Дикаллина – тидам
ХIИНЖА-ГIАЛА. Меттигерчу школашна, берийн бошмашна, больницашна кхачош долчу шурин сурсатийн дикаллина тIехь терго латторан Iалашонца Роспотребнадзоран, Россельхознадзоран, ветеринарин службин меттигерчу органийн векалех комисси вовшахтоха сацам бина Дагестанехь. Цуьнан коьрта Iалашо ю регионан социальни учрежденешка кхачош долчу шурин сурсатийн дикалла лакхара хилийтар.
Республикин вице-премьера – юьртан бахаман министра Абдулмуслимов Абдулмуслима чIагIдарехь, регионан куьйгалло алcсам тидам тIебахийта болийна меттигашкахь духкуш долчу кхачанан сурсатийн дикалла лакхаяккхарна. Иза къаьсттина хьакхалуш ду ХIинжа-ГIала, Каспийск, Буйнакск, Дербент гIаланийн дешаран а, дарбалелоран-профилактикин а учрежденешка кхачош долчу шурин сурсатех.
Иза иштта мехала ду бежнашкара яьккхинчу шурех сурсаташ кечдеш болчарна а, хIунда аьлча, социальни учрежденешна сурсаташ латторан Iалашонца дIахьош долчу йохк-эцарехь хIиттош долчу мехашна юкъахь йоккха башхалла хиларна, Дагестанан дозанел арахьара чуузуш долчу сурсаташца меттигера, цIена сурсаташ экологин декъехь конкуренци лело хьуьнаре цахиларна.
Юьртабахаман ведомствона хетарехь, цо таро хуьлуьйтур ю регионехь даьхнилелорхоша дохуш долчу сурсатийн барам алсамбаьккхина ца Iаш, церан дикалла лакхаяккха, тайпаналла шордан, тIебогIу пайданаш алсамбаха.
Дийнна шарахь – хасстоьмаш
МАГАС. Герггарчу шерашкахь, аьлча а, 2025-гIа шо кхаччалц болчу муьрехь, ГIалгIайн Республикехь билгалдина теплицийн комплексаш а, ФСК-н подстанци а ярна 5, 8 миллиард соьмал сов долу ахча юкъадилла. Комплексех цхьаъ 20 гектар дIалоцуш Соьлжан кIоштахь хир ю, дийнна шарахь хасстоьмаш кхиорна лерина, шена юккъерчу барамехь 4,8 миллиард соьмах харжаш ян билгал а деш.
Оцу комплексехь шарахь 10-нна тIера 23 эзар тонне кхаччалц наьрсаш а, помидораш а кхио таро хир ю. И комплексаш шайн долахь болчу «Агрокомбинат Сунжа» юкъараллин куьйгалхочо Мальсагов Махьмуда дийцарехь, кIезигчу маьIне дац кхиош долу лаьттан сурсаташ экологин декъехь цIена хирг хилар а. Цундела тешна ву иза уьш регионан дозанел арахьа а боккхачу лаамца дIаоьцург хиларх.
Ткъа шолгIаниг – Кантышево юьртахь. ДоггIучуьра аьлча, цигахь хIинцале а гIуллакх деш ю 5 гектар дIалоцуш йолу цIазамаш кхиоран комплекс. Кхолламан (январь) бутт чекхболуш хьалхара цIазамаш а гулдина.
ТIедогIучу кхаа шарахь гIуллакх дан йолалун йолчу цхьана гектара тIехь хинйолчу цIазамийн комплексана билгалдина 80 миллион соьмал сов ахча юкъадилла. Оцу проектаца билгалдина чоьхьара а, арахьара а хьашташ кхочушдар.
Иза гойту Гуьржехарчу бизнесменашца бинчу барташа а. Регионехь мехала лору цигахь белхан керла а 25 меттиг кхуллуш хилар а. Цул сов, Соьлжан кIоштахь шена 1 миллиард соьман барамехь инвестицеш юкъайохку йолу ФСК-н подстанци яр а билгалдина тIедогIучу шерашкахь.
Ларамаза дац иза. Регионехь электроэнергех луш йолу налогаш уггаре а лакхарчарах ю. Ткъа подстанци йилларо инвесторан таро хуьлуьйтур ю электроэнергина еш йолу харжаш 50 проценте кхаччалц лахъян.
Адамийн дуьхьа
НАЛЬЧИК. Кху шарахь ГIебартойн-Балкхаройн Республикехь гIуллакх дан йолалур ю социальни Iалашонан 30 сов объект. Карарчу хенахь Белая Речка юьртахь 140 меттигана а, Аргуданехь 160 меттигана а школе даха хан кхачаза долчу берийн учрежденеш яр чекхдолуш ду.
Ткъа Чегем гIалахь 60 меттигана а, Лакхара Балкхари юьртахь 40 меттигана а ясельни тобанашна юкъадоьлхучу берашна лерина йолу учрежденеш яр а чекхдаккха тIелаьцна гIишлошъярхоша. 1,5 шарна тIера 3 шаре кхаччалц долчу берашна кхерамазалла, бегIийла хьелаш кхолларо таро хуьлуьйтур ю къинхьегамна хьуьнаре болчу бахархойн дикка доккхачу декъана балха нисдала.
ХIара шо чекхдалале регионан коьртачу шахьарахь 1 224 меттигана леринчу школехь деша дуьйлалур ду цунна гергахьа дехаш долу бераш.
Лагань порт а, «Евразия» саьнгар а
МОСКВА. «Дуьненаюкъара хIордан порт Лагань а, «Евразия» саьнгар а» аьлла йолчу проектана лерина Азовн хIордан портан московски офисехь хиллачу «горгачу стоьлехь» дакъалецира ГIалмакхойн Республикин куьйгалло.
ГIуллакх доллу и проект Каспин хIорда тIе кхочуш долчу регионан лаьтта тIехь кхочушйийриг хиларх. Йилла билгалъеш йолчу «Евразия» саьнгаро стратегин доккха маьIна лелор ду Казахстан, ГIажарийчоь, Пакистан, Чина, Вьетнам санна йолчу пачхьалкхалшца Россин махлелоранэкономикин юкъаметтигаш кхиорехь. Россехь йолчу кеманаш леларан саьнгарех пайдаэцаран зеделлачо гойту и проект хиндерг долуш хилар. Масала, Волго-Донан саьнгар чухула шарахь 20 миллион тонна гергга киранаш дIасахьо.
Проектан авторша тидам тIебохуьйту керла саьнгар йилларна шех дIабаьнболу мах дуккха а лахара хирг хиларна. Цуьнан билгалйина йохалла 800 километрана кIезиг ю лакхахь йийцинчу ВолгоДонан саьнгарал. Цуьнца цхьаьна хаъал лахара хир бу шлюзийн барам а. Портех дерг аьлча, Каспи тIехь йолчу Россин портех Аийарханехь ерш Iаьнан муьрехь гIорайо, ткъа бIаьста бух кIаргбаран белхаш дIабахьа безаш хуьлу.
И бахьанехь Россерчу а, дозанал арахьарчу а киранаш дIасакхоьхьуьйтуш болчара киранех цхьа дакъа Казахстанерчу Актау хIордан порте дIадерзийна, шайн барам тIаьхьарчу хенахь 3-нна тIера 20 миллион тонне кхаччалц алсам а болуш. Цуьнца доьзна тахана хьалхалаьтта Лаганехь (ГIалмакхойн Республика) керла порт йилларан гIуллакх. Цкъачунна долчу хьесапаша гойту порт гIуллакх дан йолаелча шарахь товаран дIасадахьаран юкъара барам 45 миллион тонне дIакхачо таро хирг хилар.
Регионан премьер-министр Зотов Игорь кхета рсепубликин экономика кхиорехь оцу проекто лун болчу пайданах. Цундела инвесторшна оьшуш долу дерриге а документаш кечдина, порт а, цуьнан инфраструктура а ярна, кхиорна тIехьажийна болу белхаш йоццачу хенахь дIаболо кийча а бу.
Билгалдаккха догIу инвесторша а и гIуллакх даггара къобалдеш тIеэцна хилар. «Горгачу стоьлан» дакъалацархоша билгалдаьккхира транспортан-логистикин «Дуьненаюкъара хIордан порт Лагань а, «Евразия» саьнгар а» аьлла йолу проект махлелоран-экономикин бух болуш хилар.
Цо таро хуьлуьйту проект кхочушъярна Россера санна, дозанал арахьара а инвестицеш юкъаозоран болх дIаболо.
Тодеш ду тIай
ЧЕРКЕССК. Сихачу боларшца дIахьош ду Кхарачойн-Чергазийчохь машенаш лелачу Лермонтов–Черкесск–Невинномыск–Домбай некъаца долу ГIоба хинна тиллана тIай тодар.
Стратегин маьIна долчу 176,5 метр йохалла а, 22,8 метр шоралла а йолуш долчу тIай тIехь билгалдина ерриге а юккъера гIортораш (опоры) хийцар, хин шина а бердаца хинна дуьхьало яран дамбаш яр.
Кхерамазаллин декъехь объектан тешаме хилар лакхара хилийтарна тIехьажийна бан билгалбина кхин а цхьамогIа белхаш. Машенаш дIаселарна тIай кийча хир ду 2020-чу шарахь.
Лаамаза дIакхелхинчарна…
БУРУ-ГIАЛА. Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалло боккха тидам тIебохуьйту социальни инфраструктурин объекташ шен хеннахь балхана юкъаялоран гIуллакхна. Цу тIехь даима а лерг-сема бу бахархойн хьашт-дезаршна, церан лаамашна, хеташ долчунна.
Оцу гIуллакхашна юкъахь ша къаьстина йолу меттиг дIалоцу лаамаза кхелхина баханчарна чохьIачу хIусамашца кхачояран гIуллакхаша. Регионан куьйгалло тIаьхьарчу шерашкахь оцу декъехь динчо гойту лаамаза кхелхина баханарш тесна битина цахилар. Хаддаза толуш ду церан дахаран хьелаш, шайна чохь ерриге а бегIийлаш йолчу чохьIачу хIусамашца кхачояр.
Республико деш долчу дехаршна даима а хьакъ доллу жоп луш хиларна тоьшалла ду федеральни центро лаамаза кхелхина баханчеран гIайгIабаран декъехь гойтуш йолу комаьршалла. Масала, 2017-чу шарахь царна хIусамашца кхачоярна федеральни бюджетера къастийначу 655 миллион соьмах 283 доьзална хIусамаш йира. Стохка оцу Iалашонна къастийнарг 1,2 миллиард соьман барамехь ахча дара.
И бахьанехь керлачу хIусамашкахь баха хиира 488 доьзал. Федеральни цетро кху шарна дала билгалдинарг кхин а алсам ду – 1,8 миллиард сом ахча. Цунах 600 доьзалан хIусамийн гIуллакх къастийна цхьалхадоккхур ду.
Хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо