Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориалан комплексехь Россин Суртдиллархойн союзан декъашхочун, Москван Дизайнерийн кхоллараллин союзан декъашхочун, Россин Федерацин дешаран хьакъволчу белхахочун Николаенко Иванан суьртийн «Гармония» гайтам хилира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министерствон Вовшахтохараллин белхан департаментан директор Исаков ИбрахIим а, Нохчийн Республикин халкъан суртдиллархо, Дагестан Республикин хьакъволу суртдиллархо Асуханов Аманди а, Россин хьакъволу суртдиллархо, Къилбаседа ХIирийчоьнан халкъан суртдиллархо Дзбоев Михаил а, Къилбаседа ХIирийчоьнан культурин хьакъйолу говзанча, искусствоталлархо Остаева Татьяна а.
– Россин а, Европин масех пачхьалкхан а музейшкахь шен суьрташ а долуш, Нохчийн Республикин хьакъволчу суртдиллархочун, СССР-н Суртдиллархойн союзан декъашхочун, ЮНЕСКО-н гайтаман искусствон Дуьненаюкъарчу ассоциацин декъашхочун Заураев Вахитин хьехархо хилла ву Николаенко Иван. И санна дуккха а гIарабевлла художникаш а кхиийна цо. Тахана а ву иза искусство хьоьхуш болх беш. Тхуна доккха дозалла ду И.Николаенкон суьртийн гайтам Нохчийчохь дIабахьар. Тешна ду нохчаша а, шун махка богIучу туристаша а цуьнан кхоллараллин лаккхара мах хадориг хиларх, – элира Къилбаседа ХIирийчоьнан культурин хьакъйолчу говзанчас, искусствоталлархочо Остаева Татьянас.
Натюрмортан, живописан, графикин жанрашкахь диллина 78 сурт ду гайтаме диллинарг. Къаьсттина Iаламан суьрташ дукха ду цуьнан.
– Россин дукхахболчу суртдиллархоша шайн суьртийн гайтамаш дIабаьхьна Нохчийн музейшкахь. ХIораннан а суьрташ шайх дика ойла юьтуш, хьежарх кIордор доцуш, говза дехкина дара. Иштта, Николаенко Иванан хIора сурт а ду доггаха диллина. Кхуьуш болчу нохчийн къоначу художникашна гайтаман искусствехула дуккха а керланиг девзар ду аьлла хета суна цуьнан белхашкахь, – элира Нохчийн Республикин культурин министерствон Вовшахтохараллин белхан департаментан директора Исаков ИбрахIима.
Нохчийн Республикин гайтаман искусство кхиорехь доккха дакъалацарна республикин Культурин министерствон Сийлаллин грамота елира цо Николаенко Иванна.
ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрта тIехь: гайтаман дакъалацархой
№13, чиллин (февраль) беттан 19 де, 2019 шо