Нохчийчоьнан Куьйгалхо Эмираташкара цIавеана

Абу-Дабин (Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ) тӀаьхьалонан элан Мухьаммад бен Зайед Аль-Нахайана кхайкхарца Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташна а, Нохчийчоьнна а юкъара доттагӀаллин зӀенаш чIагIъяран гӀуллакх дийцаре даран Iалашонца, оцу махка вахана вара Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Аэропортехь иза тӀелецира Абу-Дабин энергетикин министра Ӏувайд Аль-Марара.

Цуьнан рогIера цхьаьнакхетар Абу-Даби кхиоран фондан президентаца Мухьаммад Сейф Аль-Сувайдица хилира. Цигахь дийцаре дира фондо республикехь кхочушъечу инвестицийн проекташкахь дакъалацаран гIуллакх.

Мухьаммад Сейф Аль-Сувайдис хаийтира ша куьйгалла ден фонд Соьлжа-ГӀалахь ян дагахь долчу керлачу аэропортана 50 млн. доллар хьажо лерина хилар.

«Тхан говзанчаша теллина шун республикехь хIинцале кхочушъеш йолу а, кхочушъян лерина, амма инвесторш оьшуш йолу а проекташ. Цара бинчу талламийн буха тIехь сацам хилла пачхьенехь ян леринчу аэропортана 50 млн. доллар ахча хьажо. Цкъа делахь, и проект тхуна тайна, шолгIа делахь, шун инвестицийн проекташкахь дакъалаца аьлла, Абу-Дабин тӀаьхьалонан элас Мухьаммад бен Зайед Аль-Нахайана тхайна тIедиллар кхочушдар а хир ду иза», – дийцира цо.

Цуьнца нийса а догӀуш, кестта республике богӀур бу фондан говзанчаш.

Цул сов, Мухьаммад Сейф Аль-Сувайдис билгал мадаккхара, фонд лерина ю Нохчийн Республикица йолу юкъаметтигаш чIагIъяран декъехь къахьега а.

Шен къамелехь Кадыров Рамзана, баркалла аьлла ца Ӏаш, билгалдаьккхира Соьлжа-ГӀалахь керла ян лерина дуьненаюкъара аэропорт, кхузаманахьлерчу лехамашца йогIуш а, архитектурин куц-кепаца исбаьхьа хилла а ца Iаш, Къилбаседа Кавказан округехь уггаре а йоккха хирг хилар.

Иштта, оцу махкахь дIахьочу Оборонин дуьненаюкъарчу IDEX–2019 гайтамехь а хилира Кадыров Рамзан.

Цигахь дакъалоцуш бара 57 пачхьалкхерчу герз а, тIеман техника а, барзакъ а дарехь къахьоьгучу 1 235 компанин векалш.

«Россин экспозицехь 200 сов герз дара. Делахь а, суна къаьсттина хазахеттарг кхин дара – цигахь белорусийн а, нохчийн а юкъара стенд гар. Цу тIехь йовзийтина Нохчийчохь еш йолу «Чаборз М–3» а, «Чаборз М–6» а баггиш», – яздира республикин Куьйгалхочо.

Оборонин дуьненаюкъарчу IDEX–2019 гайтаман гурашкахь Кадыров Рамзанан цхьаьнакхетар хилира ГIезалойчоьнан Президентаца Минниханов Рустамца а, Абу-Дабин тӀаьхьалонан элаца Мухьаммад бен Зайед Аль-Нахайанца а.

Иштта беркате хилира республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан «Iаьрбийн дуьненахь» уггаре а таро йолчу пачхьалкхашлахь хьалхарчу меттехь болчу махка хилла йолу рогIера визит.

И.ХАСАХАНОВ
№14, чиллин (февраль) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: