Хаза хьожа йолуш буц ю иза. Iаждар буц Нохчийчоьнан ерриге а кIошташкахь ган тарло. Иза кхуьу аренашца, хин йистошца, хьаннашна юххехь, кхечанхьа. Iаждар буц дика евза вайн баккхийчарна. Цунах шуьйра пайдаоьцуш хилла лоьралла даран Iалашонашца а.
Цунна зазадаккха доладо асаран (июнь) баттахь. Товбецан (сентябрь) бутт тIекхаччалц кхуьу иза. Дарбанна схьаяьккхина Iаждар буц IиндагIехь, мох кхетачу меттехь, якъайо. Цунах пайдаоьцу кхача марзбеш, зорхин-чуьйрийн трактат, холецистит, кхечу цамгаршна дарбанаш лелош, чо якъаелча.
Иза дика ю бронхит, ангина, тонзиллит цамгарш йолчарна, пхенаш ийзочарна. Iаждар бецах молха иштта кечдо: боккха цхьа Iайг аьргалла (буц) схьа а оьций, цу тIе 1 стака кхехкийна хи дутту. Хин бани чохь йохйо. Цул тIаьхьа, шел а йолуьйтий, луьтту, бецаш дIайоху. Цу тайппана кечдина молха шина дийнахь-бусий бен латто мегаш дац. Иза молу (мал а дина), дох а дина, кхача баале 15 минот хьалха.
Цкъа молуш ах стака а молуш, дийнахь шозза мала деза Iаждар бецах кечдина молха. Вайн халкъалахь олуш хилла: Iаждар буц исс лазарна дарба ду. Iаждар бецан чай молуш хилла шелвелча а, йовхарш кхетча а. Iаждар буц чу тесначу довхачу хи чу когаш бехкича, шелвалар дIадолуш хилла.
Кхин цхьа дарба а хилла шелвеллачунна, цунах пайда а оьцуш, деш. Иза иштта хилла: Iаждар буц а, шира ча а, хьаьрса хьочан а, хьайбанан а, боча бIаран а гIаш а боккхачу яй чохь кхехкош хилла. Цуьнан Iаьнаре хаош хилла шелвелларг, тIе истанг я юргIа тосий.
ТIаккха, дегIана долучу хьацарца шелвалар а, лазар а дIадолу олуш хилла.
З.МАДАЕВА
№14, чиллин (февраль) беттан 22 де, 2019 шо