«Россельхозбанко» 7 млн. соьмана комиссионни ахча гулдина

2018-чу шарахь «Россельхозбанкан» сетехула Россин бахархоша дIасадохьуьйтучу ахчанех йоккхучу комиссех уггаре а боккха пайда баьллачу филиалашна юкъахь хьалхарчу меттехь ю Нохчийн филиал.

Ахча дIасадахьийтаран «Вестерн Юнион» а, «Юнистрим» а системашкахула республикин бахархоша дIасадахьийтинчу ахчанех 7 млн. сом комиссин пайда баьлла филиалана.

Иза, оцу декъехь «Россельхозбанкан» коьртачу 85 филиало дийнна шарахь бинчу пайданах 16 процент ахча ду.

Кхузахь билгалдаккха догIу ахча дIасадахьийтаран декъехь бахархойн хьашташ кхочушдар Банкан Нохчийн филиалан ерриге а офисашкахь дIахьош хилар. Царна юкъахь уггаре а эвсаре болх бийриг Соьлжа-ГIаларчу М.Эсамбаевн проспектехь йолу офис ю.

«Ахча сихонца дIасадахьийта йиш а, таро а хиларо республикин бахархойн аьтто бо шайн бевза-безачаьрца, гергарчаьрца йолу зIе латто, уьш республикал а, Россел а арахьа бехаш белахь а», – билгалдаьккхира «Россельхозбанкан» Нохчийн филиалан директора Ериханов Iусмана.

Дагадоуьйту республикехь болх бечу «Россельхобанкан» а, «Сбербанкан» а, «МИнБанкан» а, «АвтоградБанкан» а, «СвязьБанкан» а, «ПочтаБанкан» а филиалех ахча дIасадахьийтаран декъехь бахархойн хьашташ кхочушдеш 4 банкан филиал (офисаш – авт.) бен цахилар: «Россельхозбанк», «Сбербанк», «МИнБанк», «ПочтаБанк». Амма «Россельхозбанкан» филиал йоцчу оцу декъехь шаьш бинчу пайданан барам ца бовзийтина.

И.АДАМОВ
№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: