«Соьлжа-ГIала – наркотикаш а йоцуш»

Соьлжа-ГIалин мэрехь дIаяьхьира «Соьлжа-ГIала – наркотикаш а йоцуш» цIе йолу конференци. Цигахь дакъалоцуш вара Соьлжа-ГIалин мэран хьалхара заместитель Хаджимурадов Iийса, мэран заместитель Панасенко Игорь, МогашаллаIалашъяран министерствон коьрта нарколог Дальсаев Муслим, республикин Наркологин диспансеран профилактика яран туьшан куьйгалхо Гайраханов Мовла, наркоманина дуьхьалояран кIоштийн комиссийн векалш, кхиберш.

Закриев ИбрахIиман цIарах маршаллин дешнаш олуш, конференци дIайолийра Хаджимурадов Iийсас.

– Вайн конференцин Iалашо ю наркоманина дуьхьалояран комиссийн белхан дикалла лакхаяккхар. Наркотикаш олуш долчу зуламна меттиг хила ца еза уггаре цIена а, спортан гIала а йолчу Соьлжа-ГIалахь. «Террористашна – Iожалла, – наркоманина – хIан-хIа!» кхайкхам бира шен хенахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Тахана, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьанехь, наркотикаш лелош а, юхкуш-оьцуш а болчу нехан зулам кхиамца сацийна. Массара цхьаьна болх бар бахьанехь баккхий кхиамаш баьхна оцу декъехь, – элира I.Хаджимурадовс.

Наркоманина дуьхьал беш болу болх вовшахтохаран гIуллакхашна лерина доклад йира Панасенко Игора.

Цо дийцарехь, наркомани яржар кхераме ду юкъараллин дерриге а дакъошна. Цо деш долу зен ду: адамаш кхалхар, могашаллаIалашъярна еш йолу харжаш, зуламаш дар лакхадалар, къинхьегаман дикалла лахъялар.

Дуьненаюкъарчу могашаллаIалашъяран организацин хьесапашца, карарчу хенахь дуьнен чохь 70 миллион гергга наркоманаш бу. Халахеташ ду, царна юкъахь Нохчийн Республикера бахархой а хилар. Соьлжа-ГIалин бахархойх, «наркомани» диагноз а йолуш, республикин наркологин диспансеран учетехь лаьтташ 566 стаг ву.

– Еххачу хенахь наркотикаш лелоро ца йовззал хуьйцу адамийн амал. Наркоманаш къиза хуьлу, гонахарчу адамийн баланашка бендацараллица хьоьжу уьш, наркотикаш бахьанехь хIуъа а зулам до цара. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, оцу зуламечу хиламца къийсам латторан Iалашонца кхоьллина ю Соьлжа-ГIалин наркоманина дуьхьалояран комисси, цуьнан председатель Соьлжа-ГIалин мэр Закриев ИбрахIим ву. Карарчу хенахь оцу комиссис дIахьо кегийрхой кхетош-кхиоран болх. Оцу юкъахь дакъалоцу Iеламнаха, дешаран а, культурин а, могашаллаIалашъяран а белхахоша, – бохура И.Панасенкос.

Иштта цо билгалдаьккхира, комиссин коьрта Iалашо – иза наркоманина дуьхьалояран пачхьалкхан политика Нохчийчоьнан пачхьенехь дIаяхьар а, кхочушъяр а хилар. Цуьнан балхахь хIинцале кхиамаш а бу. ГIалахь дIахьо бахархойн тайп-тайпанчу социальни дакъошна профилактика яран дуккха а мероприятеш. Цу тIетоха мегар ду бакъонашларъяран органаша вайн республикехь дехкарехь беш болу болх а. Оцу декъехь дикачу агIор хийцамаш белахь а, кхачамбацарш а долуш ду. Уьш дийцаре дан вовшахтоьхна яра конференци.

– Проблемни хаттарш дуккха а ду, цу юкъахь ду вайн регионехь юьхьанцара профилактика яран декъехула болу говзанчаш кечбаран система цахилар а. Делахь а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гIо-накъосталла бахьанехь, и проблемаш дIайовлуш ю, – элира Соьлжа-ГIалин мэран заместитела.

Цул тIаьхьа регионехь долчу наркологин хьолан анализ еш, Дальсаев Муслима бовзийтира 2018-чу шарна болу, наркоманин хьу йолуш болчеран статистикин хаамаш, иштта, 2008–2018-чуй шерашкахь, дарбадаран Iалашо а йоцуш, наркотикех пайдаэцаран динамика а.

Соьлжа-ГIалин юкъарчу дешаран системехь дIахьош болчу наркоманина дуьхьалояран, профилактика яран балхах лаьцна дийцира Соьлжа-ГIалин мэрин дешаран департаментан хьаькама Хатуев Руслана.

I.ТЕРЛОЕВ
Авторан суьрта тIехь: конференцин дакъалацархой

№14, чиллин (февраль) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: