Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийск» спорткомплексехь дIаяьхьира 2004–2005-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Республикехь хьалхеяккхаран турнир.
Цигахь дакъалоцуш вара РДЮСШ-н 18 спортсмен.
Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь, толамхой хилира: Дукаев Iела (32 кг.), Архиев Адам (44 кг.), Ахмадов Зеламха (75 кг.), Кацаев Iийса (85 кг.), Адалаев Нурмохьмад (38 кг.).
Оцу кхиамашка къона спортсменаш кхачийна, уьш Iамийначу церан тренерша: А.Магомадовс, Б.Тулаевс, Т.Эскерхановс, Х.Гигиевс.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо