Хьомсара махкахой!
Ас даггара декъалдо шу Даймохк ларбархочун денца!
Тахана вайн дIахоуьйту Даймахкана гIуллакхдар шен дахаран гIуллакх хаьржинчу адамийн боккха сийларам беш хилар. Вайн мохк даима а хилла шайн дайн махкахь синтем а, машар а хилийтаран дуьхьа шайн дахар дIадала кийча болу бIаьхой хиларца дозаллица, хастамбарца цIе йоккхуш. ТIеман аренашкахь хиллачу тасадаларшкахь инзаре йоккха майралла, стогалла, доьналла, хьуьнар гайтарца цара вайн Даймехкан истори юкъа дашочу элпашца дIаязйина шайн цIераш.

Республико хьакъ боллучу дуккха а кIенташца совгIат дина махкана, цара хьанал а, тешам боллуш а ларбина шайн Даймохк. Нохчийн халкъо дозалла до Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь фашистийн Германина дуьхьал тIом бинчу, дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIабаьхьначу, интернациональни декхар кхочушдинчу шен махкахойх. Церан таханлерчу тIаьхьено а сийлаллица лардо, дIакхоьхьу дайн сийлахь ламасташ.
Таханлерчу хIокху дийнахь вай дагалоцу Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цо шен мерза са дIаделла нохчийн халкъан маьршачу а, синтемечу а, зовкхечу а дахаре йолу бакъонаш ларъеш, вайн сийлахь-боккхачу мехкан цхьаалла а, бозуш цахилар а лардеш. Вай даима а дагахь латтабо нохчийн халкъан сийлахь кIентий, Кадыров АхьмадХьаьжин бIанакъостий, дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал луьра къийсам дIабаьхьна а, нохчийн махкахь маршо хилийтаран дуьхьа шайн дахар дIаделла а болу. Уьш бакъболу Даймохк ларбархой бара. Россин исторехь къеггина лар йитина цара.
Хьомсара махкахой! Лаьа шун дахар маьрша хуьлийла, доьзалшкахь ирсаьтто, токхо лаьттийла.
№14, чиллин (февраль) беттан 22 де, 2019 шо