Пауэрлифтингехула къийсадаларш дIадаьхьира

Соьлжа-ГIалахь, «Sparta» тренажеран зала чохь дIадаьхьира «OLYMPIA» цIе йолчу спортан кхачанан (питанин) туьканан изза цIе йолу (Олимпия) пауэрлифтингехула йолу кубок яккхаран къийсадаларш.

Къийсадаларш кхаа кепара: «Вижина Iуьллуш айар», «Бицепсана штанг айар», «Оьрсийн айар», шина йозаллин категорехь а – 100 кийлане кхаччалц а, 100 кийланал сов а, дIахьош дара.

Турниран вовшахтохархочо, Нохчийн Республикин пауэрлифтингехула йолчу федерацин вице-президент, «Олимпия» спортан кхачанан туьканан векал волчу Мусаев Аюба дийцарехь, вижина Iуьллуш айарехула йолу турнираш пауэрлифтинган Къоман цхьаьнакхетараллин гурашкахь хьалхо а дIаяьхьнера. Бакъду, бицепсана штанга айарехула долу къийсадаларш дуьххьара дIахьош ду. Цундела дуккха а нохчийн спортсменашна лиира цигахь дакъалаца.

Къийсадаларшкахь дакъалоцуш хилира спортан мастерш, шайна юкъахь Россин а, дуьненаюкъарчу а къийсадаларийн толамхой а, совгIатхой а болуш.

Царна юкъахь ву шен 18 шо долуш дуьйна а троеборье къовсамехь дакъалоцуш а, шен 29 шаре хьаьжча дика жамIаш долуш а волу Кузаев Идрис. Вижина Iуьллуш айарехула масийттазза дуьненан чемпион ву иза. 85–86 кийла йозалла а йолуш, шен рекорд 232 кийла ю цуьнан.

2012-чу шарахь дIаяьхьначу, вижина Iуьллуш айарехула йолчу IPA дуьненан чемпионатехь рекорд йира цо – 230 кийла айъина. Къийсадаларш дIадаьхьира шина йозаллин категорехь: 100 кийлане кхаччалц а, 100 кийланал сов а.

Спортсменаша лаккхара жамIаш гайтира турнирехь. Вижина Iуьллуш айарехь, 100 кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь, 240 кийла жамI а долуш, хьалхара меттиг яьккхира Матеков Алимхана.

100 кийланал сов йозалла а йолуш, туьйлира Джамалханов Асвад. Цуьнан жамI 215 кийла дара. Бицепсана штанг айарехула а изза ши спортсмен туьйлира. Цхьатерра мохь айира цаьршимма – нийсса цхьа центнер.

Оьрсийн айарехь тоьлларг – Саламов Хьасан. Цо 93-зза айъира штанга, жамI – 55 кийла. Иза «Элита» олучу тIегIанан жамI ду, дуьненаюкъарчу классан спортан мастеран цIарал а лакхара лору иза.

Къийсадаларшкахь, иштта, дакъалоцуш могашалла дика йоцу спортсменаш а бара. Мавсаев Мурада (100 кийланал сов йозалла) айъира 210 кийла еза штанга, Чалдигов Рамзана (100 кийлане кхаччалц йолу йозалла) гайтира 150 кийланан жамI.

Чалдигов Рамзан турниран дакъалацархошна юкъахь уггаре а воккханиг вара. 48 шо долчу цо къоначу спортсменашна масал гойту. Цуьнан шен рекорд 170 кийла ю, иза бераллехь дуьйна заьIап ву.

Бакъонашларъяран органийн белхахо хилла волу Гуьмсе гIалара Мавсаев Мурадан ког кагбинера 2007-чу шарахь. Делахь а, иза къар ца велира. Масех шо хьалха спортехь ша зен волавелира иза. Цу хенахь дуьйна толамаш баха лаам болуш а ву иза.

Турниран толамхошна а, совгIатхошна а кубкаш а, мидалш а, дипломаш а, спортан бедарш а елира. STEEL POWER NUTRITION олу спортан кхача а белира.

Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш бара кхечу регионашкара хьеший, шайна юкъахь вежараллин ГIалгIайчуьра спортсменаш а болуш.

I.ТЕРЛОЕВ
№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: