Дешаран а, Iилманан а министерствехь кхеташо дIаяьхьира республикин корматаллин дешаран учрежденийн куьйгалхошца.

Кхеташо 2019-чу шарахь дIаяла езачу гайтаман экзаменан хьокъехь дерш дийцаре дарна лерина яра. ХIокху шарахь «Нохчийн Республикин дуьненан Iилманийн къона говзанчаш» чемпионат хир йолуш ю.
Чемпионатехь дакъалаьцна ца Iаш, дешаран учрежденийн аьтто хир бу шайн школин бахамантехникин хьал тодан леринчу субсидин конкурсехь дакъалаца а.
И барт хиллера Россин серлонан министерствон Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон куьйгаллица а, республикин корматаллин дешаран учрежденийн куьйгалхошца а хиллачу цхьаьнакхетарехь.
ХIокху шарахь гайтаран (демонстрационни) экзамен пхеа декъехула дIалур ю. Цигахь дакъалоцур ду пачхьалкхан жамIашдаран аттестацин программин гурашкахь республикин 6 учрежденерчу 143 студента.
Оцу 6 учрежденин куьйгалхоша шаьш кийча хилар а хаийтина лакхахь хьахийна экзамен дIаяхьа.
З.ХИЗИРОВА
№14, чиллин (февраль) беттан 22 де, 2019 шо