Дала дика дина ву Соьлжа-ГIалин Катаяма поселкехь вехаш волу Исламов Хьусайн, дезткъе итт шаре кхаьчначу шен оьмарехь, дегI долара а ца доккхуш, иэсах а ца талхош схьавалаво Цо иза.
Шена дагадогIучу 85 шарахь нохчийн къоман Iер-дахаран хьал дика девзаш а, дагадогIуш а, цуьнан жигара дакъалацархо а хилла иза. Тхо иза волчу даханчу дийнахь а, «лелош цхьа ши бежана ю Батин, уьш Iалашйина, ламаз дина, паргIат ца ваьлча, синтем хир бац цунна», – элира йоIа.

Тхо кийча дара мел оьшу а Iен. Шега хьал-де хаьттича: «Хьал Делан ду, со а нах санна, кху дахаре нисвалар бахьана долуш, харц-бакъ когаш бетта дезаш хилла, амма «харц» бохучух, цIарах санна, ларвелла со. Бераллехь дуьйна а оцу гIуллакхах болу пайда сан дедас а, дас а хьехна а, церан дахаран зеделлачух гина а хиларна», – боху Хьусайна.
Иза вевзачара дийцарехь, хабарна тIера вацахь а, тхан юьхь ярна, оха дечу цхьацца хаттаршна жоьпаш луш, шен дахарх лаьцна дийцира цо: – Паспорта тIехь 1932-чу шарера ву аьлла дIаяздинехь а, иштта «жима» а вац со. Тхан нанас олура, Котар-Юьртара хьуьжар дIаяьккхинчу шарахь вина, олий, ткъа тхан девашас РапаIа со 1928-чу шарера ву, олура. Сайна а зеделла суна иза, хIунда аьлча вайн махка украинцаш баьржина хан дика дагайогIу суна, ткъа иза 1933-гIа шо хилла.
Оцу шарахь тхан юьрта, ТIехьа-Мартан кIоштарчу Хаьмби-Ирзе баьхкинчу украинцийн а, царна хьошалла деш, уьш тIеэцначийн а цIераш дика дагайогIу суна. Кхин оцу хиламца бала хиллал ца хиллехь а, чохь баккхийчара дийцина дела хир ду-кх иза. Хьусайн воккхахверг а, кIант а хиларе терра, доьзалехь цхьа билггал меттиг санна, жоьпалла а алссам долуш вара. Сагар ледара долчу дедена уллехь сецар алсам хулуьра кхуьнан.
– Тхуна лахахь яра «Шедидан хьуьжарш» лаьттина меттиг, – дуьйцу цо, – кех ваьлла, цига ваха салаьттара деден, цига дIакхаьчча, пенаш чудилхинчу хьуьжарх букъ тухий, тIулган ларда тIе хуий, малхе юьхь ерзайой Iара, соьга даима а «гена ма ваьллахь», олура. Ца кхоош, массарна а цхьабосса шен зIаьнарш Iеночу маьлхан йовхоно а, къам дакъаза даларна теш хилла лаьттачу хьужаран пенаша а лучу синтемаца вехачу сан дедас еш хиллачу ойланех дагаволу со тахана.
Хала ловра баккхийчара советийн зама а, цуьнан гIиллакх-гIуллакхаш а. Азаллехь, ша кхуллучу хенахь дуьйна а, Делах бен кхера а ца дезаш, шаьш санначу адамана лай хилла латта а ца дезаш, машарехьа а, маьршачу дахарехьа а тIемаш бан дезнехь а, сапаргIатдаьхначу нохчийн къомах волчунна хала дара, Дела воцучу куьйгаллина кIела ваха.
Жимма а доьналла, яхь, хьуьнар дерг «кулак» вой дIавойура, ткъа шай мах боцучу кIиллойх хьаькамаш хуьлура. Деден гIуллакхах мокъа волчу хенахь, ша санначу берашца цхьаьна жа дажон а, эсий дажон а воьдура Хьусайн. Цул сов, школехь доьшуш а вара.
– Юьрт ан школа де — хьа эвлайистехь, цхьана уьйтIахь ши цIенош долчу ЭльдаровгIеран кертахь яра, – дагалоьцу воккхучу стага, – латиници тIехь дара тхан дешар, хьехархой а дага богIу суна – тхан юьртахой Алимханов Товгир а, Бичуев СаьIид а, Умхаев Докка а, Махмудов Мустапа а. Цхьана юкъанна Гайтукаева Падам а еара кегийчарна хьеха.
ТIом болабеллачу деношкахь ша хьоьхучу берашна «Бисмилла» Iамийра цо. Бер хиларе терра, кхин кIорггера ойланаш яцара кхуьнан, дешарца а, ловзарца а, цIахь дечуьнца а дика ларавора. Йоккха 25 минотехь перемена хуьлура школехь, оцу юкъанна водий цIа а вогIий, сискалан юьхккий, схьаяьлла наьрс чу а кхуссуш, цIенна сонехь лаьттачу шелаг чуьра берамала яхана наьрс оьций, юхаваха а ларавора.
Буьрканах а ловзура, кердага (цIоканан кийсак) юккъе цхьацца бехчалгаш юхкий, гуобаьккхина тега а тоьгий йина хуьлура иза, наггахь хьаьхамча буьрка а хуьлура. Цкъа керла кIархаш буьйхина (нанас кIадех тоьгура уьш, якъаеллачу цIоканах айраш а деш, баца тIехь а, догIа деана меттиг хилча а, хала хуьлура уьш когахь сецон) ваханчу кхунна, тешнабехк бира буьркано, охьакхетта, ког кагбира.
– ВаллахIи и муха хиънера ца хаьа суна, баккхийчара хьалаайвина, со класса чувигина валале, схьакхечира тхан нана, – хийцаделлачу озаца дагалоьцу воккхачу стага.
– ТIом болабелча, цхьа сиха даккхий хилира тхо. Юьртара дуккха а кегийрхой бахара тIаме, царна юкъара Абдурзаков Хьоза, Ельмурзаев Сайд-Iали, Докаев Ахьмад фински тIамехь хилла бу. БачиговгIар Эдалби а, Юнус а дика евзачу 255-чу полкехь тIом бина а, Сталинград схьайоккхуш, тIепаза байна а бу.
Магомадов Сайпудди фински тIамехь дуьйна а летчик хилла, даккхий хьуьнарш гайтина ву. ТIеман аренашкахь Iахка бисина Демельханов Iабдул-Хьамид, Ибрагимов Супьян, Катаев СаьIид, Умхаев Тиша, Берсанов Муси, Вадаев Iусман, кхин а масане бара уьш, суна дага богIурш а, ца богIурш а.
1939–42-чуй шерашкахь, берриге а бохург санна, юьртара кегийрхой тIаме бахара, уьш дIабоьлхуш, синкъерамаш а, ловзарш а дора. ХIинца ойла йо ас оцу белхан, мостагIчух Даймохк ларбан боьлхуш бара уьш, оцу сийлахьчу новкъахь шайн синош ца кхоош бала а кийча а болуш, цундела дог-ойла айъелла, цхьа а леткъамаш боцуш, ша-ша ваха а гIерташ боьлхура. Царах дукхахберш юха а ма ца баьхкина.
1943-чу шарахь кегийрхой бисина а бацара юьртахь, амма шайн лаамца тIаме бахара цу хенахь хьалакхиънарш, шайна юкъахь Асхабов Ахьмад а, Бециев Нохьа а, Махмудов Мустапа а волуш. ЦIахь бисинчара а дакъалоцура махкана тIехIоттинчу бохамехь. Шен-шен хенахь пачхьалкхана дIалора ялта, жижиг, даьтта, шура, хIоаш.
Зударша юьйцина тIергIа пазаташ, каранаш, тонка, бакъийна дума, жижиг чудуьллий, кест-кеста посылкаш йохьуьйтура тIаме. Гуьйранна чудирзина Iа чIагIдалаза дара «на постой» салти баьхкича. Уьш юьртахойн цIеношкахь дIатарбира. Массо а хIусамда шен гIолехь долу цIа а, дика кхача а царна латтош вара.
Церан куьйгалхо, уполномоченни Волков (цIе дага ца йогIу суна, Казахстанехь юьртарчу нахана гина, вевзина хиллера иза), тхан девешин цIеношкарчу оти (хьешацIа) чохь дIатарвеллера. Баккхийчара дукха кхайлаха дуьйцура, нохчий цIерабаха кечам бан бахкийтина уьш бохуш, вуьшта, боьдуш тIом болуш, «дерриге а тIамна» бохучу кхайкхамца дехаш долчу адамашна тIехь и къизалла хIоттор ю аьлла, цхьамма а тIе ца дуьтура.
Вай дIадохоле 2–3 кIира хьалха, СемаIашка, цхьа тезет даьллийла хаийта ваханчу суна сайн бIаьргашна гина ю-кх схьатеттина лаьтта даьхни дIасалелон шалонаш.
КIеда Iа дара 1944-чу шарахь деанарг. Вай дохочу Iуьйранна бен ца диллира ло. Бакъду цу дийнахь, Iалам Iебира, даккхий чимашца ло диллира. Тхан да а, кхиболу баккхийнаш а танкашна дуьхьал оьрнаш даха буьгуш бара.
Цул сов, нохчий махках бахале цхьа кIира хьалха Волков а, кхиболу салтий а школа чу дIабахара, ткъа школа колхозан правлени чу сехьа яьккхира. Со цу хенахь 6-чу классехь доьшуш вара. Со а, кхиболу кегийрхой а цIахь-кертахь дохнаца, ягочуьнца тасаделла дохкура.
Тхаьш Даймахкана а мисхал хьарамло йина а, ян дага деана а цахиларна дан тоьшалла а ду-кх сан. Деши санна, цIена ойланаш а, куьзга санна, къегина дегнаш а дара тхан. Вонаш а хилла хир бу-кх, вуьшта, суна-м ца бевзина уьш…
Ойланехь тIе ца дитинехь а, суьйранна дохнан гIуллакх дина чувахча, нанас кечдинчу галин тидам хилира кхуьнан. 74 кийла чуйоьдуш долу гатанан гали дохала хада а дина, иза белшах таса аьтто болчу агIор тIе доьхкарш тесна, кхеран йолу цIена бедар а, ахча-бохча а цу чу дерзийна, новкъа даккха кечдинера.
«ХIара суна кечдина-кх нанас», – аьлла, «хах» аьлла шело хьаьдира кIентан даге. Оцу буьйсанна масех гали ахьар а, цу а, тхов тIера схьаэцна вордана тIе хьаьжкIаш а йоьттира кхушимма, амма хIунда, стенна, вовшашка цхьа дош а ца олуш.
Дукха Iуьйре гIаттийна, шайн дейиша йолчу Гихта ваха новкъаваьккхира хIара нанас, шинарин дийнахь хиллачу базарахь нохчий цIерабахарх, дерг схьакхайкхийна боху, цунах дерг хатта аьлла, амма генавалале юхаверзийра, некъ бихкина бара…
– Цхьана сохьтехь хьовзийна юьртах дехира тхо, – дуьйцу Хьусайна, – Iалашдаза, Iоьхучохь дисира даьхни, угIура жIаьлеш, доьлхура зударий-бераш, гIорийча санна, мотт ца керчаш, бисинера баккхий нах. Карахькуьйгахь доцуш, арабаьхнарш а бара.
Тхан девешин хьешо къадор бахьана долуш, вашис керташкахь кечам байтарна (тIаьхьа кхийтира со), тхоьгахь-м мелла а таро яра, амма дIахецна йисира тхан говр-ворда, лай кIел яхара ворданна тIера хьаьжкIаш. И буьйса лай тIехь яьккхира оха. Набаран суй кхетаза волу со, синбилгало къастале, тхайн керта вахара. Массо а цIийнан неI йиллина яра, чохь йисина пайде цхьа хIума яцара.
Дохнан кертахь лайла яхана йисина цхьа котам карийра суна, кхидерг Iайг хьаьккхина дIацIандинера. И котам пхьаьрса кIел лаьцна юхавеана со, яккхийчу машенашна тIебуттучу сайн юьртахошна тIекхечира. Дала ма гойтийла и де цхьана а бусалбанна…
СемаIашкарчу, 2–3 кIира хьалха суна гиначу, вагонашна тIедоьттира тхо. Цхьана Iуьйранна жималла генахь йисина, воккхахилла со, сайн гали гехь, кхаа йишина а, вешина а дола деш, галеш тIедуттуш нанна а, гонаха болчарна а гIо деш хьийзара. Оцу бехачу новкъахь цкъа кечбина бовха кхача ца биира оха, наггахь нанас хьакхочу цу межаргах тоам бора.
Меца, хьогах ду аьлла, цхьаьнггара а арз ца хезара. Цергашца балдаш лаьцна, узар ца беш, Деле бирзинарш а бара. Шалон сецначохь, чубогIий салташа «парверка» а йой, аьчканекъан йистошца лайла охьакхуьйсура кхелхинчеран декъий. Амма мел къиза делахь а, дахар дIадоьдуш дара. Новкъа девлла цхьа кIира даьлча, Уральск олучу меттехь, дуьнен тIе велира тхан ваша Iабдул-ВахIаб…
Кхин а цхьана кIиранах новкъа дахча, цхьана цIевзинчу Iуьйранна лаххьийна Акмолински областерчу Атбасар станцехь охьадиссийра тхо. Салазашкахь, Молотовски кIоштарчу Балкашке дигира. Бухахь, тхо санна, махках баьхна полякаш а, немцой а, украинцаш а бара. Ас жоп луш хилла долу тхан бедар а, ахчанах хIума а чохь йолу гали а, юккъе кхаьчна цу чохь болу гали а стигала дела я лаьттах дуьйла ца хууш, оцу станцехь дайра. Амма ахьаран ши гали салаза тIедуьллийла хилира, цунах тхо Iаьнах а девлира.
БIаьстенан юьххьехь колхозан балха охана дан аравелира со. Нахарна боьжна ши етт болуш, синбилгало тесча, Iаржъяллалц охана дора. Царах цхьаъ эсала амал йолуш бара, важа, эмалк санна, сецон безаш хуьлура, делахь а, мухха а тхан амалш вовшашца йогIура, дийнахь тоьхна норма кхочушъялора. ТIекхечира кIа хьокху зама а. ХIинца нахаран метта ворда яра соьгахь, Балкашкерчу элеваторе кIа дIакхоьхьуш вара со.
КIа эцна дIакхаьчча, цхьа кийла бепиг лора. Буйнахь Iаьвдича, чIепалг хуьлура цунах, амма бепиг дара иза. Дийнахь кхо рейс соьга ян елча, сарахь цIа дахьа тоъал бепиг кхочура суна. Да цомгаш вара, йиш-ваша кегий дара, сох тешна бара уьш. Кхо кийла бепиг, ма бахам бара иза, цуьнга сатуьйсуш, са ца доIуш къахьоьгура. Барам-чот йоцуш йовха яра аьхке, кхехь (куьркахь) даллийна гIалакх санна Iаржлой, балдаш, куьйгийнкогийн пIелгаш лелхий, вочу хьолехь хуьлура со. Сан миска нана гонаха хьийзара, цхьацца хьоналла хьокхий, дарбанаш деш, амма наб кхетта валале, гIатта везара.
Делахь а, жима вара, могаш вара, балхах къехкаш вацара, иштта Дала хене дехира-кх. ШолгIачу Iай делахь а, я кхоалгIачу Iай делахь а полякаш дIабахийтира, цара лелош хилла даьхни бухахь дуьсучу тхоьга кхечира. Делан къинхетамца бан болх а бара, къахьегча луш напха а дара, мацалла ца делира тхо.
Иштта, 4 шарахь Балкашкехь Iийра, цул тIаьхьа Алма-Атински областерчу Узун-Агаче дIакхелхира тхо. Ерриге а Нохчийчоьннал хир дара цигарчу Костецки племсовхозан латта. Цуьнан директор лелош шофер вара тхан деваша РапаI. Бан болх шортта бара кхузахь а. Цигара трактористан дешар деша вахийтира со, цул тIаьхьа комбайнеран дешар а дийшира.
1950-чу шарахь, кIа хьокхучу комбайна тIехь со а волуш, 11–12 шо долу ваша Iабдул «копнильщик» (литтанаш дийриг) а волуш, 6 шо долу Iабдул-Вахьаб «помощник» а волуш, «бригада» яра сан. Балхана генара накъосталла ца хилахь а, юучунна гIо-накъосталла хуьлура тхуна, цундела и шиъ сайца лелавора ас. Иштта 3–4 шарахь цхьаьна болх бира оха. Дуьххьара кIа чудерзийча, 3,6 тонн кIа делира тхуна. 6 шарахь къахьийгира Костецкехь а.
1957-чу шеран хIутосург (май) беттан 3-чу дийнахь, баккъал а, воккхахилира Хьусайн, цу дийнахь бухIанюьртахо ПетIамат ялийра цо, ткъа оццу беттан 15-чу дийнахь цIа бахка новкъа бевлира хIорш. Юха а шен ойланаш йосту Хьусайна: – Жимма хьалхе цIавеана тхан деваша РапаI гIалахь дIатарвеллера. Цуьнан масалца гIала охьавеара со а, амма прописка ца хилча балха дIа ца оьцура, балхахь ца хилча, латта ца лора. Сан юьртахо Вахаев Рамзан (вай дохоле дуьйна а гIалахь Iаш вара) волчохь прописка а йина, и гIуллакх тIаьхьа-хьалха делира.
1957-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 31-чу дийнахь шоферан балха аравелира со. Цу дийнахь дуьйна, 36 шарахь, №1336 йолчу автоколоннин 3-чу гаражехь и болх бира. РапаIна лулахь меттиг а нисъелира. Хаьмби-Ирзерчу хьуьнхара серий, хьокхий деана, 3 метр шуьйрий, 6 метр ехий юьйцина дуьххьарлера гIишло юьйгIира ас кху кертахь.
Оцу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 19-чу дийнахь, белхи а бина, и гIишло дIа а хьаьхира, тхов тIе цIенкъа а йиллира, тхов а тиллира. Тамашийна хIума дара, поппар бан а, дIахьаха а довха де дара иза, амма шолгIа Iуьйре цIевзина еара. Цу дийнахь Хасавюьрта командировке хьажийра со.
3–4 де даьлча, цIа кхаьчча, корашна дIатоьхна ангали а ду, дIахIоттийна неI а ю, йогуш пеш а ю, гIалахь деша схьавеана Iабдулла а ву. Цул тIаьхьа хийла гIишло йина ас кху кертахь, амма иза сакъералуш йира. Минотана а ца соцуш, шен рогIехь дIадахна-кх дахар…
60 шарахь цхьаьна дехира Хьусайн, ПетIамат. Кхеран дуккха а болчу гергарчу нехан а, лулахойн а, бевзабезачийн а тоьшаллица дукхе-дукха гIиллакхе, оьзда стаг а, шен хIусамдена муьтIахь хIусамнана а яра ПетIамат (Дала декъалйойла иза), иштта гIиллакхе, оьзда доьзал а (ши кIант, йиъ йоI кхиийна цу шимма).
Мел чIогIа ладегIарх а, муьлхха хаттар дарх а шен заманна леткъамаш бар а, я балха тIехь галаморзахадаьллачух дерг дийцар а, я цхьаннах а вон дош алар а дацара Хьусайнан.
– Дерриге а дала дезаш а, Далла хьалха хIитта дезаш а ду-кх вай, Цуьнан къинхетам хуьлда вайх, – дерзийра цо, – иштта чекхдолуш хилла-кх хIара дахар, цхьа де санна…
Воккхачу стеган къамел собарх, синкхетамах, цхьа а хIума деста а ца деш дийцарх, дерриге а Делан кхиэлаца хиларх тешна дара. Кху хьеръяьлла йоьдучу заманахь дехачу вайна ма чIогIа оьшу иштта хилар, ткъа и амал вайн къоман ю, вайна Дала елла а ю, вешан доцчуьнга ца кхийдаш, къоман долчуьнга кхевдичахьана.
Т.САРАЛИЕВА
№14, чиллин (февраль) беттан 22 де, 2019 шо