Дагалецира вайн халкъ махках даьккхина 75 шо кхачар

Хууш ма-хиллара, карарчу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чохь 75 шо кхечира вайн халкъ, шен Даймахках а доккхуш, Казахстанан а, Юккъерчу Азин аренашка дIакхалхийна.

«Халкъийн чалта» Сталин бахьанехь лайна и бохам вайн халкъан исторехь уггаре а лазаме а, чолхе а хилла бисина.

Цул тIаьхьа дIадаьлларг 75 шо делахь а, оцу бохамах «иэсан» дакъа нохчашна нанойн кийрахь дуьйна кхочуш ду – сица, кхетамца, иэсаца баха бисина и бохам нохчашлахь, цхьана чкъуро тIекхуьучу чкъуре дIа а кхачош.

Оцу денна леринчу шен кхайкхамехь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира и де нохчийн халкъан кхетамехь а, исторехь а Бохаман де санна дисина хилар.

«…Сталинан Ӏазапо а, къизалло а хьийзийнарш, байъинарш, Даймахках баьхнарш дага а лоцуш, хӀокху дийнахь, чиллин (февраль) беттан 23-чохь, сагӀанаш а доху вай, доӀанаш а до. Нохчийн халкъо цкъа а дицдийр дац и Бохаман де!..», – бохура цо шен кхайкхамехь.

Карарчу шарахь Бохаман де шоьтан дийнахь нисделла хиллехь а, цул хьалхарчу дийнахь – пIераскан дийнахь – махкарчу маьждигашка рузбана гулбеллачарна имамаша дийцира оцу дийнах а, цу дийнахь халкъо лайначух а, НКВД-н салташа халкъе хIоттийначух а лаьцна, Даймахке са а туьйсуш, бакъдуьнена бирзинчу нохчашна доIанаш а деш.

Шоьтан дийнахь, чиллин (февраль) беттан 23-чохь, маьждигашкахь, Бохаман денна лерина, зуькарш дира, къаьсттина доккха зуькар Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь а деш.

Бахархоша сагIанаш даьхна ца Iаш, мовладаш а дешийтира, иштта, ламаст а хилла схьадогIуш ма-хиллара, шайн хIусамашка бохам кхаьчна де хилар билгалдоккхуш, сарралц, диллина кевнаш а латтийра.

Халкъ Даймахках даьккхина 75 шо кхачарна аьлла, пачхьенехь йолчу Дуьненаюкъарчу терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторехь кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойн хӀолламна хьалха, Даймахке сатуьйсуш, Юккъерчу Азин аренашкахь бакъдуьнена бирзинчу нохчийн иэсан чартийн майданахь, гулам дIабаьхьира республикерчу юкъараллин организацийн а, Муфтиятан а векалша.

Цигахь дакъалецира Юкъараллин палатин председатела Денильханов ИсмаьIала а, Профсоюзийн федерацин председатела Солтагереев Хьусайна а.

Иштта, Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат коьртехь а волуш, Нохчийчуьра делегаци Дагестанерчу Ӏовхойн (Ауховн) кӀоштахь а хилира.

Делегацина юкъахь вара Гуьмсан кIоштан префект Оздамиров Iусман а, оццу кIоштан къеда Абдулмуслимов Iамир а, Нажи-Юьртан кIоштан префект Музуруев Асламбек а, шен хьехамаш къаьсттина кегийрхошна дукха безаш волу Iеламстаг Хареханов Асвад а вара.

ГӀачалкъахь (кӀоштан коьрта юрт) цара дакъалецира нохчийн халкъ Даймахках даьккхина 75 шо кхачарна леринчу гуламехь.

Цигахь дакъалаьцна а, къамел дина а ца Ӏаш, Умаров Джамбулата шех тешийна доккха а, деза а гӀуллакх а кхочушдира – Нохчийчоьнан Куьйгалхочуьнгара Кадыров Рамзанера салам-маршалла дӀаделира цо Ӏовхойн а, иштта, Дагестанан кхийолчу а кӀошташкарчу нохчашка.

Цул сов, дахаран халачу хьелашкахь болчу нохчийн 5 эзар доьзална Кадыров АхьмадХьаьжин цӀарахчу Юкъараллин фондера сагӀа а дӀакхачийра.

Дагадоуьйту оцу гуламехь дакъалоцуш Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а 15 эзар сов нохчи хилла хилар.

Цул тIаьхьа, нохчийн къоман цIеяхханчу турпалхойх цхьаъ волчу Бенойн БойсагIаран коша тIе а хIуьттуш, цIабирзира Нохчийчуьрчу делегацин векалш.

Билгалдаккха догIу Бохаман денна лерина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Юкъараллин фондо Нохчийчуьрчу 25 эзар доьзална а сагIа делла хилар: жимачу галеш чохь шекар а, дама а, иштта, тIоьрмигаш чохь бепиг а, моз а, котам а, шура а.

И.ХАСАХАНОВ
№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: