Эшна догIу вайн гIиллакхаш

Шен сица, дегIаца, еш йолчу ойланца, хьоьжучу бIаьргаца, ладегIарца Дела дагахь хилар, дений-нанний муьтIахь хилар, къоман Iадаташ лардар, Даймохк безар, доьналлехь хилар, нахана тешаме хилар, собаре хилар, хьарамхьанал къастор, воккханиг ларар, – и дерриге а нохчийн къоман амалехь а ду, Iадат а ду, нохчаллин баххаш а ду. Муьлхачу хьолехь ю-те тахана нохчалла? Муха ду-те гIиллакхаш лелор?..

ХIора къоман санна, нохчийн а ду эзарнаш шерашкахь лардеш схьадаьхкина шен Iадаташ, гIиллакхаш. Амма, цхьацца бахьанашца, заманца хийцалуш хиллера къоман синмехаллаш а, маллуш я юкъара дIадовлуш а хиллера цхьадолу гIиллакхаш. Далор вай масех масал. Дуьненахь гIарабевллачу яздархоша, политикаша хестийна вайн дайн цхьадолу гIиллакхаш: хьаша-да тIеэцар, воккханиг ларар.

Амма, тахана чIогIа гIелделла и гIиллакхаш. Новкъахь, вогIушвоьдуш дукха кегийнах бу баккхийчеран некъаш хедош, де дика ца деш. Иштта, дукха доьзалш бу шайн данана чудеъча хьала ца гIовттуш, церан сий ца деш. Бакъду, берриге а бехк кегийчеран а бац, – оцу гIиллакхашна уьш ца Iамийначу, и ледарлонаш магийначу оцу дай-нанойн а бу. Чохь ца дийцина цара оцу гIиллакхийн маьIнех, хазаллех лаьцна.

Оьзда гIиллакх ду вайн вевза-везарг, гергарниг новкъахь дуьхьал кхетча, цуьнга салам-маршалла хаттар, тIекаре яр. Шен бала буй хоуьйтуш, «даггара» хоттуш хилла саламмаршалла. Тахана, ур-атталла, баккхийчарна а ца хаьа кхоччуш тIекаре ян, хьал-де хатта. Ткъа, цхьаберш, и тIекаре ца ян, пе а тухий, дIабоьлху. Чу-каре ярца долу хьал, шо-шаре мел долу, галдолуш ду. Вай олуш ду: «Гергарло лелийча бен хуьлуш дац».

Вовшийн тIе цадахаро уьйр-марзонаш, гергарлонаш хердеш ду. Лулахо, гергарниг, хьаша-да вагIахьара аьлла, сатесна бац дукха доьзалш. Цхьаверг-м, веанарг дIа муха вогIуьйтур вара-те бохуш хуьлу. ТIаьхьарчу хенахь шайн маьхчой ца бевзаш, шичойн цIерш ца хууш дукха нохчий хаабелла суна. Ледара хьал ду иза.

Цунна а шен бахьанаш ду. Дозаллица олу вай: «Нохчашна юкъахь элий хилла бац».

Амма, тахана го вайна, хьарам-хьанал а доцуш, дукха хьал-бахам а гулбина, кураллица дозаллаш деш, нахана тIехула хьоьжуш, даккхий къамелаш деш, шаьш элий хеташ болу цхьа нах. Мел доьхнарг шайгара даьлча а, и мага деза моьттуш а хуьлу уьш. Шайгара вер-ваккхар доьжча а мега царна.

Ткъа халахетарг кхин ду: ишттачу нехан куьг лаца гIерташ, мара лелхаш, хьесталуш, цаьрца гергарло таса гIерташ хуьлу цхьаберш. Нагахь, и велча: «Цул дика стаг ван а вацара», – бохуш, харцтоьшаллаш до.

И харцтоьшаллаш шаьш дечу хенахь, ойла ца йо цара, шайга ладоьгIуш оцу веллачу «элас», ямартло йина я цо вийначу стеган цхьа а вуй-те шега ладоьгIуш, аьлла.

Оьзда дахар лехна нохчаша даима. Иштта, дахар дуьненан бахам гулбарал сийлахь хеташ а хилла. Делах а кхоьруш, ийманехь а волуш, нехан наьIалтах а кхоьруш волу стаг галвоккхур вац дуьненан бахамо, къелло, даржо я мацалло.

Сиржа-Эвлахь вара Яндаев Iумархьаьжа бохуш, цхьа воккха стаг. Цо дийцира: «Нохчийн халкъ цIера арадаьккхинчу хенахь Малхбале Казахстанан областерчу цхьана юьртахь дехаш дара тхо. Тхоьца бехаш, вай санна, арабаьхна немцой, иштта, меттигера казахаш, оьрсий бара. Цхьана дийнахь колхозан арахь дIадийначу кIанах цIе яьлла аьлла шайна хезча, кара еъ-еанчу хIуманца, и цIе дIаяйа, цига хьаьдира адам. Марсаяьлла яра цIе (Талды-Курганан областерчу «Молотов» колхозехь яьллера иза). Казахаш, немцой, оьрсий бара хи, иштта, кхиерг тIекхоьхьуш. Ткъа, и цIе дIаяйа, цIерга лелхаш берш нохчий бен бацара».

Оцу цIергахь ша вага а ваьгна, Iожалла цахиларна валаза висина вара Iумархьаьжа. Цу дийнахь, цIергахь ши нохчи кхелхина хилла. Мацаллин бала дукха хьегначу нохчашна хаьара ялтин мах. Цундела лелхара уьш оцу цIерга. Нохчийн амал, доьналла, нохчалла яра цара гайтинарг.

Нохчаша хьанал къахьегар сийлахь, деза лерина. Цундела даима а къахьегна ду вай. Дуьйш-дерзош долу латта ца тоьъча, хьаннаш юккъехь ирзош дохуш, стерчашца дечиган нох а текхош, де-буьйса а доцуш, белхаш беш хилла. Юьйш-ерзош ерш, дукха хьолахь, хьаьжкIаш хилла. Кегийчу берийн Iуналла дан стаг ца хилча, и бер ги а дуллий, асарш деш хилла вайн наноша. Кхобуш иштта даьхни а хилла.

Тахана гуш долу сурт ирча ду. Ярташкахь латта лелош наггахь бен стаг вац. Долахь долу латтанаш, тIе къух даьлла, лаьтташ ду. Даьхнилелор дIадолуш ду. Цхьа метр меттиг ца юьтура хIума дIа ца юьйш. Дукха гена яьлла а яц и хан. Тахана хIун хилла вайна?

Дуьненахь цхьана а халкъан доцу хаза гIиллакх ду вайн – велларг дIаверзор. Дукха адам гуллой, вон деанчаьргара сингаттам схьа оьций, шарIо мабохху, дIаверзаво кхелхинарг. Иштта, сагIанаш доху, Къуръанаш доьшу. Тезетан и оьзда гIиллакхаш лелор кху тIаьхьарчу хенахь талхо долийна. Маха бечу хенахь, зуькар ца деш, бага хи эцча санна, Iа цхьаберш, доIа дечу хенахь а, телефонаш етташ хуьлу кхиберш.

ТIеюьйхина бедар бен-башха йоцуш хуьлу. Юьстах а бовлий, эладитанаш дуьйцуш, къежаш берш а хуьлу. ГIийла-миска велча, тезет а гIийла хуьлу. Амма, хьал-бахам болу стаг кхелхинчу тезета дерриге а дIахьолху вай. Хьалха Iеламнаха хаза хьехамаш бора тезеташкахь. Оцу хьехамех кегийчара пайда а оьцура. Тахана и гIиллакх а дIадолуш ду.

Нохчийн халкъ даима а маршо езаш хилла ду. Маршалла хаттаран коьрта маьIна и ду. Маршонан байракха кIел, маршонан цIарах бIешерашкахь хийла къийсам латтийна бу нохчий. Даима а Даймохк безар, дайн кешнаш ларар коьртачу Iадатех хилла вайн. Вешан дахар а Даймахке болчу безамца дустуш хилла.

Хийла иллеш, эшарш, назманаш яьхна Даймахке болу безам буьйцуш. НиIматех буьзна, оццул хаза, ялсаманин жовхIарийн хазалла елла, бIешерийн кIоргенера схьаеъна къоман гIиллакх-оьздангаллин хазна дIа а тесна, дайн кешнаш а дитина муха гIур ву шен махкара дIа?

Кху тIаьхьарчу 20–25 шарахь дукха вайнах Европе дIабахна Даймахкана букъ а тоьхна. Дукхахберш атта дахар лоьхуш дIабахана. Могашалла лоьхуш баханарш ца буьйцу вай. Вайн динехь а боцчу, вайна хийра йолчу керста нехан синмехаллех шен къоман синмехалла а хийцина Iаш бу уьш. Вайн дайша бIешерашкахь нохчаллех ца доха Iамош хилла долу Iадаташ, вайн синойх дIаийна йолу мехаллаш йицъян, хийца ца еза.

И ма ду вайн дайша вайга дина весет а. Ткъа, весет кхочушдан дезаш ду.

АРЖИЕВ Бадрудди, штатехь воцу корреспондент
№13, чиллин (февраль) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: