Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь хIокху беттан 12-чу дийнахь Исаева Марем дагалоцуш кхоллараллин суьйре дIаяьхьира. Иза вовшахтоьхнера библиотеко а, республикин Яздархойн союзо а.

Суьйренехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, литературин критик Бурчаев Хьаьлим, Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо Вагапова Асет, къона яздархой, М.Исаеван кхолларалла евзарш, езарш.
Суьйре дIайолош жима видиокийсак гайтира Исаева Мареман дахарх а, кхоллараллах а лаьцна.
М.Исаева дуьнен чу яьлла 1898-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 20-чу дийнахь Одессехь халкъан хьехархочун Хакишев Солтин доьзалехь. Хакишев Солтас шен дерриге а дахар хьехаран Iилманна дIаделла. Иза лаккхара дешар дешна, хьекъале стаг хилла. XX-гIа бIешо долалуш Лаха-Неврехь дуьххьарлера оьрсийн школа схьайиллина цо, керла дешаран кепаш юкъа а ялош. Цуьнан гIоьнча а, школин комендант а хилла Айсханов Кати, хинболчу нохчийн яздархойн АйсхановгIеран Шамсуддин а, Салманан а, медицинин Iилманийн докторан, Нохчийн Республикин Iилманийн академин баккъал а волчу декъашхочун Айсханов Султанан да.
Исаева Марема дешна Одессерчу №2 йолчу гимназехь а, Соьлжа-ГIаларчу зударийн гимназехь а. Цигахь дешна яьллачул тIаьхьа, шен дерриге а дахар нохчийн халкъан дешарна дIадала Iалашо а хIоттийна, ден Солтин лорах яхана Марем. Цкъа хьалха, Хакишев Солта директор волчу, Лаха-Неврерчу школехь оьрсийн меттан, литературин хьехархочун болх бина. Цуьнан дешархошна юкъахь хилла бевзаш болу Iилманчаш, яздархой. Масала, I.Авторханов, Ш.Айсханов.
1920-чу шарахь Нохчийчоьнан халкъан дешаран отделан школал хьалха долчу дешаран декъан куьйгалхо хIоттайо иза. Граждански тIом болчу хенахь цIечу партизанийн байлахь дисинчу берийн Iуналла деш, уьш берийн цIеношка дIасадоькъуш, царна оьшуш болу дешаран а, хьехаран а гIирсаш кечбеш къахьоьгу цо. Оццу хенахь цо берашна лерина дукха туьйранаш, стихотворенеш, эшарш язйина. ХIетахь чIогIа мехала хилла уьш кхетошкхиорхойн балхана.
Исаева Мареман цIе Нохчийчохь евзина ца Iаш, цуьнан дозанал арахьа а евзина. Оцу хенахь Iедало йоккха терго еш хилла зударшна юкъахь дIахьочу белхан. Лаккхара жигаралла а, кхетам а болуш хиларна, 1924-чу шарахь цунна жоьпаллин дарж тIедиллина – Ростоверчу Къилбаседа Кавказан Крайкоман ВКП(б)-н зударийн отделан хьаькаман.
Цигахь болх а беш, цо доьшу Ростоверчу пачхьалкхан университетан филологин факультетехь. Соьлжа-ГIаларчу Обкомо схьайоьххушехь, схьа а ца йоуьйтуш оцу балхахь латтийна иза.
Эххар а, 1930-чу шерийн юьххьехь, М.Исаева Нохчийчу схьакхойкху. Халкъан дешар, культура кхиош, тайп-тайпанчу учрежденешкахь белхаш бо цо. Зударшна-ламанхошна лерина ешаран отеш а, дешна цахилар дIадаккхаран пункташ а схьайоьллу, цигахь ша хьеха а йолало. Цо дакъа а лоцуш, 1933-чу шарахь нохчийн школашна лерина дешаран программаш арахоьцу.
М.Исаева дика гочдархо хилла. Цо нохчийн матте яьхна оьрсийн а, украинин а литературин классикийн А.С.Пушкинан, М.Ю.Лермонтовн, И.А.Крыловн, Н.А.Некрасовн, А.П.Чеховн, С.Я.Маршакан, Т.Г.Шевченкон говзарш. Уьш ерриге а, зорба а тоьхна, школашкахь Iамош хилла.
1937–1944-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн республикин мохкталларан музейн директоран болх бо Марема. Казахстанера цIа еанчул тIаьхьа цо хаддаза болх бо исбаьхьаллин литературехь.
М.Исаева кхелхина 1977-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 17-чу дийнахь.
Видеокийсаке хьаьвсинчул тIаьхьа вистхилира Хь.Бурчаев. Цо элира: «Исаева Марем, бакъдолуш, нохчийн уггаре а цIеяхханчу а, ларамечу а зударех цхьаъ хилла. Цунна Iаламат дика евзаш хилла нохчийн а, дозанал арахьарчу кхечу къаьмнийн а литература. Лаха-Неврера дуккха а Iилманчаш, яздархой, тIеман гIуллакххой схьабевлла. Масала, I.Авторханов, МамакаевгIар Iаьрби, Эдуард, З.Джамалханов, М.Висаитов. Иза Мареман, цуьнан ден, уьш санна болчеран къинхьегаман стом бу. Уггаре а хьалха цаьрца ларам хила беза вайн. Литературехь а, хьехарехь а къахьегар дитина дац цо. Нохчийн къам махках даьккхича, вай дерриге а санна, цхьа а бакъо йоцуш хилла иза. Казахстане дIакхаьчначу хенахь а, йозанаш дуьтуш ца хилла Марема. Кхин а цхьа бехк хилла цуьнан – нана француженка хилар. ХIетахь, адам новкъара дIадаккха дагадеача атта цIе кхуллуш хилла. Iедалан белхахой сих-сиха чу а лелхаш, цуьнан кехаташ кегош хилла, стенах лаьцна язъеш ю хьоьжуш. Литературовед а, дика хьехархо а волчу Арсанукаев Iабдуллас билгалдоккхура М.Исаевас нохчийн литературехь массарел а хьалха техникин интеллигенцин васт кхоьллина хилар. «Ирсан орам» романехь фашисташна тIехь толам баккхарехь къа а хьоьгуш, тIамо бохийна берриге а мохк меттахIоттош беркате дакъалоцуш хилла нохчаша. И агIо Iаламат чIогIа шера а, къегина а гайтина М.Исаевас. Исаева Марема доккха гIуллакх дина нохчийн интеллигенци а, нохчийн йоза-дешар а кхиорехь. Иза дагалаца вай хIокху чохь цхьаьнакхетта, бакъдолуш, суна чIогIа хазахета. ХIара цхьаьнакхетар вовшахтоьхначарна Дела реза хуьлда. Юьххьехь хилларш вай бицбича, тIаьхьабогIучарна Iама а, масал эца а хIума хир дац».
К.Ибрагимовс шен къамелехь билгалдаьккхира нохчийн литературин бух биллина М.Исаева санна берш вайн бицбан йиш цахилар.
«Нагахь санна вай тахана уьш бицбахь кхана вайн литературин цIа, цхьацца тIулг охьабужуш, духур ду. Цуьнан бух цара биллина а, цара латтош а бу», – элира цо.
Юбилярах лаьцна довха дешнаш элира Вагапова Асета а. Къоначу яздархоша цуьнан «Ирсан орам» романа юкъара кийсак а йоьшуш, къоначу иллиалархочо Митаев Мохьмада дечиг-пондар тIехь иллеш а олуш дIаяьхьира суьйре.
Нохчийн къомана шен дешар, культура оьший, цуьнан са дийна латтош берг цуьнан мотт а, литература а, культура а юй хууш, хазнеха санна яхь йолуш, оьзда а йолуш, турпала нохчийн йоI хилла Исаева Марем.
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан суьрта тIехь: М.Исаева дагалоцучу кхоллараллин суьйренехь
№13, чиллин (февраль) беттан 19 де, 2019 шо