МогашаллаIалашъяран декъера керланаш

Онкодиспансерехь «Йиллинчу неIарийн де» хилира

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон пресс-службо бинчу хаамца республикин Онкологин службин белхан коьртачу Iалашонех цхьаъ ю – онкологин лазар юьхьанцарчу тIегIанехь гучудаккхар. Вайн республикехь кхочушъян йолийна ю масех проектах лаьтташ йолу йоккха программа. Царна юкъахь коьрта ларалуш ю «Онкопатруль» проект.

Республикин онкодиспансеран говзанчаша, хIора кIиранах республикин кIошташка боьлхий, цигарчу бахархошна онкологи ю-яц хьожуш, талламаш бо.

ХIокху беттан 10-чу дийнахь республикин Онкологин диспансерехь Йиллинчу неIарийн де хилира. Бахархошна урологин декъехула хуьлу онкологин цамгарш гучуяхархьама дIадаьхьна дара и.

Оцу дийнахь 4–5 сохьтехь республикин бахархошна онкологин-урологин консультаци а, рак хилар толлуш онкомаркеран анализ а ян аьтто хилира лоьрийн. Шайн могашалла талла йиш хилира 50 сов стеган. Царна юкъахь онкологин цамгар хиларна шеко йолу 7 стаг билгалвелира лоьрашна.

МогашаллаIалашъяран гIишлош тоян а, керланаш тIеян а ахча хир ду федеральни бюджетера

Пачхьалкхан «МогашаллаIалашъяр кхиор» программин гурашкахь Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран гIишлош кхузаманан лехамашца йогIуш тоян а, керла гIишлош ян а федеральни бюджетера 1 миллиард 117 миллион, 301 эзар сом кхочур ду Нохчийн Республике. Иштта хаам бина Россин Федерацин Правительствон официальни сайтехь. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а прессслужбо хаам ма-барра, федеральни бюджетера ахча могашаллаIалашъяран пачхьалкхан а, муниципальни а объекташ тояйтарна тIехьажор долуш ду.

Масала, хIокху 2019-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу Е.П.Глинкин цIарах йолу республикин берийн клиникин больницин берийн инфекционни 100 меттигана лерина корпус яйтарна къастор ду 337 миллион 500 эзар сом, ткъа 2020-чу шарахь кхин а 233 миллион, 749 эзар сом лур долуш а ду. Инфекционни корпусан гIишло 2020-чу шарахь йина яла езаш ю.

Иштта, Соьлжа-ГIаларчу I.Митаевн цIарахчу урамехь йолу гIалин №1 йолу клиникин больница меттахIотто а, цуьнан 3-гIа корпус ян а 2019-чу шарахь къастор ду 231 миллион 80 эзар сом, 2020-чу шарахь кхин а 115 миллион а 425 эзар сом тIелур а долуш. Инфекционни корпус санна, Соьлжа-ГIалара №1 йолу клиникин больница а, цуьнан керла корпус а тоян а, керла ян йолийнарг чекхъяккха а лерина ду 2020-чу шарахь.

Федеральни бюджетера лучу субсидех дуьсуш дерг 99 миллион 547 эзар сом ду.

Россин Федерацин могашаллаIалашъяр кхиоран Iалашонца, шира гIишлош меттахIитто а, оьшучохь керланаш ян а 53 объектана 2019–2021-чуй шерашкахь харж ян къастийнарг 70,71 миллиард сом ду.

ВИЧ-инфекцица къийсам латторехь кхиамаш бу

Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министра Скворцова Вероникас чIагIдарехь, Росси ВИЧинфекцица къийсам латторан ООН-н программа кхочушъярехь массарел хьалха хила тарлуш ю.

Цхьайолчу хьалдолчу пачхьалкхийн куьйгалхоша шаьш иттех шарахь эшийна дIайоккхур ю бохуш а дуьйцу ВИЧинфекцин эпидеми.

Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министра шега маца эшор ю ВИЧ-инфекцин эпидеми аьлла, динчу хаттарна жоп луш, хьахийнарг ООН-н программа яра. Иза кхочушъяран коьртачу Iалашонех цхьаъ ВИЧ-инфекцица къийсам латтор ю.

«Оцу программах «90–90–90» олу. Росси оцу декъехула дика кхиамаш бохуш схьайогIуш ю. Росси тоьллачарна юкъахь хьалхара хир ю аьлла тешна а ду вай», – билгалдаьккхира В.Скворцовас.

З.ЦЕНТОРОЕВА
№13, чиллин (февраль) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: