Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Бусалбанийн динан урхаллин председательца Межиев Салахь-Хьаьжица хIокху деношкахь хилла цхьаьнакхетар лерина дара муфти Шема вахаран жамIашдарна.

Межиев Салахь-Хьаьжас дийцарехь, цо дакъалецира Шемарчу Хомсехь Халид ибн аль-Валидан цIарах долу XIX-чу бIешарера маьждиг, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондо меттахIоттийначул тIаьхьа, схьаделларехь.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Шема мехкан динан дайн а, Iедалан органийн векалийн а цIарах маршаллин а, баркаллин а дешнаш элира Нохчийчоьнан муфтис.
«Шемахь тIемаш хилар бахьанехь чIогIа дохийнера маьждиг. ХIинца иза дерриге а тодина. Чоьхьара а, тIехулара а белхаш, объектан исторически мехалла тидаме а оьцуш, дIабаьхьна. Хьалха шен хиллачу куцкепехь ду хIинца маьждиг. Герггарчу хенахь цунна гонахара меттигаш а тоян йолор ю. Иштта дIахьош бу Алеппора юккъерчу бIешерашкахьлера (Омейядийн династи йолчу хенахь, 715-чу шарахь дина долу) маьждиг тодаран белхаш а. ГIишлошъяран белхаш цигахь бахбелла, хIунда аьлча, маьждиг дуьненан культурин тIаьхьалонан объекташна юкъадогIуш ду. Цигахь массо а хIуманна духе кхиа дезаш ду, ур-атталла, хIора тIулг биллар а тептаршца догIуш хила деза. Шозза ЮНЕСКО-н цIарах комисси еана цига, царна цхьа а кхачамбацар ца карийна», – дийцира С.Межиевс.
Кадыров Рамзана Шема вахарна баркалла элира муфтина. Цо билгалдаьккхира, Регионан юкъараллин фондо гIоьналлин гIуллакх дIадахьар Шемарчу бахархошна чIогIа мехала а, маьIне а хилар.
«Шемахь чIогIа дукха бу гIарабевлла бусалба Iеламнах исламан дешаран заведенеш а, дуьненан маьIна лелош культурин тIаьхьалонан объекташ а ю. Шемин халкъ шен башха культура а, хьалдолу истори а йолуш ду. Халачу хенахь вайн вежаршна гIоьнна куьг кховдор вайна доккха дозалла ду», – элира республикин Куьйгалхочо.
А.ХАСБУЛАТОВА
№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо