(ТIехIотта чурт доцуш, безамна ган хIоллам боцуш, Казахстанан а, ГIиргIизойн а мехкашкахь беллачу вайнахех а, оцу декъазчу муьрах а Дадашев Iабдуллас язйинчу «Цакагбелларш» романа тIера кийсак)
– Денна леш дера бу вайнах. Мила ю техьа иза? Миска яI. Дала мукъ лахь, вайшимма дIаерзор ю-кх иза. Хьо цхьаъ волчу вогIуш хилла хир ву?
– Вац. Аса ала ма элира. Суна кхузахь вевзаш стаг вац. Дех-ненах хаьдда лелаш ву со. Царех дерг хууш стаг карор вац техьа бохуш, лелара со.
– ХIумма а хиин хьуна?
– Ца хии.
– Са ма гатде, Дала мукъ лахь, карор бу… Со хIинцца араволу, – чу а вахана, сихха шеца дейтта-пхийтта шо хир долуш кIант волуш, аравелира иза.
– Валол, – элира цо кIанте, – Сайд-СалахьгIаьрга а гIой, аса бел лоххушехь, салаз ялаел…
Цул тIаьхьа, шена бевзаш, лулахь бехачу нехан кетIа а хIуьттуш, араяьллачохь цIа ца йогIуш йисина зуда юй бохуш хоьттуш, вогIург цуьнга хьажа валош ваьллира и стаг. Зайнди хиллера цуьнан цIе. Зуда цхьанна а евзаш яцара. Волуш да вацара.
– Вай новкъадовла деза, – элира Зайндис, хан йолуш лаьтта.
Кешнаш гена ца хиллера. Салазаша кешнашна тIеоьхуш йина лар, тIеоьхучу лайне а къайла ца яккхалуш, керла лаьтташ яра. ТIе мел кхечи а билгалдуьйлуш дара керла баьрзнаш.
– Уьш дерриш вайнехан ду, – халахетарца элира Iумаре, салаз текхош схьаоьхучу Зайндис. – Суна лулахь нисбеллера вайнехан цхьа доьзал. Жима бер, зудий, майрий дара уьш. Соьлжа-ГIала хьошалгIа баьхккинчохь, юха цIа а ца бохуьйтуш, вагон тIе а кхиссина схьабалийнера.
Лулахь Iаш хиларе терра, денна бохург санна, вовшийн гойла хуьлура тхан. Масех де делира царех цхьа ца гуш. Са а гатделла, цхьаъ хилла-м ца Iа техьа аьлла, неIар тIе вахара со. НеI еттарх дIа а ца йиллина, чоьхьавелира. ХолчухIоттийра гинчо.
Юккъе диллина бер долуш, мацалла делла Iуьллуш дара кхуьй а. И дIо-о, гой хьуна, цхьа боккха барз. Цхьана коша чохь бу и доьзал… Салаз схьакхетош волу Iумаррий, Зайндин кIантий хьацар-кIур хиллера. Некъ вон бара. Салаз ло доцчохь текхо езаш хуьлура.
– СадаIа, – олура Зайндис, – цIе яьлла хьал дац. ХIинцца дIакхочу вай…
Зайндис ма-баххара, хье ца луш, дIакхечира.
«Схьагарехь, и тахана узбека гайтина дакъа хир ду-кх кхузахь дIадерзийнарг», – дагадеара Iумарна, керлачу кошан барз гича.
– ХIокхунна юххе каш доккхур ду вай, – меттиг билгалйина, «Бисмилла» а аьлла, лаьттах тасавелира Зайнди.
Латта гIорийна дара.
Делахь, тIехула долу чкъор дохийча, кIадлуш, аттачу делира.
СадаIар доцуш, бел наггахь а шеца волчуьнга ца кхочуьйтуш, каш доккхуш ваьллира Iумар.
Цул тIаьхьа, хьем боцуш, латта тIе а хьаькхира оцу мисканна.
Ян мукъане мила яра техьа, хьенан хилла техьа хьо пекъар? Ма бакъ дац хьан да-нана ца хилла аьлча, цIийнан, тайпана стаг воцуш яра аьлча. Амма, таханлерчу къизачу дийнахь, тIекхочехь ца хилла-кх уьш.
Ненан, йишин хезаш елхаран мохь боцуш, тезетахь кортош охьатеIош, бIаьрга дуьссу хиш ца гайта гIерташ, холчохь лаьтташ вежарий боцуш, ша йисна, хIокху доккхачу дуьненахь дала, орца доцуш, холчохь яьллина, лаьтта кийра йирзи-кх хьо, миска…
– Дала декъала йолда хьо! – элира Зайндис.
– Дала гечдойла хьуна, – элира Iумара.
№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо