Церан сий дар вайн декхар ду

ваха

Даймехкан Сийлахь-боккхачу т1амехь толам баккхарехьа къуьйсуш СССР-хь дехаш хиллачу къаьмнийн дуккха а векалш кхелхина. Иштта Нохч-Г1алг1айчуьра эзарнашкахь б1аьхой хилла цу т1амехь дакъалоцуш. Нохчийн доьзалехь мел къона велахь а, боьрша стаг даима а хилла шен Даймахкана т1е бала беъча, цунна дуьхьало ян кийча. Дуккха а нохчийн к1енташа шайн синош ца кхоош, майралла, къонахалла гойтуш, дакъалаьцна Даймехкан Сийлахь-боккхачу т1амехь. Халахеташ делахь а, карарчу хенахь Нохчийн Республикехь дукха ца бисина цу т1еман дакъалацархой. Цундела тхуна кхаъ хилира Октябрьски районехь Х.Нурадиловн ц1арахчу урамехь «Кхузахь 1аш ву Даймехкан Сийлахь-боккхачу т1еман ветеран Гакаев Ваха», аьлла кевнна хьалха д1атоьхна билгало гича. Кху деношкахь Вахин х1усамехь хилира тхо.

Нохчийн Республикин ветеранийн Советан председатель волу Гакаев Ваха вина 1922-чу шарахь Хьалха-Мартант1ехь. Гакаевг1еран доьзалехь 3 йиша а, виъ ваша а хилла. 1928-чу шарахь церан доьзал Соьлжа-Г1аларчу В.И.Ленинан  ц1арахчу ураме схьакхелхина. Цу шарахь Соьлжа-Г1аларчу № 15 йолчу школе хьалхарчу классе деша вахана Ваха. 1935-чу шарахь, цуьнан 13 шо долчу хенахь кулакаш бу аьлла, шен гергарчаьрца махках баьккхина Узбекистанерчу, Оккургански районе д1акхалхийра церан доьзал. Цигахь Шелара а, Атаг1ара а дуккха а нохчий хилла. Вахина уьш а шайн ц1ершца дагабог1у: Атаг1ара Акаев Идик-Хьаьжа, цуьнан к1ант Ахьмад, Пашаев Яхья, 1алхан-Юьртара молла Мохьмад-Бешар-Хьаьжа, Чехкиев 1усман, Цицкиевг1ар а, иштта кхин дуккха а. Узбекистанехь Болтабаевн ц1арахчу совхозерчу 10-чу отделенехь бамба боккхуш 3 шарахь болх бина к1анта. Цу совхозехь Вахий, Атаг1ара Т1атий  бен кхин цхьа а нохчи ца хилла.  Цхьаьна дийнахь цу итте а отделенехь бамба дукха хьан боккху хьожуш хиллачу къийсадаларшкахь Вахас ша хьалхара меттиг яьккхира боху. Веларца дагалоьцу цо цигахь шена совг1атана елла газа.  Хийрачу махкахь  кхо шо а даьккхина, ведда ц1авеана хилла Ваха. Цул т1аьхьа, Соьлжа-Г1аларчу НКВД-н набахти чохь валлийна иза. Цигара ара а ваьккхина, шалон т1е а хаийна, юха а махках ваьккхина. Шен бераллин хенахь дуккха а халонаш лайна цо. Эххар а, 1938-чу шеран 6-чу ноябрехь, шен гергарчаьрца цхьаьна Соьлжа-Г1ала ц1абирзира кхеран доьзал. Схьадаьхкича шайн  х1усамехь 1аш кхин нохчий карийра царна. Цара шайн йистера цхьа чоь а елла, цу чохь д1атарбелла хилла Гакаевг1ар.

Цу шарахь Соьлжа-Г1аларчу «Грознефтян» коьртачу гараже грузчикан болх бан вахана Ваха, ткъа суьйранна шоферан курсашка деша лелаш хилла. 1939-чу шарахь шоферан дешар чекх а даьккхина, шоферан балха х1оьттина иза, цигахь маьхкадаьтта лелон лерина машен елира цуьнга. Цигахь шина шарахь болх  бира Вахас. 1941-чу шарахь Даймехкан Сийлахь-боккха т1ом болабелча. Гаражехь болх бечу Вахана 3 де мукъа делира. Иза ц1авахара. Ленинан урамехь гулделла адамаш гира цунна. Эскаре баха кечбеш божарий бара. Т1еавахана к1анта хаьттина, т1аме ваха ша хьаьнга, х1ун ала деза, балхара 3 де мукъа а делла ц1авеана ву ша аьлла. Х1ара майор Малышевна т1ехьажийра. Цо кхуллуш хилла дошлойн 114 дивизи, шена юкъахь кхо полк а йолуш, цхьаъ  Заводской районехь, шиъ Октябрьски районехь. Ваха Заводской районехь йолчу 3-чу полке хьажаво. Цигахь машен а елла цуьнга. Цуьнца т1еюха х1ума, цхьацца сурсаташ, герз д1асахьош хилла цо.

Ваха волчу дивизи юккъера  цхьа полк т1аме хьажош яра, амма цу юккъехь Ваха вацара. Цуьнгахь йолу машен яра цара д1аюьгуш. Т1аккха ша д1аязвина воццушехь иза а вахара цаьрца.

Краснодарехь севцца, цигахь цхьацца кечамаш бина, цигара Сталинграде яхара полк. Х1орш машенахь д1абоьлхуш, кеманаша бомбанаш т1еетта йолийна.  Берриге а машенаш чуьра охьалилхина. Вахас дийцарехь, цу дийнахь чов йина 12 стаг к1елхьараваьккхира цо. Иштта цо дагалоьцу, 6-чу ноябрехь, буьйсанна Садовое олучу меттехь хилла луьра т1ом а, иза сахилале шаьш схьаяккхар а. Т1ом д1абаьллачул т1аьхьа Ярославле хьажийна Ваха. Цигахь «Росснаббытехь» болх бина.

Т1еман хенахь Вахин доьзал Москвахь, К.Марксан урамехь 1аш хилла, ткъа Ваха  Ярославлехь волуш, цуьнга ц1акхойкхуш кехат деана. Ц1авоьдучу новкъахь, ц1ерпошта т1ера охьавоьссина схьавог1уш, х1инца ша мича ваха веза техьа бохуш, ойланаш еш, вог1уш хилла. Дикка гена ваьлча ловзуш бераш гина цунна, цаьрга К.Марксан урам мичахь бу хоттур ду-кх ша, аьлла т1еволавелча, корехь шен ненах б1аьрг кхетта хилла Вахин. Шайн ц1енна хьалха сецца хилла иза.

З.САГАЕВА

Авторан сурт  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: