Наркотикаш схьаяьхна
Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжан кIоштахь йолчу отделан белхахоша, профилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь, Эна-Хишка (Серноводск) юьртахь, документаш талла сацийна хилла 1990-чу шарахь вина волу Грозненски кIоштан вахархо, «Лада-Приора» автомашенан водитель. Иштта, автомашен чохь хилла 1987-чу шарахь вина волу пассажир а.
Таллам дIабаьхьча, автомашен чохь хиллачу пассажирехь кара а йина, полицин белхахоша схьаяьккхина, ораматех схьаялар долу, сиро-баьццарчу басахь, кIомалан шатайпа хьожа йолу 120 грамм гергга наркотик.
Схьаяьккхина наркотик талламбан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийнкриминалистикин туьше.
Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяхь билгалдинчу зуламан билгалонаш ю вахархочо динчу зуламан. Цунна тIедиллина полицин отделе вар.
ДIахьош ду таллам бар.
Некъан-транспортан масех бохам хилла
Гуьмсан кIоштахь некъан-транспортан бохам хилла. Ойсхара – Курчалой – Мескер-Эвла автомобилийн некъан 3-чу километрехь, го тосу некъ болчу меттехь, вовшахкхетта 1977-чу шарахь вина волчу Шелан кIоштан вахархочун «ВАЗ-21099» автомашен а, 1990-чу шарахь вина волчу Курчалойн кIоштарчу вахархочун «ВАЗ-21074» автомашен а.
Некъан-транспортан бохам хилар бахьанехь, лазийна, Гуьмсан кIоштан больнице йигна 1948-чу шарахь йина йолу, «ВАЗ21099» автомашен чохь хилла зуда.
Бохам хиларан бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а къастош бу.
ДIахьош ду таллам бар.
Иштта, Соьлжа-ГIалин №2 йолчу берийн клиникин больнице ялийна лазийна йолу, 2003-чу шарахь йина йолу Грозненски кIоштарчу Чечана юьртара яхархо.
Таллам дIахьош, билгалдаьлла йоI некъал дехьайолучу хенахь, евзаш йоцу автомашен цунна тIетоьхна хилар. Автомашенан водитель некъан бохам хиллачу меттера къайлаваьлла.
Карарчу хенахь водитель лохуш болх бу тIехьажийна полицин белхахоша дIахьош.
Устрада-ГIалахь хилла кхин цхьа некъан бохам. А-Хь.Кадыровн а, Аксактемировн а урамаш къаьстачохь вовшахкхетта ши автомашен «Хендай-Солярис» а, «Тойота-Камри» а.
Некъан-транспортан бохамехь лазийна ши водитель а, ши пассажир а. Уьш Устрада-ГIалин больнице бигна, цигахь царна оьшуш долу дарба дина.
Хьалха-Марта – Мартан-Чу автомобилийн новкъахь вовшахкхетта «Мерседес-Бенц» а, «ВАЗ-111930» (Лада Калина) а автомашенаш.
Некъан бохам хиллачохь кхелхина «ВАЗ-111930» автомашенан водитель а, цу чохь хилла 18 шо долу пассажир а. «Мерседесан» водитель а, автомашена чохь хилла кхо пассажир а (шайна юкъахь жима бер а долуш), лазийна Хьалха-Мартан кIоштан больницин травматологин отделене дигна.
ТIехьа-Мартан кIоштахь, Котар-Юрт а, ВаларгтIе а йолчу агIор вогIуш хиллачу, 1973-чу шарахь вина волчу «ВАЗ-21099» автомашенан водитела, аьрру агIор дIахьаьвзаш, шен автомашен тIетоьхна 1993-чу шарахь вина волчу Котар-Юьртарчу кхечу вахархочун «Ауди-А8» автомашенна.
Некъан-транспортан бохам хилар бахьанехь лазийна автомашенийн ший а водитель а, «ВАЗ-21099» автомашен чохь хилла, 1983-чуй, 1993-чуй шерашкахь йина йолу ши пассажир а. Лазийнарш ТIехьа-Мартан кIоштан больницин травматологин отделене бигна.
Бер кхалхарца доьзна таллам бу дIахьош
Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштан Талламан отдело дIахьош ду. Соьлжа-ГIаларчу Маяковскийн городокерчу цIийнан 5-чу гIат тIера чу доьжна бер кхалхарца доьзна таллам бар.
ХIокху шеран чиллин (февраль) беттан 13-чу дийнахь Маяковскийн городокехь, 5-чу гIат тIехь йолчу петаран корехула чувоьжна 4 шо долу кIант. Циггахь кхелхина иза.
Оцу хенахь кхечу деа бере хьовсуш хиллачу ден-ненан тидамза кIеззигчу ханна бен дисина ца хилла бер. Корера бой лаьцна, коран уьна тIе а ваьлла, ша кор схьа а диллина, чувоьжна иза.
I.МУРТАЗОВ
№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо