БIаьргашна бIаьрзе хилий,
Яха боху соьга.
Лергашна къора хилий,
Лела боху соьга,
Маттана догIа тоха Iама боху соьга,
Ас шун бакъдерг доьху дела,
Со галъяьлла боху соьга…
Нохчийн халкъана тIехIоьттина инзаре хала а, ирча а мур тIехIоьттинчу хенахь яздина Гайтукаева Банас и могIанаш. Кхузткъе итт шарахь вайна тIехь олалла дина Советийн Iедал доьхнера.

Россин пачхьалкхан коьртачу шахьарахь Москвахь берш даржаш къуьйсуш бара. Iу воцу бажа санна, ойланашца а, гIуллакхашца а декъаделла, даьржина нохчийн къам а дара. Герзаца эвхьазъевлла тобанаш яра.
Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь дара иза – Iазапан бодано ерриге а Нохчийчоь йийсаре лаьцча.
«Iалелай, xIapa ма леладайша!», – аьлларг, халкъан мостагI кхайкхавора, я, буьйсанна чулелхий, дIавуьгий, тIепаза войъура.
Бакъду, Гайтукаева Банин аз лакъо ницкъ-м ца кхечира цхьаьннан а.
БIешерийн мур бу боху,
Иштта чолхе xlyттуш,
Керла пачхьалкх кхуллу боху,
Маьрша синош дойуш,
КIант шен дена дуьхьалxloттaр
ГIиллакхе ду боху,
Вашас ваша цIийла керчор
ГIазот хуьлу боху…
Онда, нуьцкъала амал хила езара цу хенахь и дешнаш зорбане даха. И амал Банехь йолуш яра. Буькъачу боданехь генара еттало серло санна, дегахьааме, кханенах дегайовхо кхуллуш, декара поэтессин аз. Нохчийн поэзи евзаш а, езаш болчу шуьйрачу гонашна, оцу муьрехь, Бана кхин евзаш яцара.
Делахь а, цхьа хIума дика дара оцу заманахь: шуьйрачу хаамийн гIирсашна тIе бIаьрг биллина Iаш дара нохчийн къам. Охьадожа ца дуьтура журнал, газет – дикачух керланиг хааре сатесна.
Ткъа Банин байташ кест-кеста хуьлура Нохчийн Республикехь зорбане дуьйлучу газетийн а, журналийн а агIонаш тIехь. Цундела, сихха евзира и оьзда йоI массарна. Евзина ца Iаш, дукха а йийзира. Гуш дара къомана тIебазбеллачу баланаша садууш иза хилар.
Ша схьаяьллачу халкъах цуьнан дог лозуш хилар бIаьрла гуш дара поэтессин хIора могIанехь. Мел яккхий халонаш тIехIиттарх, къонахчун амал Банас хуьйцург цахилар а дара гуш. Бана кьинхьегамхо яра. ЦIархазмана, рифмех четар дина, дебош могIанаш дацара Банинаш. Халкъан гIайгIанашна орцадохуш, лазамца Iийжачу кийрара схьадолу маьрша аз дара.
Банас цкъа а къа ца хьоьгура хазъяла гIерташ, кечъяла гIepташ, Iедалан векалшна товчу къамелашца телекамерна хьалха гIерташ. Иза даима а шен халкъаца яра, цуьнан турпала хиллачух йоккхаерца, хуьйдинчу бохамашна доглазарца, сирлачу кханенах дог цадилларца. Цундела, тахана, мехкан дуьхьа баьхна мехкарий хьахийначохь, вайх хIораннан иэсехь, буьйса хазйина седа санна, серлайолу Гайтукаева Банин цIе…
Бана ТIехьа-Мартан кIоштарчу ВаларгтIера яра. Дуьнен чу ялар 1959-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь хиллера цуьнан. Бакъду, цо цкъа а даз-м ца дора ша йина де.
Массарна хууш ма-хиллара, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь вайнах махках баьхнера Сталинан хьадалчаша. Бана вайнах цIабирзинчул тIаьхьа дуьнен чу яьлла яра, делахь а, шен экамечу синан оьздангалла бахьанехь и пекъар даима а юьхьIаржа яр-кха, мехкан тезет ларалучу оцу Iаьржачу дийнахь ша дуьнен чу яларна. Иштта йоI яр-кх иза, шен оьздачу синна декъаза.
1967-чу шарахь ВаларгтIера юккъера школа чекхъяьккхина яьлла Гайтукаева Бана, оццу юьртарчу библиотеке балха яхара. Тхуна хетарехь, йозанийн хьаьркийн оцу беркатечу хьаьрмахь тасаделла цуьнан книгашца долу гергарло. ЙоIана дика евзара оьрсийн а, дуьненан а литература. Амма къаьсттинчу марзонца, Банас йоьшура нохчийн литература.
Ша кхиъначу кхерча мерза кхаъ кхаьчча санна, йоккхаера иза вайн махкахь нохчийн яздархочун керла книга араяьлча. Ца Iебаш, юх-юха йоьшура цо и книгаш.
1986-чу шарахь Бана деша йоьду Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете, корматалла караерзо, дагца къобалйина филологин факультет хоржий.
1991-чу шарахь университет кхиамца чекхйоккху. ЙоI, дика доьшуш хиларна, нохчийн меттан кафедрехь балхахь йитира. Цу муьрехь тасало Банин нохчийн къоначу яздархошца гергарло а.
Бексултанов Муса, Ахмадов Муса, Абдулаев Леча, Бисултанов Апти, иштта, кхиболу яздархой тайна заза дара оцу муьрехь шайн маьIнечу кхоллараллица нохчийн литература а, культура а езачеран дегнаш хьоьстуш.
Нанас дена бинчу вежарех санна, самукъадолура Банин царах. Цунна кIорггера евзара къоначу яздархойн а, поэтийн а говзарш. Цу хенахь зазахеца йолаелла яра Банин шен кхолларалла а.
Xьан цIийнаха яра со, Нохчийчоь,
Хьан цIийнаха яра.
Нахана дIайийца вopxIe ден цIе а хилла.
Хьан цIарца яьхна со, Нохчийчоь,
Хьан цIарца яьхна.
Хьешана xIoтто комаьрша шун а сан хилла.
Хьан юьхь ас ларйина,
Сайн эхь-бехк, сайн сий санна.
Къа доцчу сан синна теш xIoтта ду дийнна Терк.
Хьайбахахь ягийна, да вийна мостагI санна.
Сайн кхерчах йохийна.
Мисхал а сан боцуш бехк.
1992-чу шарахь Гайтукаева Бана балха еара Нохчийн Республикин пачхьалкхан радио. Къоман радиона доккха совгIат дара и тайпа белхахо шен кхерчахь хилар.
Исбаьхьаллин передачаш кечъечу редакцехь яра Бана болх беш. Мало йоцуш, бора цо шена дукхабеза болх. Цуьнан передачаш, дукха хьолахь, кхоллараллин адамех хуьлура. Махкана а, халкъана а дукхабезачу яздархойх, артистех, художникех, музыкантех. Цу юккъехула, радиоладогIархойн самукъадаккха Iалашо йолуш, цхьацца радиоспектаклаш хIиттайора, дуьненна евза, похIме актриса Багалова Зулай режиссер а йолуш.
Вовшийн дог-ойла цхьаьнайогIуш, вовшех дика кхеташ, бертахь болх беш яра Гайтукаева Бана а, Багалова Зулай а. Цундела шайн къаьсттина ладогIархойн аудитори яра церан, цушимма кечйина передачаш эфире маца йовлу хууш, уьш лар а еш, цаьрга ла а дугIуш. Церан говзалла яра и аудитори гулйинарг.
Оха хьалха билгал ма-даккхара, чолхе мур бара нохчийн къомана тIехIоьттинарг чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь. «Iедална», барам-чот йоцуш, муьтIахь хила везаш зама яра иза. БIостанехьа гIулч яьккхинарг тIепаза хIаллаквийр волуш, каде хьийзаш бара оцу Iедалан ялхой.
Делахь а, шен халкъана ямарт долчу Iедалан низаман гурашкахь соьцур йолуш яцара Бана.
1993-чу шеран аьхка, харцоно гIелдина адам митинге араделира. Цигахь чулацаме къамел дира Иорданера веанчу шайха Джамо Iабдул-Бакъис. Цу муьрехь мехкан Iедалехь болчу нахана товр долуш къамел дацара Джамос динарг. Цундела, берриге а журналисташкара диктофонаш схьаехира нуьцкъалчу структурийн векалша. Амма жимачохь дуьйна, ирачу хьекъалца къаьсташ хиллачу Банас, цара и дийр дуйла хууш, диктофон чуьра кассета хийцина хиллера.
Диктофон дIаелла, ша кIелхьараяларх ца тешаш, едда, радио схьаеанчу цо, Джамо Iабдул-Бакъин къамел, сихонца, ма-дарра, эфире дахийтина хиллера, хьекъалечу къаночо дуьйцург махкана дIахазийта.
Бакьду, цул тIаьхьа нийсса ах сахьт тоьира хьаькамаллехь болчу «къонахашна» Бана балхара дIаяккха.
Цуьрриг а шекйолуш Бана а яцара. Иза уггаре а хьалха бусалба стаг яра. Цунна хаьара рицкъ Делехь хилар. Мелла а хан яьлча, Соьлжа-ГIаларчу берийн кхоллараллин цIийне балха хIоьттира иза. Дукха ца бинехь а, директоран даржехь болх а бира.
Мел лакхарчу даржехь хилча а, цунах тасаелла Iийр йолуш яцара иза. Цуьнан массо а хIуманан бала бара. Иза массарна орцанца гIатта кийча яра. Гергарчарех, верасех, доттагIех а, мехкарех а цхьаъ маре йоьдуш елахь, цуьнан чамданаш юза арайолура Бана.
Могаш воцуш, сиркхо хьакхаелла, цхьаъ больнице кхаьчнехь, уггаре а хьалха, юургмерг оьций, дархочунна тIаьхьакхочуш Iедал дара Банин. Эскаре вахана, я, бехк болушбоцуш а, чувоьллина цхьаъ набахтехь велахь, цунна тIаьхьа посылка яхьийтаран paгI а, уггаре а хьалха шега схьаоьцура цо.
Доцца аьлча, шен леларца, духарца, дечу кьамелаца нохчийн са дара Гайтукаева Бана. Цуьнан хIусамерчу хотIаца а, кечбечу кхачанца а тосалора нохчийн xIо. Цуьнан йиша-вашас билгал ма-даккхара, иза шен кхерчахь а яра цхьа тамашийна кIеда-мерза, эсала, массо а, ваа санна, везаш.
Уггаре а самукъане де хуьлура Гайтукаева Банин чIепалгийн цхьа боккха барз бина, йиша-ваша схьагулдина, цаьрга уьш даийтар. ЧIепалгашца цхьаьна, шура тоьхна чай хуьлура. Ца хуьлура мух-мухха а кегийна-м.
Хаза, вайн наноша ма-кечдарра, гIалмакхойн бецаца цкъа кхехка а дой, литта а луьттий, туьханца а, бурчаца а чам тобой, тIаккха тIе шура юттий, кIеж йоккхуьйтий хуьлура.
Цул тIаьхьа, чай кечдар чекхдаьлча, хьелийн даьтта тухуш, кедаш чу дIаса дуттура. Сийсара доссийна нускал санна, каде хьийзаш хуьлура Бана массарна там бан гIерташ. Цуьнан оьздачу синан комаьршалла яра иза. Бана шен сица, цIийца, тIамарца поэт яра.
Дуьнене хьежар а дара цуьнан цхьа шатайпанчу поэзин башхаллица къаьсташ. Нохчийн къомах мел дерг сирлачу басаршца гора Банина, иза иштта, хила а лаьара цунна. Цхьа дагахьбаллам бисина: Бана дийна йолуш, цхьа а книга зорбане ца елира цуьнан. Шен байтийн гулар зорбане яккха гIерташ, Банас цхьаьнгга а дехарш ца дира.
1994-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь вайна юкъара дIаяхара поэтесса. Нохчийн поэзи мел езачунна даг тIе шийла ша а буьллуш. Банин 35 шо бен дацара. Иза доьзалан ирс девзина яцара, марехь хилла яцара.
Цуьнан берриге а бахам Нана-Нохчийчоьне болу сирла безам бара. Нохчийн кура лаьмнаш цуьнан экамечу синан бIаьвнаш яра. Ша нохчи хиларна Далла хастам беш ехира Бана. Шен кхоллараллица оцу локхалле вайга кхойкхура цо.
Кху шарахь кхузткъа шо кхочур дара цуьнан. Теша лаьа, и терахь тидаме эцна, вайн махкахь Банин байташ, цхьана гуларе ерзийна, зорбане йохург хиларх. Иза дIаяьллачул тIаьхьа цуьнан доттагIаша тIалам бина, зорбане яьккхина цхьа книга ю. Царна Дела реза хуьлда!
Делахь а, и кIезиг ма ду Гайтукаева Бана санна йолчу поэтессин беркате кхолларалла шуьйрачу гонашна йовзийта.
ГАЗИЕВА АЗА
№14, чиллин (февраль) беттан 22 де, 2019 шо