ХIора шеран чиллин (февраль) беттан 21-чу дийнахь дерриге а дуьнено билгалдоккху ненан меттан де. Ма хаза дека и дешнаш! Ненан меттан де! Хьан нанас дуьххьара хьо хьостуш аьлла дош ду иза. Цо хьуна, цхьанна, цIеначу даггара аьлла аганан илли ду.
Хаддаза хьан лерехь дека хьомсарчу ненан аз ду иза. Нанас Веза-Воккхачу Деле вай доьху доIа ду. Дененан туьйранаш ду ненан мотт. Деден хьекъале дийцарш а ду. Генарчу новкъа вай довлуш, дас беш болу хьехам а бу.
И дерриге а хьан сих хьерчаш, даима а хьоьца делахь – хьо нохчи ву. Амма и мерза хIо хьох дIакъаьстинехь, шеконаш кхоллало хьо бакъволу нохчи хиларх. Ненан маттана хераваьллачу мIаьргонехь, нохчаллин къилбанах туьлуш ву стаг, синъекхалло хьаьшна, дакъазаваьккхина, ворхIе дас лелийначу оьздачу гIиллакхашна бIостанехьа вирзина. Дай баьхначу лаьттан зевне илли ду ненан мотт.
Цкъа а ма дуьсийла вай дай баьхначу лаьттах а, ненан маттах а хаьдда. Тахана вай маьрша ду нохчийн мотт бийца. Вайга иза ма бийца бохуш стаг а вац.
Делахь а, эшна догIуш ду-кх иза бийцар. ВогIуш-воьдуш, базарахь, туьканашкахь, юкъараллин транспорта тIехь дог шелло нохчийн мотт кегбеш хезча я нанас шен бере оьрсийн мотт буьйцуш хезча а.
ХIан-хIа. Вай ца боху оьрсийн мотт ма бийца, ма Iамабе! Новкъа дац оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а меттанаш хаар, бийцар. Новкъадерг – хьайн ненан мотт ахь бицбар ду. Хьо цунах цавашар ду, иза къен, беса хеташ.
Бузучу малхаца дарин бос эцна,
Сулаев Мохьмад
Малхбузе йогийца стиглах цIе яьлла.
Оьздачу безамца даг чу нур хецна,
Хьан амат догийца малхах схьадаьлла…
Нохчийн поэта Сулаев Мохьмада яздина и дешнаш теш хIуьтту нохчийн мотт доза доцу таронаш йолуш хиларна. Ма хаза, оьзда бовзуьйту поэта шен синхаамаш. Ма кIоргера хууш хилла цунна шен ненан мотт. Иштта, нохчийн меттан хазаллица бос керча дустарш далош язйина Сулейманов Ахьмада «Батто сагатдо» байташ а.
Орцан дукъах маIаш туьйсуш
Батто сагатдо.
ЦIеста кIудал нохчийн йоIа,
Шовдана кIела сецайо.
ЙоI хин чами кховдабехьа,
Чохь беттан нур даржадай.
Беттан нур ца лахь айхьа,
БIаьргийн нур ло суна хьайн…
ТIулг огуш волчу пхьеро санна, говза, хIора дош шен метте дIахIоттош яздина и могIанаш, ненан мотт хууш, безаш хиллачу поэташа. Церан башхачу байташа тоьшалла до «йист йоцу хIорд санна» нохчийн мотт шорта, зевнечу иллех терра мукъаме бекаш а хиларна. Кхин хIумма а ца хилча а, кхечу къаьмнех нохчийн къам схьакъастош, Веза-Воккхачу Дала вайна дина совгIат ду ненан мотт. Дала динчу совгIатана пе тоьхна, кхечу матте муха воьрзур ву? Тахана вайга иза ма бийца бохуш стаг ца хилча, муххале а.
Ларамаза дац ЮНЕСКО Ассамблейн сацамца, 2000-чу шарахь дуьйна Ненан меттан де хIора шеран чиллин беттан 21-чу дийнахь билгалдоккхуш хилар а.
1952-чу шеран чиллин беттан 21-чу дийнахь Бангладеш пачхьалкхан коьртачу шахьарахь – Дакехь шайн ненан мотт пачхьалкхан тIегIане баккхар Iедалан векалшна тIедожош арабевлла хилла бенгалин къомах болу студенташ. Цу хенахь бенгалин къам Пакистанна юкъадогIуш хилла.
Делахь а, шайн граждански бакъонаш Iедало хьоьшуш ю аьлла хеташ хилла царна. Цундела арабевлла хилла студенташ, шайн бакъонаш ларъян. Царах иттех стаг, кхин цкъа а ца гIатта, воьжна. Амма цара дIадолийна гIуллакх эрна ца дайна. Цул тIаьхьа Бангладеш Пакистанах схьакъаьстина, бенгалаша шайн ненан мотт пачхьалкхан тIегIане баьккхина.
Турпалаллица эгначу студенташна хIоллам хIоттийна. Царна шайн къоначу дахарал а чIогIа безаш хилла ненан мотт. Цундела церан цIерш исторехь яха йисина. Новкъа хета оцу студенташкахь, ненан матте хилла безам а, доьналла а вайн махкахошкахь дац аьлча.
Новкъа хета вайн заманхоша ненан мотт шайна цахаарх дозалла дар тосаделча. Вай хIунда ду-те иштта сакIезиг? Ненан маттаца гамо хIунда лаьцна-те? Къизачу лазаро лаьцна Iожаллин метта дийшича, тIаьххьара весет ненан маттахь дан ма деза вайн. ГIаддайна, деэшна меттахь цхьалха дисича, Деле ненан маттахь кхайкха ма деза вайн.
ТIаьххьарчу новкъа вай дохуш, вайх олу дош ненан маттахь хир ма ду. Лахьтин кийра кховдош, хьан лерса тIаьххьара хьосту берг ненан мотт ма бу. Оцу гIуллакхан ойла ян синкхетам бац-те вайгахь?
Цхьана дийнахь бийцарх тоьаш ма бац ненан мотт. Хьоьца йолу нохчалла ларъеш даима а хьоьца хила безаш бу ненан иза. Цунах кхета Веза-Воккхачу Дала хьекъал лойла вайна!
А.АРАПХАНОВА
№14, чиллин (февраль) беттан 22 де, 2019 шо