Транспортан полицин 100 шо кхачар билгалдаьккхира

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театран-концертийн залехь дIадаьхьира транспортан чоьхьарчу гIуллакхийн органаш кхоьллина 100 шо кхачарна лерина даздарш.

Цигахь дакъалоцуш вара республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Правительствон Председатель Хучиев Муслим, Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, Экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин советан секретарь Усмаев ВахIит, Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин хьаькам Делимханов Шарип, Соьлжа-ГIалин транспортан чоьхьарчу гIуллакхийн линейни отделан хьаькам Тагиров Iела.

Даздарш дIадолийра транспортан полицин балхах лаьцна йолу видеокийсак гайтарца.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен къамелехь лаккхара мах хадийра транспортан полицин белхан. Иштта, дагаяийтира республикин исторехь хала еана хан.

Оцу хенахь, чолхечу а, кхерамечу а хьелашкахь низам лардарна гIаролехь лаьттина уьш.

– Тагиров Iела, хьалхарчу деношкахь дуьйна а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина уллехь лаьттина ву. Уггаре жоьпаллечу меттигашкахь, ша болх бинчу шерашкахь, ша дикачу агIор гайтина цо. Ас баркалла боху шуна аш шаьш шайн ца кхоош къахьегарна, шун могашалла а, аьтто а, кхиамаш а хила луур ду суна, – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Транспортан полицин белхахошка ша вистхуьлуш, Алханов Руслана билгалдаьккхира регионехь низам а, къепе а хилийтархьама цхьаьна а, юкъарчу ницкъашца а къахьега дезаш хилар.

– ХIокху дезачу дийнахь вай дагалоьцу Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цуьнан гIо-накъосталлица кхоьллина ю Соьлжа-ГIалин линейни отдел. Цунна хаа а хаьара, иза тешна а вара меттигерчу полицин белхахошка зуламаш дар сацалург хиларх, – билгалдаьккхира Тагиров Iелас.

Цул тIаьхьа Р.Кадыровс транспортан полицин тоьллачу белхахошна республикин совгIаташ дира. Россин Федерацин УФСВНГ-н Нохчийн Республикехула йолчу транспортан ОМОН-н командирана Гакаев Арсланна А-Хь.Кадыровн орден елира.

Полицин полковникана Ельсаев Лом-Iелина «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсан» мидал елира, Тагиров Iелина – «Нохчийн Республика ларъярхо» мидал.

Ткъа Кадыров Рамзанна иэсан совгIат а, Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалин линейни отделан юбилейни мидал а елира. Даздарш дерзош, нохчийн эстрадин иллиалархоша а, республикин хелхарийн тобанаша а концертан программа гайтира.

I.МУРТАЗОВ
№14, чиллин (февраль) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: