лоьхуш доллушехь, и бераш Iалашдарна, 2018- чу шеран лахьанан (ноябрь) а, гIуран (декабрь) а беттанашна дала дезаш хилла ахча верасашна дIадалаза дара.
Цуьнан барам 1,5 миллион соьмал сов бу (1 миллион 532 эзар 700 сом). И дерриге хьесапе а эцна, гIалин прокуратуро суьде искан заявлени яздира берашна дIадала дезаш дисина декхар схьадаккхар доьхуш. И гIуллакх къастор шен тергонехь латтош ду прокуратуро.
Низаман таIзарш дина
Регионан прокуроран заместитела Душин Максима Нохчийн Республикин МВД-н куьйгаллина тIедиллина зуламаш дина хиларан хьокъехь болу хаамаш тIеэцарехь, церан хьесап дарехь уьш, къасторехь хилийтина долу федеральни законодательствон талхораш дIадахар.
Зулам дина хиларан хьокъехь гражданина яздина хилла заявлени толлучу хенахь билгалдаьлла Россин МВД-н Соьлжа-ГIалахула йолчу урхаллин даржехь болчу белхахоша, уголовни-процессуальни законан лехамаш талха а беш, и хаам чоьхьарчу гIуллакхийн кхечу отделе дIахьажийна хилар. Иза деш дIа ца даьхьира дан оьшуш хилла талларан гIуллакхаш.
Цо тIедалийра заявлени яздинчунна Конституцис елла бакъонаш талхорна. Прокурора тидам тIебахийтина хиларан хьокъехь долу акт къастийна ведомствехь, иза нийса а лерина. Низаман жоьпе озийна Россин МВД-н СоьлжаГIалахула йолчу урхаллин полицин участкови уполномоченни а, оперуполномоченни а.
Зудчун ахча лачкъийра
Экономикера криминал дIаяккхарна тIехьажийна долу законодательство кхочушдар муха дIахьо толлучу хенахь Нохчийчоьнан прокуратурина гучуделира Iаламан бохам хилар бахьанехь Курчалой-Эвларчу цхьана яхархочун долахь долу цIенош дохийна хилар. Амма цуьнца доьзна еллачу сертификатах пайдаоьцийла ца хилира цуьнан законодательствос хIоттийначу хенашкахь.
ТIаьхьуо иза хиъначу ямартхоша тешнабехк бира зудчунна. Иза Iеха а йина, ахча лачкъо Iалашо йолуш, ямартхоша цуьнгара оьшуш долу документаш а, юридически маьIнин гIуллакхаш дан бакъо луш долу тоьшалла а даьккхира. Царах пайда а оьцуш, зудчунна догIуш долу 2 миллион соьмал сов долу ахча лачкъийра.
Цуьнца доьзна регионан прокуратуро кху шеран кхолламан (январь) баттахь талламан материалаш, РФ-н УПК-н 37-чу статьян 2-чу декъан 2-чу пунктаца нийса а догIуш, юьхьанцара таллам баран органе яхьийтира бехке болчарна дуьхьал уголовни гIуллакх долоран хьокъехь дерг къастадайта.
Цигахь РФ-н УК-н 159-чу статьян 4-чу декъана (къаьсттина баккхийчу барамашкахь ямартло лелор) тIедоьгIна уголовни гIуллакх долийна. ГIуллакх таллар прокуратуро шен тергонехь дитина.
Талхораш дIадахар лехна
Гонахара Iалам лардаран хьокъехь долу законодательство кхочушдар муха вовшахтоьхна хьожучу хенахь Грозненски кIоштан прокуратуро тидам тIебахийтира Шинасуьйра-юкъ юьртана уллехь дахаран а, гIишлошъяран а даххаш гулделла хиларна.
Оццу хенахь меттигехь шаьш урхалла даран органо даххаш а, нехаш а гулъярна, уьш дIаяхийтар вовшахтохарна тIехьажийна дина хьокъала доллу гIуллакхаш дацара. Цуьнца доьзна прокуратуро кIоштан администрацин даржехь волчу жоьпаллин белхахочунна дуьхьал административни бакъонаш талхоран хьокъехь гIуллакх долийна РФ-н КоАП-н 8,2 статьяца нийса а догIуш (производствон даххашца гIуллакх дарехь санитарни-эпидемиологин лехамаш кхочушцабар).
КIоштан администрацин куьйгалхочунна тIедиллина гучудаьхна кхачамбацарш дIадахарна тIехьажийна билггал гIуллакхаш дар.
Лехамаш бицбина
ХIокху шеран кхолламан (январь) баттахь Хьалха-Мартан кIоштан прокуратуро теллира цхьадолчу юридически адамаша товарашна, белхашна, хьашташна закупкаш яран хьокъехь долу законодательство пачхьалкхан унитарни некъех пайдаэцаран Хьалха-Мартан предприятехь (ГУДЭП) муха кхочушдо. Талламхоша тидам тIебахийтира и гIуллакх шуьйра довзийтарна тIехьажийна цигахь деш хIума цахиларна.
Ша аьлча, эцначу товарийн, белхийн, хьаштийн дукхаллех, юкъарчу мехах лаьцна заказчико бинчу бартех болу 2018-чу шеран асаран (июнь) беттан а, мангалан (июль) беттан а хаамаш, уьш бовзийтаран хенаш талха а еш, гайтинера предприятин www.zakupki.gov.ru сайта тIехь.
Иза хьесапе а эцна, кIоштан прокурора Керимов Зелимхас даржехь волчу Кочелигов Iимранна дуьхьал, РФ-н КоАП-н 7.32.3 статьян 4-чу декъана тIе а доьгIна, административни бакъонаш талхоран хьокъехь ши гIуллакх долийра.
Ткъа ГУДЭП-н директорна тIедожийра билгалдаьхна талхораш дIадахар. И гIуллакх кIоштан прокуратурин тергонехь ду.
Бакъо елла
Роспотребнадзоран меттигерчу урхалло регионан прокуратуре заявлени яздира, хьалха хIиттош болу лехамаш талха а беш, кхачанан сурсаташ арахоьцуш йолчу бахамаллин субъектана, цига дIа а дахана, планаца богIуш боцу таллам байтар доьхуш.
Хьалха хIиттийна материалаш теллинчул тIаьхьа республикин Прокуроран заместитела Степанов Вадима кху шеран кхолламан (январь) беттан 31-чу дийнахь бакъо елира планаца богIуш боцу таллам бан.
Цуьнца цхьаьна и гIуллакх дIадахьар тергоне эцна, талламан жамIашкахула хIоттийна акт регионан прокуратуре дала дезар ду бинчу талламан дикаллин мах хадабайтархьама.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№13, чиллин (февраль) беттан 19 де, 2019 шо