Россин эскаран селхане а, тахане а

Россин эскар даима а хилла нуьцкъала. ЙоIбIаьрг санна, вайн пачхьалкхан дозанаш а лардина цо. Даймехкан сий лардеш, даима семачу гIаролехь лаьттина.

Россин эскаран нуьцкъалла гойту Ливоница, Польшица, Швецица, Финдляндица, иштта, кхечу пачхьалкхашца лаьттинчу тIемаша. Цаьрца бина тIемаш Россис Балтин хIордана тIекхача Iалашо йолуш бина.

Ткъа Iаьржачу хIордана тIекхача гечо доккхуш бина Хонкаран эскарца тIемаш. Россин эскар ницкъаца, говзаллица чIагIлуш схьадеана.

ХХ-гIа бIешо долалуш, дуьненахь тоьллачарех цхьаъ ларалуш хилла Россин эскар. Амма 1917-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 25-чу дийнахь хиллачу политикин карчамо мелла а хийцамаш беана Россин эскарна юкъа.

Советийн Iедал олалле кхачош, жигара хьийзина турпалхой большевикаша вовшахтоьхначу ЦIечу гвардера бу. ЦIен гварди, коьртачу декъана, революцин тешамечу бIаьхойх-салтех, матросех вовшахтоьхна хилла. Царна куьйгалла дар революционерана Подвойский Николайна тIедиллина хилла.

Зимний Дворец ханна йолчу Правительствера схьаяьккхинарг а ЦIен гварди ю, шен коьртехь Подвойский Николай а волуш.

1917-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 16-чу дийнахь тIеэцначу декретаца большевикаша бIаьхаллин декхарех мокъа битина салтий а, эпсарш а. Юкъара дIадаьхна эпсарийн чинаш, иштта, дIаяьхна къастаман билгалонаш а.

Оцу проектан автор а Подвойский Николай ву. Цунна хетарехь тIеман командираш а бIаьхоша (шайна бегIийла хетарш) харжа безаш хилла.

Бакъду, дукха хан ялале, и лаам «ша тIехь йина гIала» хиларх кхетта большевикаш. Монархисташа луьра дуьхьало йина большевикаша юьхьарлаьцначу некъана. Иштта советийн Iедале дов кхайкхош, тIамца арабевлла гIалагIазкхий (казачество) а. Юьхьанца ЦIен гварди хилла цаьрца тIом беш.

Амма тIеман говзалла, алссам бинчу тIемашкахь зеделларг гулделлачу гIалагIазкхашца ларош ца хилла ЦIен гварди. Цунна гIо-накъосталлина, герз карахь, арабевлла белхалой а, ахархой а.

Дукха зенаш хуьлуш хилла, тIеман говзалла йоцчу белхалойх, ахархойх вовшахтоьхначу большевикийн эскарна. ЦIечу бIаьхойн могIарш дукха сиха нилхадовлуш хилла.

ТIаккха, шен коьртехь В.И.Ленин волчу СОВНАРКОМО, 1918-чу шеран кхолламан (январь) беттан 28-чу дийнахь, тIеэцна ЦIен Эскар кхолларан хьокъехь болу сацам.

ЦIен Эскар вовшахтохар тIедиллина тIеман гIуллакхашкахула волчу комиссарана Подвойский Николайна. Иза оьшу документаци кечъеш воллучу юкъана, цкъа машар хилла тIом дIаберзийна немцой, КIайчу Эскаран инарлашца барт хилла, Советийн къоначу республикина чугIоьртина, большевикашца хилла барт бохош.

ТIаккха 1918-чу шеран чиллин (февраль) беттан 22-чу дийнахь В.Ленина кхайкхам бо халкъе Советийн Iедална орцахдовлар доьхуш. Чиллин беттан 23-чу дийнахь дIайолало боккхачу барамехь (масштабни) мобилизаци. Петарбухера белхалой, салтий, матросаш дIаязло ЦIечу Эскаре.

Уьш дIаязбар тIедиллина дара революцин комитеташна (ревкомашна). Иштта нисделла хIора шеран чиллин беттан 23-гIа де ЦIечу Эскаран де ларар.

ТIаьхьо, Советийн Iедал доьхначул тIаьхьа цунах «Даймехкан турслочун Де» хилира.

1918-чу шеран бекарг (март) баттахь Подвойский Николайн меттана ЦIечу Эскарна коьрте Лев (Бронштейн) Троцкий хIоттаво. Юьхьанца ЦIечу Эскарехь гIуллакх деш, коьртачу декъана, оьрсий бара.

Амма 1920-чу шеран хIутосург (май) беттан 10-чу дийнахь В.Ленина тIе куьг яздина араболу «кхечу къаьмнех болу кегийрхой ЦIечу Эскаре кхайкха магоран» хьокъехь болу сацам. Нохчийчохь ЦIен Эскар вовшахтоьхнарг Шерипов Асланбек хилла.

Шен 17 шо кхачале вайн махкарчу политикин хьолан кIуркIаманехь воллуш хилла иза. Юьхьанца мелла а ойланаш яьржина хиллехь а, 1918-чу шеран чиллин баттахь Пятигорскехь хиллачу Теркаца дехачу къаьмнийн II-чу гуламехь, ойла, кхоччуш, коммунисташкахьа йирзина яьлла цуьнан.

Орджоникидзе Сергон тIедилларца вовшахтуху Шерипов Асламбека нохчийн ЦIен Эскар, жигара дакъалоцу вайн махкахь буьрса кхихкинчу тIемашкахь.

Нохчийн ярташ тIеман цIарца ягош, луьра хьийзинчу Деникинан эскарна дуьхьал лаьттинарг цо вовшахтоьхна хилла ЦIен Эскар ду.

Нохчийн оьздачу кхерчахь хьалакхиъна а, Эвтарара Митаев Iела устаз лаьцна, кест-кеста цунах дагавуьйлуш а, Митаев Iелас аьллачунна тIера ца волуш а дIалелла Асламбек.

Шен къоман зовкхечу кханене сатуьйсуш идийна цо оцу буьрсачу заманахь бIаьхаллин некъаш. Дикане сатийсарца хIоьттина иза коммунисташна юххе а, нохчийн къоман тешаме воI ша хиларна.

Шен дуьззина 21 шо кхачале Чахкарахь хиллачу тIемашкахь 1919-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 11-чу дийнахь турпала воьжна Асламбек. Вайн дуьхьа дIаделла цо шен къона дахар. Цундела халкъан иэсехь яха йисина цуьнан цIе.

Советийн Iедал чIагIделла даьллачу хенахь а, алссам нохчий хилла ЦIечу Эскарехь гIуллакх деш. Дуьне цецдоккхуш, доьналла, майралла, бIаьхаллин хьуьнар хилла цаьргахь.

БIаьхаллин хьуьнарш гайтина вайн махкахоша немцойн фашисташа СССР-на ямартлонца тIелатар деш, дIаболабеллачу тIамехь а.

Нурадилов Ханпашас, Магомед-Мирзоев Хаваж-Баудис, Акаев Дашас, Мазаев Маташа, иштта, кхиболчу къонахаша шайн дахар дIаделла вай маьрша дахийта.

Тахана а вай дозаллица цIерш йоху Идрисов Абу-Хьаьжин, Висаитов Мовладин, Дачиев Хансолтин, Амаев Махьмудан, Цароев Iабдуллин, Висаитов Саккин, иштта, дуккха а кхечу нохчийн майрачу кIентийн.

Буьрсачу тIеман халонаш эшош толаман дийне дIаихна уьш 1 418 дийнахь. Вайна массарна юьхькIам бу иза. Нохчийн къоман дозалла а ду. Цара ца йожийна Даймехкан турслочун сийлахь цIе, хIайкал санна, лардина нохчийн къоман сий.

Хазахета тахана а вайн махкахь алссам яхь йолу кIентий болуш, оьшучу мIаьргонехь, Даймехкан гIароле дIахIитта уьш кийча болуш.

Россин эскарехь тоьлла ларалуш ю Нохчийн Республикин нуьцкъаллин структураш. Лоьмаш санна, майра кIентий бу царна юкъахь.

Вайнехан кIентийн доьналло а, доза доцчу бIаьхаллин хьуьнарша а дегайовхо кхуллу нохчийн къоман маьршачу кханенах.

А.АЗАЕВА
№14, чиллин (февраль) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: