Дуккха а шерашкахь Нохч-ГIалгIайн Республикехь белхаш бинчу историн Iилманийн кандидата Филькин Василийс чIагIдарехь, немцойн фашисташа ямартлонца СССР-на тIелатар дина, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболалуш, вайн республикера 10 эзар стаг хилла ЦIечу Эскарехь гIуллакх деш. И буьрса тIом дIаболабеллачу хьалхарчу деношкахь кхин 13 эзар стаг, шайн лаамехь, герз карахь, мостагIчунна дуьхьалвала тIеман ара дIавахна.

Цул тIаьхьа вовшахтоьхна 1942-чу шарахь тIеман ара дIахьажийна, шен коьртехь Висаитов Мовлади волуш, Нохч-ГIалгIайн леррина йолу дошлойн 255-гIа полк. Шен турпалчу бIаьхойн доьналлица гIараяьлла иза 1942-чу шеран аьхка Сталинградан йистошкахь бинчу тIемашкахь. Мокъа Iаш ца хилла цIахь бисина Нохч-ГIалгIайн Республикин бахархой а.
Жима, воккха, стаг, зуда къинхьегаман эскарехь хилла дера чугIерта мостагI Соьлжа-ГIалина тIе ца кхачийта, оьрнаш, окопаш йохуш.
Цул сов, Нохч-ГIалгIайн Республикерчу бахархоша кесткеста шайгахь йолчу мискакъелигах цхьацца шайнаш вовшахъетташ, ЦIечу Эскарна хIаваан кема, танк, бронепоезд оьцуш хилла. Луьра тIом дIаболабелчахьана Нохч-ГIалгIайн Республикин бахарахоша шайн алапах 10% ахча фронтан фонде дIадохьуьйтуш хилла.
Цул сов, цхьана 1942-чу шарахь гулдина вайн махкахоша 13 миллион ахча, ЦIечу Эскарна бронепоезд эца а, цунна «Асланбек Шерипов» цIе тилла а йолчу Iалашонца. Цу хьокъехь СССР-н Лакхарчу Коьртакомандующис Сталин Иосифа яийтина телеграмма хилла, Нохч-ГIалгIайн Республикерчу бахархошна баркаллин дешнаш долуш.
1943-чу шеран кхолламан (январь) беттан 23-чу дийнахь арадаьллачу «Грозненский рабочий» газетан агIонаш тIехь и телеграмма зорбане яьккхина хилла. И дерриге а къеггина тоьшалла ду Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъера советийн Iедална цхьана а кепара ямартло хилла цахиларна.
Делахь а, Iедалан цхьаболчу векалша цхьацца харцонаш лелийна вайнах бехке беш.
1942-чу шарахь Кавказан лаьмнашкахь болх беш хиллачу Берия Лаврентийн кIанта Берия Сергос шен дагалецамаш зорбане боху, «Мой отец Лаврентий Берия» цIе а йолуш, Москварчу «Современник» издательствехь арахецначу книги тIехь.
Берия Сергос чIагIдарехь, немцошкахьа ваьлла цхьа а нохчи цунна хаавелла вац шарахь гергга, Кавказан лаьмнашкахь разведкехь болх бечу муьрехь.
Амма Кавказехь а, юкъ-кара Нохчийчохь а хиллачу Сергона ца хаабелла вайнахах «мостагIий», Москвахь Iачу цуьнан дена Лаврентийна гуш хиллачух тера ду. Вайнах махках бахарх йолу ямарт ойланаш цуьнан коьрте дукха хьалха хьийзаш хиллачух тера ду.
1942-чу шарахь ЦIечу Эскаро фронтехь яккхий халонаш ловчу хенахь, сацадо Нохч-ГIалгIайн Республикера бахархой эскаре кхайкхар. Ткъа 1942-чу шеран эсаран (октябрь) беттан чаккхенехь Берия Лаврентийс Соьлжа-ГIала Кобулов Богдан воуьйту вайн махкахь долу хьал кхачам боллуш таллар тIе а дуьллуш.
1943-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 9-чу дийнахь Кобулов Богдана шен куьйга яздина кехат охьадуьллу СССР-н чоьхьарчу гIуллакхийн министран стоьла тIе. Бериян Iаьржачу дагна хьаам беш ду и кехат.
Кобуловс чIагIдарехь, вайн махкара хIора шолгIа стаг немцошна вохкавелла хилла. И кехат а, и тайпа дуккха а кхидолу, бакъдолчунна аьттехьа дацахь а, аьрзнаш бахьанехь, 1943-чу шеран гуьйранна ЦК-н политбюрос сацам тIеоьцу вайнах махках баха.
Сталин Иосифа дIаяьхьначу ЦК-н политбюрон кхеташонехь дакъалоцуш хилла Молотов, Жданов, Андреев, Ворошилов, Вознесенский, Хрущев, Каганович, Калинин, Берия, Микоян.
Цара массара а къобалдина вайнах сихонца махках баха безаш хилар. Цхьана Микоян Анастаса гIийла дIахьедина ша резацахилар. Амма итт стагана дуьхьал гIийла декна цхьана стеган аз цхьамма а тергал ца дина. Юьхьанца вайн махкахой Алтай а, Сибарех а дIахьовсо лерина хилла. Амма тIаьхьо, и ойла хийцаелла.
1944-чу шеран кхолламан (январь) беттан 29-чу дийнахь кечдина СССР-н чоьхьарчу гIуллакхийн нарком волчу Берия Лаврентийс «Инструкция о порядке проведения выселения чеченцев и ингушей» цIе йолу документ.
1944-чу шеран кхолламан беттан 31- чу дийнахь Берия Лаврентийс кечбина «Нохч-ГIалгIайн Республика дIаяккхаран а, цуьнан бахархой Юккъерчу Азе, Казахстане дIакхалхоран хьокъехь» болу №5073 йолу СССР-н ГКО-н сацам.
Оццу сацамца Нохч-ГIалгIайн Республикин йиъ кIошт Дагестан Республикина дIалуш яра. Цхьа кIошт Къилбаседа ХIирийн Республикина кхачош яра. Йисинчу меттигах Грозненская область ян сацам хиллера.
1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 20-чу дийнахь Берия Лаврентий шен тешаме накъостий, вайнахана цкъа а бицлур боцу мостагIий балош, Соьлжа-ГIала кхечира. Цуьнца цхьаьна вара И.Серов, Б.Кобулов, С.Мамулов.
Цхьа бутт хьалха Нохч-ГIалгIайн Республике схьабалийна, маьршачу бахархошна юкъахь дIатарбина, цаьрга кхобуьйтуш бара ЦIечу Эскаран боккха бIо: 100 эзар гIашсалти, шайна юкъахь 18 эзар эпсар а, 19 эзар НКВД-н, НКГБ-н, «Смершан» белхахо а волуш.
Буьрсачу тIемашкахь дакъалаьцна бу уьш, йоццачу ханна садаIа балийна бу бохуш, Iехош хиллера вайнах.
Советийн Iедалан векалша дуьйцучух теша Iеминчу вайнаха кхобуш хиллера уьш, шайгара цхьа ледарло яларна кхоьруш. Амма 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 21-чу дийнахь, Соьлжа-ГIалахь ша дIаяьхьначу кхеташонехь, Берия Лаврентийс хаийтира шаьш юьхьарлаьцнарг муьлха Iалашо ю.
Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалхошца цхьаьна кхеташоне кхайкхина схьабалийна бара халкъалахь дош лелаш болу Iеламнах: Яндаров, Арсанов, Гайсумов. Царна тIедиллина дара ярташкарчу молланашца бертахь адам махках даккха кечдар.
Республикина коьртехь хиллачу вайнехан векалшна тIедиллина шайн-шайн кIошташкахь кхетош-кхиоран болх дIабахьар. Дуьхьал дош ала гIоьртина Моллаев Супьян Л.Берияс боьха човхош, дIасацийна.
1944-чу шеран чиллин беттан 22-чу дийнахь, делкъал тIаьхьа, массо а юьртара, гIаж таккхол волу боьрша стаг маьждигашка, школашка дIакхайкхина. Уьш царна чохь сахиллалц совцийна, чуьра ара ца бовлуьйтуш.
1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнан Iуьйранна 6 сахьт долуш дIайолийна «Чечевица» цIе йолу, вайнах махках бахаран операци. Берия Лаврентий ша хилла оцу операцина куьйгалла деш. Вайнах махках баха кечйина яра 180 шалон, хIора шалонехь кхузткъе пхиппа вагон а йолуш.
Цхьана вагон чохь хила везарг 45 стаг хиллехь, бIе гергга стаг хуьлура цу чохь. Чоьхьарчу эскарна коьртехь хиллачу инарлас Бочковс Берияга динчу рапортехь, цхьана дийнахь, 1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнахь, шалонна тIе ваьккхинарг 176 эзар 950 стаг ву.
1944-чу шеран бекарг (март) беттан 1-ра де тIекхочуш махках ваьккхина, шалонаш тIехь малхбалехьа дIахьажийнарг, 478 479 стаг ву. Царах – 387 229 нохчи, 91 250 гIалгIа а ву. Новкъахь дуьнен тIе даьлла 56 бер. Иштта, новкъахь кхелхина 1 272 стаг.
Кхузахь билгалдаккха догIу инарла Бочковс бинарш официальни хаамаш хилар. НКВД-с хьуламехь латтийначу хаамашца Бериян жIаьлеша 1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнахь, герзаш детташ, вожийна, шайна дуьхьало ян гIоьртина, 780 стаг.
Чувоьллина, набахте хьажийна 2 016 стаг. Iедалан къизаллина бекхам бан йолчу ойланашца нохчийн лаьмнашкахь хьулвелла 6 000 сов стаг. Царна юкъахь лоруш бац Хьайбахахь багийнарш, Хьалха-МартантIерчу больницехь, дийна боллушехь, лаьттах боьхкинарш, ГаланчIожера, лайна охьа ца бахабелла, кхинхетамза хIаллакбина маьрша ламанхой.
Эххар а, 1944-чу шеран чиллин беттан 29-чу дийнахь, Соьлжа-ГIалара малхбалехьа дIайолаелла Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгаллехь хилла вайнах а, Iедална шаьш муьтIахь хилар дIагайтина Iеламнах а тIехь болу шалон.
Бакъду, уьш пассажирийн вагонаш тIехь бигна Казахстане. «Чечевица» операци лаккхарчу тIегIанехь дIаяхьарна, ворхI бIе стагана орденашца, мидалшца совгIаташ дина Сталин Иосифа. Уьш цу юкъа муха нисбелла-м ца хаьа суна.
ХIокху шарахь 75 шо кхочу вайн халкъо и бала лайна денош вайнехан кхолламехь хилла.
ГАЗИЕВА Аза
№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо