Совдегаралла а, бизнес а йовзуьйтучу журналисташна – конкурс

Нохчийн Республикин жимачу бизнесан ассоциацис вовшахтоьхна а кхузаманахьлерчу хьежамашца догIуш а цхьаьнакхетар, аьлча а, бизнес-марта дIадаьхьира Соьлжа-ГIалахь.

Цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан Парламентан депутата Нагаев Iаднана, «Единая Россия» партин республикерчу отделенин Кхочушдаран комитетан куьйгалхочо Динаев Iадлана, республикин Жимачу бизнесан ассоциацин председатела Бугаев Джамлайс, иштта, лакхахь билгалъяьккхинчу Ассоциацин а, «Россельхозбанкан» а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалша, кхечара.

Бизнес-мартехь йийцаре йира ши тема – «Финансаш а, кредит а», «Масс-медиа а, реклама а».

Цхьаьнакхетар дIадолош, Бугаев Джамлайс дийцира «бизнес-марта» кепара цхьаьнакхетарш дIадахьаран ламастех, Соьлжа-ГIалахь иза шолгIа бен дIахьош цахилар билгал а доккхуш.

Цул тIаьхьа цо бовзийтира «Россельхозбанкан» векалш – Нохчийн филиалан вицедиректор Тычкова Ольга а, Жимачу а, юккъерчу а бизнесан клиенташца болх баран отделан хьаькам Сербиев Мохьмад а.

Совдегарийн хаттаршна жоьпаш делла ца Iаш, цу шимма дийцира финансийн учрежденеша совдегаршна гIо дарехь бечу балхах лаьцна.

Уьш къамел дина бевллачул тIаьхьа Бугаев Джамлайс билгалдаьккхира, Правительствос и гIуллакх терго йоцуш дуьтуш доццушехь, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь и жимма жигара цахилар а, мелла а «тесна» юьтуш хилар а.

– Экономикин талламхой я тематика чуьра дуьйна евзаш болу говзанчаш бац вайн шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь. Цундела совдегараллина а, бизнесна а лерина рубрикаш а, передачаш а яц. Иза хьесапе а эцна, сацам хилла – совдегаралла а, бизнес а йовзуьйтучу журналисташна юкъахь конкурс дIакхайкхо. Тхо тешна ду, нагахь санна, и тема хаамийн гIирсашкахь мелла а жигара, эвсара йийцаре ян йолаяхь, мелла а хан яьлча, оцу декъехь говзалла я хаарш долу журналисташ кхуьург хиларх, – элира цо.

Оцу дIадолорца Ассоциаци лерина ю Парламенте а, Экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерстве а кехаташ яздан.

Конкурс масех номинацех лаьтташ хир ю: ТВ-н а, радион а эфирашкахь а, зорбанан шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь а, блогосферехь а совдегаралла а, инвестицийн хьал а довзийтаран материалаш а, царна лерина суьрташ а довзийтар а, республикехь социальни совдегаралла кхиор довзийтар, и.дI.кх.а.

Нагаев Iаднана а, Динаев Iадлана а шаьш и дIадолор къобалдеш хилар хаийтира.

Билгалдаккха догIу бизнес-мартехь «Финансаш а, кредит а» а, «Масс-медиа а, реклама а» теманаш йийцаре ярехь дуккха а совдегарша дакъалаьцна хилар.

Царна юкъахь вара «Bikata» кафена урхалла ден Гакаев Iабдул, «Город бизнеса» компанин векал Баматгиреев Болат, суртдаккхархо Яричев Расул, «АктивЭкспо»-н директор Чинхоева Зарема, «Зеленое золото» юкъараллин директор Мацаева Марина, «Юг-Авто»-н векал Муслим Довлаков Муслим, «Декстор Групп»-н директор Магомадов Муса, кхиберш.

И.ИСЛАМОВ
№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: