1904-чу шарахь эвлаяа Арсанов Дени-Шайха (Дала къайле тойойла цуьнан) ша вехачу кертахь хьуьжар схьайиллинера. Нахана цунах доккха беркат даьллера. Юьхьанца цуьнан доьзалша а, гергарчара а, лулахоша а дийшира цигахь. Хьуьжар юйла хиъча, генара нах богIура цига деша. Цхьана шарахь гергга бен болх ца бира оцу хьуьжара. Iедало хьуьжар дIакъовлийтар бахьана долуш, дуккха а шерашкахь болх сецна лаьттира, амма дикачу гIуллакхан беркат довш дац.
2011-чу шарахь оццу кертахь Арсанов Дени-Шайхан цIарах меттанийн школа схьайиллина Арсанов Дени-Шайхан кIентакIентан кIанта ИбрахIима. Соьлжа-ГIалахь П.Лулумбан цIарахчу урамехь №12 йолчу цIа чохь ю иза.
Iаьрбийн мотт Iаморал сов, ингалсан, испанхойн, франкойн, немцойн меттанаш Iамадо. «Таджвидца» Къуръан дешаран бакъенаш а, Iаьрбийн мотт а Iамо богIурш алссам бу. Цигахь къонанаш хилла ца Iаш, баккхий нах бу доьшуш. Масала, «Таджвид» хьоьхуш йолчу хьехархочун Вагапова Меднин тобанехь доьшуш 70 шаре бевлларш а нисло. «Ас-м воккха (йоккха) хилча Iамор дара, со-м кхуьур вара (яра) бохуш берш нисло кегийрхошлахь. Царна хета хир ду дахар деха ду… Хан сиха дIайоьду. Цундела, кханене дIатетта мегар дац. Ас хьоьхучаьрца цхьаьна доьшуш болу къаьсттина баккхий нах Iаьрбийн мотт Iаморна тIера хуьлу. Дикахета баккхийчу нахана юкъахь а, шаьш баккхий бара аьлла ца Iаш, Къуръан Iамо лууш берш хилча», – дуьйцу М.Вагаповас.
«Таджвидца» Къуръан Iаморан тобанерчу дешархойн 6 баттахь деша деза. Дешар чекхдаьллачул тIаьхьа 3 экзамен дIаяла еза церан: 2 йозанан а, цхьаъ барта экзамен а.
Хьалхарчу экзаменехь (барта) Къуръан доьшу, шолгIачу экзаменехь (йозанан) Къуръанан аяташ нийсаяздаран бакъенаш ларъян еза, ткъа кхоалгIачу экзаменехь Ислам динан коьрта арканаш хаа еза. Экзаменашна «4»-ннаш, «5»-ннаш даьхначунна сертификат ло.
«Таджвидца» Къуръан Iамош йолу тоба йоцург, тайп-тайпана меттанаш Iамош масех тоба ю школехь. 6 бутт чекх мосазза болу керла тоба вовшахтуху.
Воккха а, жима а цхьа а башхалла йоцуш, Къуръан деша Iама луучеран деша хIитта йиш ю меттанийн школе.
Олуш ду-кх: «Хьайна хууш цхьа аят бен дацахь а, иза нахана дIахьеха. Хьайна хууш цхьа хьадис бен дацахь а, иза нахана дIахьеха». Арсанов Дени-Шайхан цIарахчу меттанийн школин дешархошна юкъахь дуккха а бу шаьш дешна бевлча кхечарна Iаьрбийн мотт хьеха лаам берш.
Меттанийн школехь Iаьрбийн мотт хьоьхуш Iаьрбийн филологин доктор Салгириев Асланбек ву. Иорданин пачхьалкхан институт чекхъяьккхина ву иза.
«Къуръанан хIора элп доьшучунна 10 ял хир ю аьлла Дала. ТIаккха Къуръанан цхьа сура дешча дуккха а дика гIуллакхаш дича санна ял хуьлуш хилча, цул деза хIун хир ду?!», – дуьйцу хьехархочо М.Вагаповас.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт