Вайн республикехь кхуьуш ду шина тайпана наж. Дукха хьолахь, шина а тайпана наж Нохчийчоьнан лаьмнашкахь а, лаьмнийн кIажошкахь а ган тарло.
Цу шиннен а (чкъор) ковстиг дарбане ю. Къоначу ножа тIера яккха езаш ю ковст. Мелла а чолхе гIуллакх ду иза.
Ножан гIодана а, стоммачу гаьнна а уьрсаца (Iуьттуш) ходунаш дан деза, вовшашна 20–30 сантиметр генахь. ТIаккха, гIодана зен ца дан а хьожуш, ходунаш динчухула ковст гIодах схьакъасто еза.
Иштта схьаяьккхина йолу ковст якъайо мох кхеташ йолчу чохь (рагIу кIелахь). Ножан ковстигах (цунах, хи тIе доттарца, даьккхинчу муттанах) пайдаоьцу бага, легашка кхорзуш.
Иза бага кхорзу стоматит, фарингит, гингивит, и.дI.кх. цамгарш хилча. Когашна хьацар дуьйлучарна а дика ду ножан ковстигах даьккхина мутт.
Нохчийн дарбанчаша цунах пайдаэцна зорхин-чуьйрийн трактах цIий долуш хилча, доIаха, Iонжар лозучарна дарбанаш лелош. Ковст дика ю (цуьнан мутт) энтероколит цамгар йолчарна, ахкаргаш шелделлачарна.
Къаьсттина дарбане лерина иза доьлаш лозуш болчарна а, легаш лозуш болчарна а, ткъа иштта, энаш (ревматизм) долчарна а.
З.МАДАЕВА
№13, чиллин (февраль) беттан 19 де, 2019 шо