Iамазой – амозонкаш;
Эл-Борз – Эльбрус;
Убар – упырь, вампир;
ГIажарий – хазараш;
Жаз – зезаган патар;
Хич(а) – кхерам тосуш йина ишар;
ГIореш – вертанашна деш долу Iаьржа басар;
Ибери – Испани;
ГIирнат – гранит;
Хьаьхна – куьйла хилла, кIордийна, совдаьлла;
Барзах – хIокху дуьненний, бакъдуьненний юккъера хьал, меттиг;
ТIап-лам (тIепинг) – вулкан;
Беда – божал;
Лувца – стагана дика дехар;
Хьан Iора хазалла – дукха бIаьрла хазалла;
Муьрг – калина;
ЦIен деши – шатайпа мехала деши;
Колд – уьшал йолу, тIуьна меттиг;
Пхьадухе – ломарчу юьртан лахахьара, таьIначу меттера дакъа;
Пхьакоче – ломарчу юьртан лакхахьара, айъеллачу меттера дакъа;
Узан – хIинцца бехкинчу аьттан шура;
Сет – бежанан, говран хье тIехь хуьлу билгало (звездочка).
Зорбане кечйинарг – Хь.САИДОВ
№14, чиллин (февраль) беттан 22 де, 2019 шо