Вайх доьзна ду некъашкара хьал кхерамза хилар

Вайх хIора а некъан боламан дакъалацархо ву. ГIашло, пассажир я машенан водитель хиларе хьаьжна доцуш, вайх хIоранна а тIехь ду некъан боламан низам, къепе ларъяр. Ткъа гIашло хилар-м, къаьсттина жоьпалле гIуллакх а, декхар а ду, хIунда аьлча, некъан кхерамазалла ларъяр гIашлочух а, машенан водителах а доьзна ду.

Некъан-транспортан дукхах болу бохамаш хуьлу гIашлой светофоран цIен стогар леттачу хенахь я вала ца везачу меттехь некъана дехьавалар бахьанехь. Цхьаболчу гIашлоша, некъ хадош дехьабовлуш, дицдо машен йогIуш ю-яц хьожуш аьрру а, аьтту а агIор бIаьргтоха. ЦIеххьана гучуяла ма тарло машен. Цундела, некъана дехьа-сехьа волуш чIогIа сема, тидаме хила веза гIашло.

Вайн некъашца некъан-транспортан бохам цахилийтархьама а, иштта, бохам хиларна кхерам цахилийтархьама а машенийн водительша а, ткъа иштта, гIашлоша а чIогIа ларъян еза хIара тайпа коьрта бакъенаш:

– гIашлой, шайна леррина динчу гIашлойн некъашкахула (тротуар), дIасалела беза, нагахь санна цу тайпана некъаш дацахь – некъийн йистошца;
– Iаьржачу хенахь я дохк-марха йолчу хенахь некъана йистехула дIавоьдуш волчу гIашлочунна тIехь бодашкахь серло тоьхча къегаш йолу хIума хилча бакъахьа ду;
– гIашлой машенаш дIасалелачу некъашна дехьа-сехьа бовла беза леррина шайна билгалйинчу меттигашкахула, нагахь санна иштта меттигаш йоцуш хьал делахь – некъаш жIардовлучухула, гIашлойн некъашна юххехула я некъан йистошкахула;
– некъаца цхьана а тайпа некъан билгалонаш йоцучу меттигашкахь гIашло, некъал дехьасехьа валале, герга кхочуш машен ю-яц а, нагахь елахь иза мел чехка йогIуш ю а, ша дехьа вала кхуьур ву-вац а, шена цхьа а кхерам бу-бац а хьажа веза.

Некъан боламан бакъенаш бераллехь дуьйна Iамайо вайна. Амма даккхий хилча, уьш йицйо-кх вай. Коьрта бакъе ю, некъа тIе валале, аьрру а, аьтту а агIор йогIуш машен ю-яц хьаьжна, цул тIаьхьа бен некъал дехьа цавалар. И бакъе ларъеш елахьара, некъантранспортан бохамаш кIезиг хир бара. Мел сиха велахь а, маггане а мегар дац бакъо йоцчу меттехула, магийна доцчу меттехула некъана дехьа-сехьа вала.

Хенан хIоттам бегIийла боцучу хенахь гIашлой къаьсттина ларлуш хила беза. Нагахь санна догIуш ло, догIа делахь я дохк делахь, водительна некъа тIера хьал гар дикка лахло. Оцу хьелашкахь водительна машенахь дIаваха хала хуьлу. Машен сихха саца а ца ло. Иза шерший дIайоьду, сацон тормоз тIетаIийначул тIаьхьа а. Цундела, ишттачу хьелашкахь, шайна кхерам цахиларх тешначул тIаьхьий бен некъа тIе ма довла. Дагахь латтаде, машен ког тIе ма таIIийна соцуш яц шуна!

Пачхьалкхан автоинспекцин белхан коьрта дакъа ду гIашлой юкъахь болуш некъантранспортан бохамаш цахилийтарна тIехьовсийна гIуллакхаш дар. Адамаш лазош я кхелхаш хуьлуш болчу некъан-транспортан бохамех хIора кхоалгIаниг гIашло юкъахь волуш, и бахьана долуш хуьлуш ма-бу.

Некъан-транспортан бохамаш а, цигахь лазийначеран барам а лахбаран Iалашонца Россин МВД-н Грозненски отделан ГИБДД-н отделенин белхахоша хIора шарахь Грозненски кIоштахь дIахьо «Пассажирийн транспорта тIехь некъан боламан кхерамазаллин декада» оперативни-профилактикин гIуллакхаш.

Республикин бахархошка чIогIа доьху оха, некъан-боламан бакъенаш ларъярхьара аш, машенаш чехка ма хехкахьара аш, бакъенашна инкарлонаш ма яхьара аш, кхерамазаллин доьхканаш дIатийсахьара аш. Некъан-боламан бакъенаш кхочушъярх доьзна ма-хуьлу дукха хьолахь шун а, шун гергарчеран а дахар, шун могашаллин хьал.

Б.ЧИГАЕВ, Россин МВД-н Грозненски кIоштан отделан ГИБДД-н отделенин хьаькам, полицин капитан
№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: