ТIехьа-Мартан кIоштарчу Бумтарчу МедовгIеран Абун а, Ковхазан а боккха доьзал юьртахь бевзаш бара хьанал болх барца а, хьаша-да чIогIа везаш хиларца а. Цундела церан чIогIа сий а дора, цаьрга боккха ларам а бара, юьртахошна а, луларчу ярташкарчу бахархошна а дош хетара уьш. Пхи кIант а, кхо йоI а яра доьзалехь кхуьуш.
Кхеттал хила доьлча бераша гIо дора шайн дена-нанна. ЧIогIа бертахь а, гIиллакхе а, оьзда а дара уьш. Жимачохь дуьйна Абус а, Ковхаза а эхь-бехк, ийман долуш кхиош дара шайн бераш. Цара берашкара яьлла цхьа а ледарло тидамза ца юьтура. Шен хеннахь хьехар дора, баккха безахь бехк боккхура, бер кхетош. Цул тIаьхьа бераша шайгара ледарло а ца йолуьйтура.

МедовгIеран доьзалехь керланиг довза лаарца а, хIуманан духе кхиа гIертарца а, дешар Iамо лаарца а къаьсташ вара Акхберд. Цо кхиамца чекхъяьккхира Бумтара ворхIшеран школа.
1938-чу шарахь комсомолхойн могIаршка хIоьттира. Оцу шерашкахь комсомоле милмилла а оьцуш вацара. Дешарехь, юкъараллин дахарехь шен жигараллица билгалваьллачунна бен йоьллуш яцара комсомоле йолу «неIарш». Тоьллачу кхиазхошна юкъахь цIе йоккхуш вара Акхберд.
Цхьана дийнахь цуьнга повестка еара эскаре кхойкхуш. Шайн воккхахволу кIант эскаре дIахьажочу хенахь дений, нанний ца хаьара, цхьа бутт баьлча, адамийн оьмарехь уггаре а къиза, буьрса тIом дIаболалур буй а, шайн кIант фашистийн гIеранашна дуьхьал уггаре а хьалха гIевттинчарна юкъахь хир вуй а.
Абун Акхберда шегара майралла, доьналла, стогалла гойтуш тIом бо ямартлонца вайн махкана тIелеттачу немцошна дуьхьал. Командираша кхечу салташна масална билгалвоху хIара. Коммунистийн партин кандидаташка тIеоьцу хIокхуьнан сий деш, кхунна сержантан чин ло, стрелкови 292-чу дивизин артиллерин 833-чу полкан белхалойн 55-чу батальонан отделенин командир хIоттаво Акхберд. Дивизин дакъош цхьана дийнахь шалонаш тIе а даьхна, цIерпоштнекъаца Ленинградан областе дIахьовсийра.
Волхов хина йистехь, шалонаш тIера охьа а даьхна, хин аьтту агIор йолчу бердайистошца Кирищина тIера Грузино тIекхаччалц йолчу, Чудовона 12 километр малхбалехьа дIахIиттийра эскарш. Цигахь буьрса тIом хилира фашисташца.
1941-чу шеран хьаьттан (август) беттан 28-чу дийнахь немцошца хиллачу тIамехь дикка эшам хилира дивизина. МостагIийн эскарша ондда тохар дар а, буьрса тIелатар а лан ницкъ а ца хилла, А.Медов юкъахь хиллачу 833-чу полкан къилбаседехьа Волхов хица юхаяла дийзира.
Дивизих бухабисинчу салтех а, эпсарех а керла дакъош вовшахтуьйхира. Уьш Сталинград мостагIех ларъян сихха дIахьовсийра. Сталинградан областера Чуликово а, Котельниково а станицаш мостагIашкара схьаяхаран халачу тIемашкахь Акхбердана юххехь мостагIех дера леташ бара Нохч-ГIалгIайн дошлойн 255-чу къаьсттина йолчу полкан тIемалой.
Цигахь дуьххьара еза чов хуьлу Акхбердана. Амма тIамна юкъараволий дукха ца Iа иза. Жимма чевнашна дарба а дой, юха фронте дIавоьду. Вайн майрачу тIемалочунна шолгIа а чов хуьлу цул тIаьхьа цхьа бутт баьлча, 1942-чу шеран хьаьттан (август) баттахь. Чов йина волу иза, кхетамах волий, цIий дIаоьхаш, масех дийнахь тIеман арахь Iуьллу.
ТIом цхьана ханна сецначу сохьташкахь, санитараш кхелхинарш схьалахьон буьйлабелча, цхьана медйишин ларамаза куьг Iоттало воьжна Iуьллучу Медовн куьйгах. Цо мохь хьокху: «ХIара дийна ву шуна, кхуьнан куьг хIинца а довха ду», – олий.
Иштта, и медйиша тIеIоттаялар бахьана долуш, кхетамчуьра ваьлла, велча санна, Iуьллуш хилла Акхберд госпитале дIахьажаво. Оцу йоIана-медйишина ша дуьненахь яьккхинчу хенахь баркаллаш бохуш ваьхна вайн махкахо.
Сталинградехь хиллачу тIемашкахь стогалла а, турпалалла а гайтарна А.Медов чинехь лакхаваьккхира, иза хьалхатеттира 3-чу даржан «Слава» орден яларна. Амма «За отвагу» мидал елира цунна. И саннарг тIамехь кест-кеста нислора махках даха кечдеш долчу халкъийн векалшца.
Уьш совгIатийн дуьхьа тIом беш бацара, уьш мостагIех мохк цIанбархьама, мохк паргIатбаккхархьама тIом беш бара. Церан хьал и тергалдечохь дацара, бахьанаш къесточохь дацара. Иза тIаьхьа хир ду, тIеман къекъар дIасецча, халахетаран хIу церан дегнашкахь зIийдиг хеца доладелча. Ткъа хIинца боьдуш къиза, буьрса тIом бара, тIеман оцу кохьар чу кхуьйсуш дара кегийчу нехан миллионаш дахарш.
Госпиталехь чевнаш ерзийначул тIаьхьа Акхберд гаубични-артиллерин 101-чу полке хьажийра. Иза Коьртачу Командованин тIаьхьалонехь яра. Вайн махкахо 3-чу батарейн телефонист вара. Шена тIедиллина муьлхха а декхар шен хеннахь а, кхиамца а кхочушдора цо.
1943-чу шеран кхолламан (январь) беттан 11-чу дийнахьлерчу совгIатан кехата тIехь гаубични-артиллерин полкан командира, майора Григорьевс яздина: «Донерчу фронтехь волуш, накъоста Медовс, мостагIчо къора санна тIеетташ шокъалеш йолуш, минометаш йолуш, масийттазза меттахIоттийра хадийна йолу батарейн зIе.
1943-чу шеран кхолламан (январь) беттан 7-чу дийнахь мостагIчо контртIелатар дан долийначу хенахь батарейн зIе хадийра. И бахьана долуш таро яцара, мостагIчун тIелатар юхатухуш, цхьанаэшшара царна герзаш тоха. Ша валарна болу кхерам тергал ца беш, мостагIчо тIедетташ герзаш доллушехь, шегара майралла а, стогалла а гойтуш, зIе меттахIоттийра Медовс. Цо таро елира мостагIийн тIелатар юхатухуш батарейна тIом бан».
ХIетта 21 шо кхаьчна хиллачу Акхбердана кхин цхьа совгIат а до – «За боевые заслуги» мидалца. Медов Акхберда гIуллакхдеш хиллачу дивизин дакъош 1944-чу шеран кхолламанчиллин (январь-февраль) беттанашкахь дакъалоцуш дара Украина паргIатъяккхаран цIеяхханчу Никольско-Криворожски операцехь.
Къилбаседа Кавказера цхьадолу халкъаш махках даьхна, Юккъерчу Азе дIахьовсийна хан ю иза. Полкан политрукан заместителан ницкъ кхечира хьаькамашка иза фронтера юха ца ваккхийта а, нохчашна тIаьхьа Юккъерчу Азе дIа ца хьажавайта а. Иза, цундела, шен тIеман декъехь витира. Акхберд майра тIемало вара. Тешаме накъост вара. Шен тIеман дакъошца цхьаьна фашистех Даймохк цIанбеш Малхбузехьа некъ бора цо. ТIемаш бира Польшин, Венгрин, Румынин гIаланаш, ярташ паргIатйохуш.
Дошлойн 4-чу корпусан командующис Н.Я.Кириченкос шайн хьокъехь хIара дешнаш аьллачу тIемалойх цхьаъ вара А.Медов: «ЧIогIа тамашийна кIентий бу и нохчий а, гIалгIай а. Цара хIун дан деза бен ца хоьтту. Иза муха дан деза царна шайна хаьа. Сан корпусехь ши полк гергга бу уьш. Царна са ца гатдо ас, чIогIа кхетаме, хIуманан духе кхуьуш кIентий бу уьш, меттигах сиха булуш бу. Алссам белара цу тайпана бIаьхой. Цара хIуъа хилла латтарх юьхьIаьржа хIоттор вац».
Медов Акхберд тIемаш беш гIаш ерриге а Европехула чекхваьлла, Берлинна тIелеташ дакъа а лаьцна. Германи йохийначу новкъа яра. Амма, хIетте а, цуьнан эскар хIинца а ницкъ болуш а, кхераме а дара. Немцойн командованина хаьара Советийн Эскарш шахьарна тIелетар дуйла. Уьш юхатоха чIогIа кечамаш а бинера. Германин пачхье нуьцкъала гIап йина дIахIоттийнера.
Берлинан операци 23 дийне яхъелира. ХIора дийнахь а буьрса, къиза тIемаш хуьлура. Оцу тIемашкахь шайн дахарш дIаделира Советийн Эскаран дуккха а салташа а, эпсарша а. Делан къинхетамца Акхберд оцу жоьжахатехь дийна висира. Йожийначу Рейхстаган пенаш тIехь «нохчийн лар» йитира цо.
Оцу буьрсачу тIамехь, иза чекхбаллалц, шайгара майралла а, турпалалла а гойтуш летта Кавказан кIентий кIезиг бацара. Амма, ла ца даллал лазаме а, новкъа а дара тIамера цIа вирзича хьан халкъан Даймохк цахилар, хьан халкъ «ямартхо» хилар…
ТIом чекхбаьлча, Медов Веймар гIаларчу комендантан ротехь гIуллакхдеш вуьту. Немцойн диверсанташ лохуш а, гучубохуш а, хIаллакбеш а шина шарахь болх бо Акхберда.
1947-чу шарахь фронтехь шегара хьуьнар а, доьналла а гайтина волу иза, эскарехь гIуллакхдаран декхарех паргIат а воккхий, Казахстане дIахьажаво. «Варшава паргIатъяккхарна», «Будапешт яккхарна», «Берлин яккхарна», «Германина тIехь толам баккхарна» мидалшца совгIаташ дина вара хIетахь вайн махкахо.
Казахстанера а, Юккъерчу Азера а нохчий шайн цIабаьхкинчул тIаьхьа, 1958-чу шарахь А.Медов Нохч-ГIалгIайн АССР-н МВД-н органашка балха воьду. Кхузахь а, тIеман халачу шерашкахь а санна, Даймахкана хьанал гIуллакхдо цо. Акхберда уголовни розыскехь а, ОБХСС-хь а, куьпан милцочун а белхаш бу.
МВД-н тоьллачех белхахо хиларна цунна совгIаташ до «За безупречную службу» мидалца а, «Милицин отличник» билгалонца а. Республикехь бакъонаш ларъяйтарна а, къепе хилийтарна а гIарол дарехь шен ницкъаш, хаарш ца кхоадора цо. Цунна ца дезара тIом дагалецар, шен хьуьнарех лаьцна, дозаллаш деш, дийцар.
«ТIом кхин хила ца беза, халкъашна оьшуш бац иза», – олура цо.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман а, республикин МВД-н а ветеран пенсе вахара майоран чинехь волуш.
1994-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь шен 73 шо кхаьчча хIокху дахарера дIавахара Даймехкан майра турсло Медов Акхберд. Цуьнан цIе тиллина Бумтарчу цхьана урамна. Цуьнан хьокъехь хаамаш бу «Иэс» книгин шолгIачу томехь.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархойх ю и книга. Иштта, цуьнан хьуьнарех лаьцна дуьйцу «Толаме некъ» книги тIехь. Иза арахецна Толаман 70 шо кхочуш. Ший а книга кеч а йина, ара а хецна Нохчийн Республикин Правительствон Архивийн урхаллин белхахоша.
ТIекхуьуш йолу къона тIаьхье Даймохк безаран ойланехь кхетош-кхиорехь мехала ю и книгаш, хIунда аьлча царна бовза беза шайн турпалхой, цара дозалла дан деза церан майраллех, стогаллех, доьналлех.
Р.БАТАЕВА, НР-н Правительствон Архивийн урхаллин Iилманан публикацийн отделан хьаькам
№14, чиллин (февраль) беттан 22 де, 2019 шо