Азаев Хьамидан 70 шо кхачар билгалдаьккхира

Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман драмин театрехь юбилейни суьйре хилира Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъволчу артистан а, Нохчийн Республикин халкъан артистан Азаев Хьамидан 70 шо кхачарна лерина.

Азаев Хьамид нохчийн халкъана везавелла артист ву 1973-чу шарахь дуьйна. ХIетахь дара Хьамидан театран сцени тIехь уггаре а боккха кхиам хилча. У.Шекспиран «Отелло» трагедин Отеллон роль ловзийра цо.

Театран а, кинон а хьаьрмашкахь къахьоьгуш шен кхоллараллин дахаран 40 шарахь цо ловзийна бIе сов роль.

Юбилейни суьйренехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIир, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Ахмадов Шаид, республикин культурин, дешаран, Iилманан, искусствон, интеллигенцин векалш, бевзаш болу яздархой, ткъа иштта, Хьамидан кхолларалла дукхаезаш болу нах.

Суьйре Хь.Азаевн кхоллараллин а, дахаран а некъах лаьцна видеоролик гайтарца йолийра.

Израйилов IабдулкъахIира дIадийшира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар.

Юбилярана ахчанан совгIат а дира А-Хь.Кадыровн цIарахчу гIоьналлин фондера.

З.ХИЗИРОВА
№13, чиллин (февраль) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: