Нохчийн Республикин Дешар кхиоран институтан директоро Арсанукаев 1абдуллас кечдинар. Мехала цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин къоман библиотекехь. Цуьнан къоман-мохкбовзаран зала чохь гулбеллера бевзаш болу Iилманчаш, яздархой, поэташ, хьехархой, доцца аьлча, поэта Саиев Iумара билгал ма-даккхара: «Нохчийн къоман интеллигенцин тIум кхузахь гулъяларо а гойту Арсанукаев Iабдуллин жайна оьшуш а, девзаш а хилар». Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера Султанова Хьулимат коьртехь йолчу Дешаран а, Iилманан а министерствон инновацин а, къоман а дешаран политикин отделан куьйгалхо.
И башха гIуллакх дIахьочу халкъан яздархочо Ахмадов Мусас дагадаийтира: -Вайн къоналлин шерашкахь А.П.Чеховн цIарахчу библиотекехь кест-кеста хуьлура яздархойн кхоллараллин суьйренаш. И ламаст вайн керлачу библиотекехь карладаккхар, дика дIадолор ду аьлла, хета суна. Тахана гулдалар а мехала гIуллакх ду – литературни критикан Арсанукаев Iабдуллин «Нохчийн яздархой» киншкинхьалхара том араяларна лерина. Биобиблиографин бакъонашца, бан ма-беззара, доггаха бина болх бу хIара. Ша дуьйцучу яздархочух лаьцна болу хаамаш билгалбаьхна, уьш мичахь карор бу къастийна. Дешархошна, хьехархошна, студенташна, нохчийн яздархой бовза луучунна пайдаэца Iаламат мехала болх бу Iабдуллас бина болх. Цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначу Iилманчаша: Багаев Мусас, Туркаев Хьасана, Акаев ВахIида, Джамбеков ШаIранис, Мунаев ИсмаьIала, литературни критикаша: Бурчаев Хьалима, Гайтукаев Казбека, яздархоша Исмаилов Абус, Цуруев Шарипа, Ахматукаев Адама, Кусаев Iадиза, Сумбулатов Денис, хьехархоша: Махмаев Жамалдис, Навразова Хьавас, иштта кхечара а «Нохчийн яздархой» киншка араяларца Арсанукаев Iабдулла декъалвеш, билгалдаьккхира, оцу башхачу хиламца нохчийн халкъ декъалдан таро хилар.
ТIе тидам бохуьйтуш бара «Chechnya Today» агентствон директоран заместитела Тимаев Яхьяс бина таллам: «Хууш ма-хиллара, вайна лаахь а, ца лаахь а вай дехаш долу зама Интернетан зама ю. Iилманца болх беш берш а, кегийрхой, хIетте а, цуьнца «бехаш» бу. 2012-чу шарахь, «Нохчийн яздархой» киншка зорбане яларца, цуьнан электронни вариант, авторо бакъо яларца, оха «Чеченская Республика сегодня» цIе йолчу сайта тIе даьккхинера. Тахана иза евзаш а, цуьнан чулацамах пайдаоьцуш а вайн республикехь хьовха, Россехь а, СНГ-н пачхьалкхашкахь а, Европехь а, Iамаркехь а нах хиларо иза оьшуш хилар гойту. Масала, эхашарахь 38 эзар сов стаг ваьлла сайтан «Нохчийн литература» декъа тIе. Царах 4 эзар, 4 бIе стагана маьIне хетта Авторханов Iабдурахьманах болу хаамаш. Проценташца юьстича, Россехь – 41, Европин пачхьалкхашкахь – 43, СНГ-хь – 4,5 Къилбаседа Iамаркехь а 1 процент сов ву сайта тIе ваьлларг». Цхьаьнакхетарехь дакъалецира эшаршлакхархочо, Iалхан-ГIалин №2 йолчу юккъерчу школин нохчийн меттан хьехархочо Кудаева Мадинас. Шен «Нохчийчоь, хьан лаьмнийн йоI ю со» а, кхин масех а йиш лекхира цо.
Дерзоран дашехь Арсанукаев Iабдуллас доккха баркалла элира, шайн хан ца кхоош, кхуза баьхкинчарна а, хIара гIуллакх диначарна а: «Дагалацарехь хIара цхьа боккха болх хилийта ойла яра сан. Оцу белхан хьалхара дакъа ду чекхдаьлларг. Цу тIехь берш вайн литературин хьалхарчу чкъурах берш бен бац. 2-гIа а, 3-гIа а том хIинцалерачу яздархойх лаьцна дуьйцуш хир ю, Дала мукъ лахь. Бакъду шун гIо оьшур ду суна оцу балха тIехь, шайх болу хаамаш ийза а ца луш, ма-дарра яздай, схьалахьара аш», – дийхира Iабдуллас.
«Нохчийн яздархой» тахана Арсанукаев Iабдулла автор волу жайна хиларх, кхана иза нохчийн яздархойн дахаран а, кхоллараллин а историн бух хирг хиларх цхьа а шеко яц.
Т.САРАЛИЕВА