Говза поэт вара

ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь наггахь а иллиалархо вацара вайн махкахь Нинциев Iумар-Пашин дешнаш тIехь даьккхина илли шен репертуарехь доцуш. Кхета атта, ладогIа аьхна, цIеначу нохчийн маттахь яздина дара и иллеш, шуьйра ойланаш шайна чулоцуш дара.

Цхьа шатайпанчу башхаллица къаьсташ, лерса хьоьсту зевналла шайца йолуш, дахаран аьзнех дуьзна хуьлура цо дешнаш яздина иллеш. Цара Даймохк беза Iамавора, дог-ойла тIомайоккхура, дахаре безам чIагIбора, нохчийн къоман сирлачу кханенах тешавора. Къаьсттина шен хатI долуш, массо а могIанера нохчийн къоман хIо детталуш яра поэтан кхолларалла.

Iумар-Пашин иллеш Мусхабов ИсмаьIалан, Ульбиев Хизиран, Кагерманова Раисин, Абуева Хадижатан, Зубайраев Iуспин, иштта, дуккха а кхечу иллиалархойн репертуарехь дара. Тахана а, самукъадолу къоначу артисташа уьш олуш хезча.

Нинциев Iумар-Паша вина 1934-чу шеран чиллин (февраль) беттан 18-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь.

1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша нохчийн къам махках даккхаран эрчо гина, лайна вара поэт. Амма хийрачу махкахь вайнахана тIехIиттина хиллачу халонаша амал каг ца йинера цуьнан.

Бакъволчу нохчичун амалехь хьалакхуьуш волчу кIентан синъондалла хьаша ницкъ ца кхечира Iедалан векалийн. 13 шо дай баьхначу лаьттах хьоьгуш, хийрачу махкахь даьккхина 1957-чу шарахь Соьлжа-ГIала цIавирзира поэт. Тайп-тайпана белхаш бира Нинциев Iумар-Пашас. Куьйгаговзалла яра цуьнгахь.

Делахь а, поэзица долу гергарло дIатосуш вацара иза. Йоккха лар йитина цо нохчийн къоман литературехь а, халкъан музыкальни культурехь а. Зорбане яьлла байтийн шиъ гулар ю цуьнан. ХIокху деношкахь 85 шо кхочур дара похIмечу поэтан. Амма, дахарехь цо Iийшинчу баланаша, хуьйдинчу эшамаша могашалла галъяьккхина вара иза.

Хилла цатемаш, цкъа а ца духучу доьналлица цо шегахь сецабахь а, кхолларалла езачарна гуш дара иза могаш цахилар. Цунна болчу таманна, 2009-чу шеран бIаьстенан юьххьехь Нохчийн Республикин Культурин министерствос Нинциев Iумар-Пашин 75 шо кхачаран юбилей билгалъяьккхира. Дукха адам дара оцу цхьаьнакхетаре гулделла. Дуккха а довха дешнаш элира гулбеллачара цунах лаьцна.

Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, 2009-чу шеран бекарг (март) беттан 30-чу дийнахь, шийла кхаъ баьржира вайн махкахула, поэт дIаваларан хьокъехь. Хьаналчу къинхьегамца, беркате серло яржош, Нинциев Iумар-Пашас гездина некъаш чекхдевлира. Шен дай схьабевллачу Девкар-Эвлахь дIавоьллина иза.

Делахь а, вайца даха дисина цуьнан дешнаш тIехь даьхна башха иллеш. Халкъалахь уьш мел деха, вайца хир ю поэтан цIе.

А.ГАЗИЕВА
№13, чиллин (февраль) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: