Литераторийн «Яздархо а, зама а» дуьненаюкъара V-гIа симпозиум

Литераторийн «Яздархо а, зама а» дуьненаюкъара V-гIа симпозиум дIаяьхьира Беларусь Республикин коьртачу шахьарахь, Минск гIалахь дIахьошйолчу книгийн дуьненаюкъарчу XXVI-чу гайтам-ярмаркин гурашкахь.

Цигахь дакъалоцуш бара кхечу пачхьалкхийн халкъийн литераторш а, издательш а, Россин Яздархойн союзан Председатель Иванов Николай а, оцу союзан декъашхой а, Россин регионийн Яздархойн союзийн векалш а.

Нохчийн яздархойн цIарах цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин декъашхо, гочдархо, поэт, публицист Ахматукаев Адам.

Белоруссин а, Россин а яздархойн «горгачу стоьлехь» а, Белоруссин Яздархойн союзан литературин-кхоллараллин суьйренехь а, Купала Янкин литературин музейн мероприятехь а, иштта, дуккха а кхечу цхьаьнакхетаршкахь а дакъалецира А.Ахматукаевс.

– Литераторийн «Яздархо а, зама а» дуьненаюкъарчу симпозиуман пленарни заседанехь дийцаре дира «Халкъийн культураш кхиорехь гуманитарни юкъаметтигаш лелор» а, «Политкультурин проекташкахь литературин-кхоллараллин гочдарш» а халкъийн яздархоша цхьаьна кхочушдан дезаш хилар. И гIуллакхаш кхочушдаро халкъашна вовшийн культура а, кхолларалла а йовзийтарна аьтто бийр бу, – боху А.Ахматукаевс. – Азербайджанера а, Ингалсан махкара а, Венгрера а, Германера а, Италера а, Казахстанера а, Латвера а, Литвара а, Молдовера а, Словакера а, Iамаркера а, Таджикистанера а, Узбекистанера а, Украинера а, Францера а, Россера а литераторша дIакъалоцучу дуьненаюкъарчу симпозиумехь дакъалацар суна дозалла дара, хIунда аьлча, ишттачу цхьаьнакхетаршкахь нохчийн литература йовзийтарехь а, кхечу къаьмнийн меттанашка иза гочъярехь а, церан литература нохчийн матте гочъярехь а юкъара гIуллакхаш дIадахьарна яздархошца доттагIаллин уьйраш таса аьтто хуьлу.

Хууш ма-хиллара, тIаьхьарчу хенахь нохчийн а, белорусийн а литературехула доттагIаллин уьйраш чIагIъелла, вовшийн яздархой а, церан кхолларалла а евзаш бу цигара а, кхузара а ешархой.

ТIейогIучу хенахь кхечу пачхьалкхийн яздархойн кхолларалла а нохчийн маттахь йовзийта Iалашо ю Нохчийн Республикин Яздархойн союзан.

Белорусаша шайн литература кхиорехь а, иза йовзийтарехь а къахьоьгуш болу кхечу халкъийн яздархой-гочдархой совгIаташца билгалбоху. Царах ву Ахматукаев Адам. Беларусь Республикин Хаамийн министерствос делла Баркаллин кехат а, Белоруссин Яздархойн союзо елла «Литература кхиорна» мидал а ю цуьнан.

Ткъа хIинца, литераторийн «Яздархо а, зама а» дуьненаюкъарчу симпозиумехь дакъалаца ваханчохь, Я.Купалан цIарахчу Белоруссин пачхьалкхан музейн куьйгалло шайн халкъан поэтан Купала Янкин кхолларалла нохчийн матте гочъярна делла «Музейн доттагI» диплом а ду А.Ахматукаевн.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: