Халкъан дуьхьа ваьхнарг

Оцу башхачу стеган хьокъехь ойла ечу хенахь суна даима а дагадог1у адамаш бохамах, акхачу ницкъех лардеш хиллачу турпалхочух лаьцна долу туьйра. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа сан кхетамехь даима а туьйранера и дика стаг вара, иштта хилла вуьсуш ву тахана а. Цо шен куьйга д1абаьккхира нохчийн халкъана т1ех1оьттина инзаре боккха т1еман кхерам. Оцу т1амо нохчийн къоман х1у дайъа тарлора. Цунах уггаре а хьалха кхеттарг Ахьмад-Хьаьжа вара.

Адамийн тайп-тайпанчу оьмаршкахь дукха хилла шайн хьуьнаршца г1арабевлла турпалхой. Дукха хьолахь къоман парг1ато а, маршо а ларъян, цуьнгахьа къийса г1овттуш хилла уьш. Ткъа Ахьмад-Хьаьжас шен мерза са д1аделира къам х1аллакьхиларх к1елхьардаккхархьама. «Къам даха дуьсур ду я х1аллакьхир ду», – иштта луьра х1оьттинера хаттар. Ахьмад-Хьаьжа, лом хилла, г1аьттира шен халкъ, цуьнан культура, г1иллакхаш, 1адаташ лардан. Нохчийн халкъах дуьненаюкъарчу терроризман, динан экстремизман амалтхо дан лууш бара дуьненан массо а маь11ера схьабаьхкина зуламе ницкъаш. Вайн дайн лаьтта т1ехь орамаш тесна охьахевшинера уьш. Ч1аг1бала ойла йолуш бара.

Делахь а Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ванне а реза вацара вайн нана-Нохчийчохь т1еман хьаьрма яйта, вайн халкъан амалца дог1уш доцу г1иллакхаш юкъадаладайта. Со валлане а цец ца велира цо ваххабизмана а, церан хьадалчашна-ц1ух1арна а т1ом хьебича. Ахьмад-Хьаьжа майрра дуьхьал велира царна. Ткъа уьш цу хенахь шайна луъург чекхдаьлла ду моьттуш, шайн ницкъах тоам бина бара. Юхабовла дагахь бацара. Амма царна моьттарг бакъ дацара. Т1аьхьуо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас царна иза деррехь д1а а хаийтира.

Оцу вуно ч1ог1а майрачу, оццу хенахь к1орггера хьекъал, кхетам, духе кхиар долчу стагана шен аьтто барал сийлахь а, деза а дара нохчийн халкъан сий, парг1ато ларъяр. Иза къеггина гуш дара цунна гуонаха болчарна, иза вевзинчарна. Цундела, Россин куьйгалло шегара доккха хьекъал гайтира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа 2000-чу шеран июнехь Нохчийн Республикин Ханна йолчу администрацин куьйгалхо а х1оттийна. Цул т1аьхьа дуккха а эвсаре хилла д1ах1оьттира Ахьмад-Хьаьжас республикера хьал ларт1е далорехьа д1ахьош болу болх. Цул т1аьхьа сихха дикачу аг1ор хийцадала доладелира Нохчийчуьра хьал. Адамашна гучудала доладелира Ахьмад-Хьаьжа, Республикехь а, цул генна арахь а дика вевзаш волу 1еламстаг хилла ца 1аш пох1ме куьйгалхо а, говза вовшахтохархо а хилар. Цуьнан йоццачу хенахь ницкъ кхечира республикин пачхьалкхан аппаратан болх когах1отто. Оццу хенахь кхочушдеш дара юкъараллин-политически хьал ларт1е далоран, экономика а, социальни дакъа а меттах1отторан г1уллакхаш.

Иштта доккхачу маь1не дара т1амах бевдда баханарш шайн х1усамашка, ярташка юхаберзор. Царах дукхахберш Г1алг1айчохь четаршкахь хала хан йоккхуш бара. Нохчийчохь т1еман хьал хиллехь а, дика болх беш яра кхочушдаран 1едалан органаш. Царна хаарца куьйгалла деш вара, оркестрана зеделларг долу дирижер санна, админстрацин куьйгалхо. Цунна т1е ма хьаьжжина вевзара стаг, цундела шена юххе мила озо веза хаьара. Стагехь х1ун доллу хаарца цхьаьна, цо сихха къастадора стаг муьлхачу г1уллакхана ох1ла ву. Цо вайн махкара дуккха а адамаш, дахаран къилба а гайтина, новкъадаьхна. Ахьмад-Хьаьжас шайна белла тешам цара эрна а ца байъина.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин адамаллах лаьцна, цец а вуьйлуш, дийца дуккха а х1умнаш ду. Иза чог1а эхь-бехк долуш, комаьрша, къинхетаме, собаре, догц1ена, шеца мискъалазарратал куралла йоцуш стаг вара. Шех адам тешо хаьара, хьаьнгга а леррина ладуг1ура, къамел юкъах ца доккхуш. Суна хетарехь, г1о оьшуш шена т1евеана волу цхьа а стаг г1о-накъосталла ца деш д1а ца вахийтина цо.

Цуьнан доттаг1ийн а, накъостийн а, цуьнан г1олоцучеран а гуо де-дийне шорлуш бара, вайн республикехь а, цул арахьа а. Цунна хетачуьнга ладуг1уш бара ц1еяххана 1еламнах.

Дера, мостаг1ий а ма бара цуьнан. Цара дуккхазза а к1елонаш йора цунна. Делахь а Веза-сийлахьволчо ларвора иза. Майрра, тешна хиларца, юьхьа т1ехь догц1ена велар долуш  шен т1аьххьарчу зиле воьдуш вара иза…

Цул дехьа цкъа а кхачалур йоцу абаде яра…

2004-чу шеран 9-г1а май. Цуьнан дахаран т1аьххьара де дара иза. 1уьйранна дуьйна кхетта нур-дашо малх бара. Адамаш яккхийчу тобанашца стадионе, дезчу дийне, шайн Президентаца цхьаьнакхета дог1уш дара…

ДЕЛИМХАНОВ Адам

«Баьччанийн т1аьхье» хаамийн-хьесапдаран журнал.

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: