«Лараме Джамалдин воI Ахьмад! Даггара декъалво хьо Боккхачу Толаман 57 шо кхачарца. Вайн махкана хала даьхкинчу шерашкахь, аша, ветеранаша, ларбира вайн Даймохк мостагIчуьнца хиллачу къизачу тIамехь, меттахIоттийра саьлнашкахь Iиллина пачхьалкх. Оха даима а дозалла дийр ду шух, турпалхойн тIаьхьенах. Могашалла а, дерриге а диканиг а лаарца
Россин Федерацин Президент В.В.Путин»
Шайн дешичин Имадаев Ахьмадан жима архив суна йовзуьйтуш, иштта кехат а дешийтира Итон-Кхаьллан вахархочо Имадаев Рамзана. Кху дахаран а, вайн къоман а Iийжаме агIонаш алссам хилла дела, оцу дешнашца долон лиира суна, Нохчийн лаьмнийн юьртахь кхиъначу, 1941–1945-чуй шерийн Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь летчик-истребитель хиллачу Имадаев Ахьмадах лаьцна дийцар.
Вайн къоман исторехь лазаме хилла дисина 1944-чу шеран 23-чу февралехь къам махкахдаккхар а, хийрачу махкахь кху нана-ДегIастане сатуьйсуш даьккхина 13 шо а, и цIет вайна тIетосуш, Сталинан Iедало бина бехкам а: «Даймахкана ямарт хиларна». Вайн олуш ду». Боцу бехк тIелетар бац, – олий. Амма дуккхаммо а туйнаш тоьхча, юьхь тIадийна а, олу вай. Цунна тIедоьгIна аьлча, дукхамма а бехкедарна а, коьртехь долчу Iедалх сов тешаш вайн къам хиларна а, цхьа топ а ца кхуссуш: «Делан кхел хилла», – бохуш, шайн кхолламна кIел сецна нохчийн синош эзарнашкахь хедаш, церан мацалло, хьогалло, лазарша хьовзийна дегIан чархаш Iаьржачу хьаьргIанийн ковраша йожуш, каш доцуш лай кIел юьсуш, бухабисина мисканаш, шайга хьоьжуш стаг а воцучу гIорийначу Казахстане кхечира. Цу хенахь а тIеман арахь шайн синош ца кхоош, Даймохк мостагIчух летачу нохчийн кIентийн могIарехь вара Имадаев Ахьмад.
Иза вина 1922-чу шеран 22-чу декабрехь Итон-Кхаьллахь, къехочун, цIен партизан хиллачу Имадаев Джамалдин доьзалехь. Цул тIаьхьа 3–4 шо даьлча, 1926-чу шарахь, мехкан мостагIийн карах кхелхира Джамалди. Нанас Зезага, къонахчо санна, массо а хIуманна юкъ йихкина кхиийра шен доьзал – кхо кIант, ши йоI. Кхеран доьзалехь кхочушдан дезаш массеран а шен-шен декхарш дара. 8 шо кхаьчна Ахьмад гезарий яжо лам тIе оьхура. Шайн юткъачу бергашца мел лекхачу ирхонехе хьалайовлучу гезаршна тIаьххье хьалаволу Ахьмад, гуобаьккхинчу лаьмнийн буьрсаллин йийсарехь хиларал сов, стигална уллехь а хуьлура. Цунна цхьабосса дукхаезара корсам баьллачу мокхазан тIулгийн пенех букъ тоьхна диначу кегийчу цIеношна тIебоьду лаьхьанах хьийзаш некъаш долу жима юрт Итон-Кхаьлла а, цуьнан йистошца, дийнахь-буьйсанна а тем боцуш, гIергIаш хахкаделла доьду ЧIаьнтийн Орга а. Дукхазу а тидам бора кIанта цIеначу стиглахь шуьйра тIемаш даржадой, шен сирлачу бIаьрсица цхьаъ толлуш, шина а агIор яьIни а сеттош, чIажа чу бIаьрг бетташ, хIаваэхь нека дечу ламанан аьрзунах. Кхоллалора жималлин ойланаш: «Дависарг, иштта тIома вала доцу тIемаш!». Цхьана дийнахь ша гуттар а ма-Iарра лекхачу берда тIехь Iачу Ахьмадна чIажа чухула хьаладоьдуш кема гира. Аьрзу санна яьIни сеттош ца додахь а, шех тоам бина, курра тIемаш даржийна доьдура адамийн куьйгаша дина болатан аьрзу а. КIантана къаьстира Iаьржа духар дуьйхина, бIаьргех дохкуш даккхий горга куьзганаш долу кеманхо. Цу дийнахь дуьйна ойла кхоллаелира кIентан кеманца стигала вала а, кеманхо хила а. Цунна доьгIна а хиллера иза.
ДIаоьхура шераш. Дахаран аьттонна ламчуьра Серноводске охьабаьхкира ИмадаевгIар. Цигарчу хьехархойн училищехь хьоьхуш вара воккхах волу ваша Мохьмад. Цига деша вахара Ахьмад а. Йоза-дешар хууш, керла дахар дIахIотторехь шайн хаарш, синош, дегI ца кхоон долу кегий нах безара советан Iедална. И бахьана хилира Мохьмад Соьлжа-ГIала дIакхайкхина керлачу балха вахийтар. ИмадаевгIеран доьзал а оцу а шахьаре схьакхелхира. Доьзалан дахар мелла а тоделира.
ГIали чохь летчикийн гIуллакх Iамош аэроклуб юйла хиира Ахьмадна. Цига ваха лиира цунна. Мел доккха хилча а, шен бер жима хетачу нанас:
– Цу кемана тIера хьо чувожахь, дIайохка даьIахкаш а карор яц суна, – аьлла, дуьхьало йира. Амма шеначул дахар девзачу воккхах волчу вашас Мохьмада магийра. 1940-чу шарахь Соьлжа-гIалин аэроклубе дIаийцира Ахьмад. Цхьана шарахь аэроклубо Iамо диллинарг Iамийна велира иза.
Ткъа Даймехкан Сийлахь-боккха тIом болабало цхьа бутт хьалха, 1941-чу шеран май баттахь Армавирерчу тIеман-авиационни училище деша хIоьттира кIант. Летчикаш-истребительш кечбеш яра иза. ДIаболабеллера шен къизаллехь шега нийсса кхин хир боцу фашистийн мехкашдIалецархошца тIом. Даймахкана эзарнаш летчикаш оьшура. Оцу деношкахь Мохьмада вешига яздора:
«24-гIа июнь, 1941-гIа шо. Маршалла ду хьоьга, Ахьмад! Хьан кехат схьакхечира соьга. Амма шен хеннахь жоп яздан мукъа вацара со. «Ленинан некъ» газетан редактор ву со. ХIокху сохьта маьршачу балхахь велахь а, кестта фронтехь а карор ву хьуна со. И хаалахь. Хьуна хаа деза, винчу нанас вайшиъ халкъан мостагIех лата винийла. Лета веза вайшиъ нийсо толийта гIерташ. Вайна тIе эхь ца доуьйтур вай, ахь а, ас а, хьан накъосташа а. Кавказан сий ца дожош лекха латтор вай. Массанхьа а дика масалш гойтуш хила веза хьо, Ахьмад: дешарехь а, вахарехь а, тIамехь а. Цунах дог тешна ву со, Ахьмад. Вайн Iалашо ю фашизм йохор, Гитлер хIаллаквар».
Иштта ялх-ворхI кехат дисина Ахьмадехь вашас даийтина. Фронтера кхаьчнарш а ду.
Хууш ма-хиллара, 1942-чу шеран январехь кхоьллинчу Нохч-ГIалгIайн къаьсттинчу 255-чу дошлойн полкан комиссар волуш тIаме хIоьттира Мохьмад а.
Т1еман шерашкахь Фрунзе г1ала дехьаяьккхира Ахьмад доьшуш хилла училище. 1944-чу шеран февралехь велира Ахьмад дешна. Летчикан бакъонаш ялале, курсантийн говзалла зийра. ХIаваэхь ша кхочуш дан деззарг дукха лерина кхочушдина, йиллинчу метте, йоккхачу говзаллица шен кема охьахаийра Ахьмада.
Экзамен дIаоьцуш хиллачу Т1еман-Х1аваан ницкъийн полковника аьллера:
– Ламанан лечин тIемашна дика мас яьлла. ЗIок тохар а, мIарашца лацар а болатан хир ду цуьнан. Дика кеманхо ву хIара. Фашистийн къийгашна зIок етта хьажо веза, ма-кхуьъу сиха.
22 шо кхаьчна, лахарчу лейтенантан чинехь волу Имадаев Ахьмад 229-чу истребителийн х1аваан дивизин 790 истребительно-авиационни полке хьажийра. Оцу полкехь волуш цо т1еман г1уллакх кхочушдира 1-чу Х1аваан Эскарехь, 3-чу Белоруссин фронтехь. Дуьххьарлерчу х1аваан т1аме х1оьттира ГIирмехь, тIом бира Севастополь схьайоккхучохь. Цул т1аьхьа т1емаш бира Кавказан, Белоруссин, Прибалтикин, Польшин стигланаш ларъеш. 1945-чу шеран январь баттахь дуьйна фашистийн Германин лаьтта тIехь, Малхбалерчу Пруссехь тIом беш а хилла къона летчик.
Кема девзаш хилар, тIеман ойла ян хаар, чехка сацам бар, кема лелон хаар, низам хилар – и дерриге а лаккхарчу тIегIанехь хилар билгалдоккху кхуьнан куьйгалло еллачу характеристики тIехь.
Т1амехь баьккхинчу 13 баттахь 97-зза х1аваан т1аме а х1оьттина, 252 сахьт хIаваэхь а даьккхина Имадаевс. Фашистски эскаршца бинчу тIемашкахь иштта майра, хьуьнар, доьналла гайтарна т1еман куьйгалло «Ц1ечу Седанан», «Ц1ен байракхан» шина орденца , «Даймехкан т1еман» 1-чу даржан орденца а, дуккха а мидалшца совг1аташ дина цунна.
Т1ом чекхбаьллачул т1аьхьа Белоруссин Щучин г1алахь х1аваан г1уллакхна къона летчикаш а 1амош, карадерзийра керла «МИГ-истребительш». Оцу декъехь а кхиамаш бахарна авиацин майоран чин а луш, правительствон совг1аташ делира Ахьмадна.
Шена тIедехкина декхарш дуьззина кхочушдеш, лаам, низам чIогIа долуш, идеологически кхетар нийса долуш волу 2-чу классан летчик-истребитель Имадаев Ахьмад, 1955-чу шарахь Архангельске хьажаво. Прибалтикера Урале кхаччалц долу Россин пачхьалкхан х1аваан доза лардо цо оцу шерашкахь.
1960-чу шарахь, Россин пачхьалкхера цхьа миллион эпсар г1уллакххо т1аьхьалоне воккхуш, нохчашна юккъера дуьххьарлера летчик-испытатель, х1аваэхь ша даьккхинчу 2100 сохьтах реактивни кеманаш тIехь – эзар гергга сахьт даьккхина волу авиацин майор Имадаев Ахьмад а, тIеман духар лелон бакъо а луш, тIаьхьалоне воккху.
Шен доьзалца Нохчийчоь ц1а вог1у иза. 1993-г1а шо кхаччалц болх бо Нохчийн Радиокомитетехь. Цуьнан доьзалехь йо1 Зураъ а, к1ант 1ела а кхиъна.
2005-чу шеран 17-чу январехь, ша х1аваан есалла йовза сатийсинчу бераллин ойланаш кхаьбначу хьомечу юьртан Итон-Кхаьллан кешнашкахь д1аверзийра Имадаев
Т.САРАЛИЕВА
