2014-чу шарахь бIе шо кхаьчна дуьненан хьалхара тIом болабелла. Доккха дакъа лаьцна вайнаха цу тIамехь. Иллешкахь юьйцу «Акха дивизи» цу муьрехь кхоьллина ю. Кавказерчу къаьмнийн, хIораннан цIарах бохург санна, вовшахтоьхначу дошлойн полкех лаьтташ хилла и дивизи. Цунна Iуналла деш, паччахьан Николай-шолгIачун ваша, Романов Михаил хилла. Нохчийн полкан бIаьхо хилла, Хьалха-Мартанан районерчу Шалажера Акаев ИбраьхIим. 1914-чу шарахь тIом болалуш, ИбраьхIим зуда а ялийна, цо дина шиъ бер долуш, жима стаг хилла. Цу заманахь а, иза эскаре ийзо бакъо яцара. Делахь а шен нийсархой тIаме дIабоьлхуш хилча, юкъара ваьлла, цIахь Iан бегIийла ца хийтира ИбраьхIимна. Вайнаха цу тIамехь гайтина майралла, заманан йохалла, сих-сиха карлайоккхуш, юьйцуш ю. Кхехкачу луьрачу тIеман хьаьттара немцойн салтий кхералой бовдура, говрашкахь, баттара даьхна тарраш долуш, месала куйнаш техкина, цхьа тамашийна цIогIа детташ, вайнах чухахкабелча. Цу хенахь Петарбухехь зорбане дийлинчу газеташ тIехь алсам тоьшаллаш ду и сурт гиначара яздина. Паччахьо а, цуьнан уллерчара а лаккхара мах хадош хилла вайнехан дошлойн. МостагIчух озавелла цхьа а юха ца ваьлла вайн махкахойх. Тоьллачарна юкъахь, хьалхарчийн могIарехь цIе йоккхуш хилла Акаев ИбраьхIим.
Иштта доьналла долуш волчу къонахчун, осала кIант хуьлийла дацара. Дуьненна вевза летчик-истребитель, авиацин майор Акаев Даша ИбраьхIиман кIант ву. Дашас даима дозалла дора шен турпалчу дех. Цо Iамийнера иза даймохк беза, оьшучохь иза ларбан кийча хила. Кхиъна вогIуш дуьйна, цунна хаьара, ша ЦIечу эскарехь гIуллакх деш хир вуйла. Дас олура цуьнга: «Къонах товш вац, чIекъаш, цуьнан нуьцкъала амал хила еза. Цундела бераллехь дуьйна Даша шен амал тусуш, яхчош вара.
1910-чу шеран 5-чу апрелехь Шалажехь дуьнен чу ваьлла Даша, школе вахале Советийн Iедал Нохчийн лаьмнашка хьалакхечира. Цхьа беркат дара цу Iедалера юьхьанца дуьйна гучудуьйлуш. ХIора берана дешар тIедожадора цо. Ерриге а ярташкахь а, кIотаршкахь а школаш ехкира. Шалажехь а дара цхьа школан бахьана. Хан кхаьчча цига деша вахара жима Даша а. Бераллехь дуьйна, нийсархойх тера воцуш, кIант хьекъале а, собаре а вара. Цуьнан самукъадолура школехь. Керланиг довзаро дог-ойла ир-кара хIоттайора. Iилманан кIоргенаш Iаморе воьхура. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь дукхахболчу кегийрхойн ойланаш авиацех хьерчаш яра. Газетийн агIонаш тIехь, радиоэфирехь кест-кеста дуьйцура кеманхойх. Хестайора церан майралла, нуьцкъала амал, хаза дешнаш ца кхоош, дуьйцура церан турпалаллех. И къамелаш ца хезаш вуьсийла дацара кхиъна вогIу Даша а. КIант йийсаре лоцура цара, ойла тIома йоккхуш, генарчу стигланан сийналле безам чIагIбеш, анайисте кхойкхуш. Кест-кеста Шалажан эвлайисттехь, цхьа а воцчу волий, баьццарчу дарех тера богIучу байтIе аркъал вужий, екхначу стигала хьалахьоьжуш, аьрхачу ойланийн урх хоьцура. Ламанан аьрзунах стиглахь ша некадеш гора кIантана, хIаваэхула сийначу хьаннел лакхайолий, лаьмнаш цоьстуш, паналле дIахьодура стигала кхийда ойла. Цунна чIогIа лаьара кеманхо хила.
Эххар а школа чекхйоккхий, и говзалла караерзо деша воьду иза. Сатийсам кхочуш хуьлу, кеманхойн училище дIаоьцу къона ламанхо. Иза кхиамца чекхйоккхий, тIеман авиаце а кхочу вайн махкахо. 1941-чу шарахь ямартлонца фашисташ вайн Даймахкана тIелетачу муьрехь, лакхара лейтенантан чинехь кеманхо-истребитель ЦIечу эскарехь гIуллакх деш Акаев Даша. Цкъа мацах шен турпала да санна тIаме ваха сихло къона кеманхо. Амма тIеман гIуллакх дика девзаш, алсам зиэделларг долуш волу Д.Акаев, цкъачунна тIамна юьстах сецаво, къона кеманхой Iамош. КхозлагIчу авиаэскадрильни командиран заместитель хIоттаво иза малхбузерчу фронтехь. Дукха къона кеманхой кечбина, тIаме дIахьовсийна вайн махкахочо. Ша а цига дIаваха лууш, масийттазза лакхарчу командованига рапорташ делла цо. Эххар а Ленинградана гуонаха блокада къовлаелча кхин цкъа а рапорт яздо Дашас ша фронте дIавахийтар доьхуш. 1942-чу шеран январь баттахь цуьнан дехарна жоп ло. 31-чу январехь тIеман-хIаваан ницкъийн 58-чу леррина йолчу авиаэскадрилье схьакхочу иза. Ткъа оццу шеран 2-чу февралехь вайн махкахочо жигара дакъалоцу буьйсанна кеманашца дIахьочу тIамехь. Деа дийнахь шийттазза, шен болатан аьрзу гIаттийна, мостагI волчу метте а, цуьнан бронетехникина а авиатохар дира цо, фашисташ хIаллакбеш. И чолхе операци бахьанехь, мостагIий хIаллакбеш майралла, доьналла гайтарна, ЦIечу Седан орденца совгIат дира Акаев Дашина. Вайн турпала махкахо бахьанехь кхечу кеманхошна карадирзира буьйсанна тIом бар. Амма баьккхинчу толамах Iехавелла паргIатвала дагахь вацара нохчи. Цо сихонца карадерзадо керла кема «Скоростной штурмовик-бомбардировщик». ТIеман-хIаваан ницкъийн уьссалгIачу штурмовой дивизин 35-чу авиаполке хьажаво иза. Миччанхьа хьажийча а, шен синондалла, нуьцкъала амал гойтуш, дера лом санна, лета мостагIех Даша. МостагI хIаллакваран Iалашонца хIаваэ ша гIаттаза дисина де, эрна дайна хетара цунна. Ерриге Ленинградски фронтехь евзаш яра цуьнан цIе. Фронтерчу газеташа сих-сиха яздора кхуьнан турпалаллех лоций. Кхечу бIаьхошна масална дуьйцц командираша: кхьуьнан толамех, майраллех, доьналлех. Кавказан леча аьлча, массарна хаа цу муьрехь вуьйцург нохчийн кIант вуйла. 1944- чу шеран 14-чу январехь блокада хадо йолчу Iалашонца мостагIчунна тIегIурту Ленинградски фронтан эскарш. Майоран чинехь волчу Акаев Дашин авиаполк яра массарел хьалха, шина-кхаа шарахь дерриге а советски халкъо сатийсина, и мехала гIуллакх дIадолийнарг. Iаламат луьра бара тIом. Къар ца лора фашисташ. Уьш дика кхетара мехала стратегически меттиг шайн карара йолуш хиларх. Бомба йожаза цхьа ша хилла, латта дацара тIеман хьаьттахь. Делахь а, Д.Акаевн полк шайн даймехкан сий лардеш яра. Царна хаьара мостагIчух дIацIандеш дерг шайн латта дуйла, цундела цхьа мисхал а шайн мела хила амал доцийла. Ленинградера блокада хадош, тIех дика хьуьнарш гайтарна Акаев Дашина командованис «Александр Невский» цIе йолу орден елира. Ишта майра тIом беш хилла вайн махкахо. Наггахь мукъа еанчу минотехь, цIа кехатан-цуьрг язъян сихлуш хилла иза, цIахь йисинчу шен къеначу нанна сагатдеш.
Ленинградерчу фронтехь тIамехь лаьттачу цуьнгара Шалаже тIаьххьара кехат, 1944-чу 22-чу февралехь деана. АкаевгIеран кертахь и деша хууш стаг ца хилла, Цуьнан къена нана сельсовете яхара, цу муьрехь юьртахь лаьттачу цIечу эскарийн цхьана салтичуьнга и кехат дешийта дагахь. Доккха дацара кIанта шен нене яздина кехат. Масех могIа бара цу тIехь. Цо ша Iаламат дика Iаш хилар дуьйцура, мостагI хIаллаквина, кестта ша цIавоьрзург хилар хоуьйтура, нене са ца гатдар доьхура. Сихха велира салти кехат дешна. КIантера кхаьчначу хабар-костах самукъадаьлла цIайирзира къена нана. Ткъа кхана Iуьйранна, 1944-чу шеран 23-чу февралехь, дерриге а нохчийн къам санна, махках яьккхира турпалхочун нана а, даьлла хIума доцуш, хиндолчух кхето стаг а воцуш…
Даима санна цу дийнахь тIеман декхарш кхочушдеш, хIаваэхь вара Акаев Даша. Хьаькамаша шена хьалха хIоттийна Iалашо чекхъяьккхина, шайн аэродроме юха вогIуш вара иза. Цхьа цIеххьана хьаьвзина са декъадалийта дагахь, кемантIера радио хьалалатийра цо, мукъаме ладогIа дагахь. РадиотулгIенаш Дашас дIасакерчош, иза цецваьккхира ингалсан маттахь дечу къамело. Вайнах махках бахарх дара и къамел. Дегаюккъе топ кхетча санна, Iовжийра турпалхо шийлачу кхоо. Мича бахийтина, стенга бахийтина, хIунда бахийтина? Хьеюккъе зIок еттара цхьаъ вукхул ира долчу хаттарша. Кхуьнан миска нанас хIун дина хир ду-те? Некъан йозалла лалур юй-те цу пекъаре? Жоп дала стаг воцу хатттарш дара цуьнан садуурш. Аэродроме ша схьа муха кхаьчна а, кема ша муха сацийна а дага ца догIура цунна. Иза воьдуш лаьтташехь, шен командирана тIе вахара. Инарлна хууш хиллера вайнахана тIебоьссинчу бохамах дерг. Иза цец ца велира. Оцу къамелах вогуш хиллачух тера дара иза хьалххе дуьйна. Воьхна лаьттачу Дашега: «Хьо а, тIамера схьаваккхий, Казахстане дIахьажаве аьлла соьга, – элира инарлас, – ас дукха ка-мIараш йиттина хьо сайна юххехь вита лууш»… Блиндажчу кхаьчна Даша, цхьангга вист ца хуьлуш, шен метта ваьлла, пенехьа вирзина дIатевжира. Къаьхьачу ойланаша хорам бора. Вист хила де дацара. Воьхна накъосташна гайта ца лаьара. Вехха Iиллира Акаев Даша гIайгIанечу ойланийн йийсарехь. Ткъа буьйсанна кхуьнан тIемалошна хезира, цкъа а мостагIчух ца озавелла, бIаьрнегIар ца тухуш шина-кхаа шарахь шайна уллехь доьналлица чекхваьлла шайн хьоме командир, гIайбин маьIиг цергашца къуьйлуш, ахIидекъехь къора воьлхуш. Ши де дIаделира иза цхьаьннан бIаьра ца хьожуш. Амма гуш дара цхьана ондачу сингаттамо иза холча хIоттийна хилар. Дашас цхьаьнгге а, хIумма а ца дуьйцура. Кхуьнгахь дерг хатта бIаьхой ца хIуьттура. Хьалхе дуьйна хууш дара цо куьйгалла дечу авиаполко 1944-чу шеран 26-чу февралехь тIеман декхарш кхочуш дан дезаш хилар. Немцойн тIеман цхьа гIап Эстонехь яра. Эстонерчу Раквер цIе йолчу гIалин аэродромера гIуьттуш дара Ленинградан йистошка бомбанаш етта кеманаш. Уьш дохон дезара. Майора Акаев Дашас кечйина операци яра иза. Цундела иза хьалха волуш, кхуьнан кеманна тIаьхьа хIоьттина кхин ворхI кема долуш, тIеман эскадрилье хIаваэ елира. Нохчи хьалха волчу вайн тIемалоша лаьттаца дIашарйира Ракверера аэродром. Декхар кочушдина даьллера. ХIинца юхадерза мегар дара. Амма, цIеххьана юхавирзина, Дашас шен кема немцойн штабана чухийцира. ГIишлонех дIакхетта кема иккхира, шена буха мел нисделла хIума сийначу цIарца дагош. Акаев Дашин тIаьххьарлера турпалалла хиллера иза. МостагIчунна зен деш дIавахара нохчийн майра кIант… Цул тIаьхьа Акаев Дашин хьаькамаша кехаташ яздира Кремле, Даймехкан дуьхьа тIеман хьаьттахь шен дахар дIаделлачу майрачу кIантана Акаев Дашина Советски Союзан турпалхо сийлахь цIе тиллар доьхуш. Амма нохчашна цу муьрехь луш яцара и сийлахь цIе…
ГАЗИЕВА Аза