Тергонехь ду онкологи цамгар йолу бераш

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствос даима а тергонехь латтош ду онкологица бала хьоьгуш долу бераш. Оцу цамгарна дарбадар а цхьабосса дIакхачош ду. Чиллин (февраль) беттан 15-гIа де Онкологи цамгар йолчу берийн де ду.

Кхузаманан медицинин технологин таронашца онкологи цамгар юьххьехь гучуяккхалуш ю. Хьалха мелла а чолхе дара и цамгар беран дегIаца кхуьуш хилар хаа. ХIинца и цамгар йолчу 4 берах 3-нна дарба хуьлу. 2018-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь республикин Онкологин диспансерехь онкологи йолчу берашна терапин отделени схьайиллина.

Карарчу хенахь оцу диспансерехь хьесапе эцна 311 бер ду. Царна юкъахь цамгар кхераме йолчуьра, дарбанаш лелорна, кIаргъеллачуьра юхайолуш долу бераш а, иштта, оцу цамгарца лоьрийн ницкъ ма-кхоччу къийсам латтош, де-буьйса ца лоьруш, дарба деш схьадогIу бераш а ду. Берашна молханийн терапи йо. И хилар а доккха гIо ду онкологи цамгарца бер долчу доьзалшна. Отделенехь кхоьллина дика хьелаш ду. ХIора палати чохь 1–2 маьнга бу. Цул сов, книгашъезархошна йина ешаран холл ю, ткъа иштта, куьйгабелхаш безачарна ловзо ехкина пластилинаш а, альбомаш а, къоламаш а ду.

Онкологи цамгар йолчу берийн дуьненаюкъарчу дийнахь, терапин отделенехь вовшахкхийтира тIаьхьарчу эхашарахь молханийн терапин курсах чекхдевлла бераш. Берийн самукъадоккхуш бара аниматорш. Доккха ирс дара оцу юкъанна а берашна шайн цамгар йицъелла хилар. Оцу дийнахь А-Хь. Кадыровн цIарах йолчу региональни фондо совгIаташ а дира берашна.

Iилманчаш-лоьраш севцца бац онкологех товеш долу молха юкъадаккхаран Iалашонца къахьоьгучуьра.

Технологин керла таронашка а, лоьрийн керлачу дарбанашка а ладоьгIна Iаш ду вай, дерриге дуьне а санна.

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон куьйгалло дерриге а до вайн республикерчу онкологин цамгар йолчу берашна молханийн терапи латторехь.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№14, чиллин (февраль) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: