Абубакаров Салавди

Абубакаров Салавдин дуьнен чу ваьлла 1921-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь, нохчийн боккхачу доьзалехь. ВорхI шо кхаьчча вахана иза школе. Дика схьалоцура цо хьехархоша шена хьоьхург. 11-чу тIегIанан школа чекхъяьккхина ваьлча, рабфаке деша вахара.

1939-чу шарахь Дагестанан пачхьалкхан медицинин институте деша вахара. Дешарца дика ларош, ерриге а предметаш хазахеташ Iамайора цо. Студентийн дахар хала дара.

КIеззиг бен доцу стипенди ца тоьара юучунна а, тIе-кога духучунна-м дуьйцур а дацара. Шеца курсехь болчаьрца цхьаьна порташкахь баржаш юттуш а, яссош а, больницехь санитар волуш а белхаш бан дийзира.

ТIеман хенахь, лоьраш сихха кхиоран Iалашонца, медицинин вузашкахь долу дешар деа шаре охьадаьккхинера.

1943-чу шеран хьаьттан (август) баттахь диплом схьаийцира С.Абубакаровс. Шен къинхьегаман некъ дIаболийра Нохч-ГIалгIайн АССР-н ГаланчIожан кIоштан Мужичи юьртарчу лоьрийн пунктехь. Нохчийн халкъ махках даьккхинчу хенахь, Казахстанерчу Павлодаран областерчу Павлодаран кIоштарчу лоьрийн куьпе балха хIоьттира 1944-чу шеран оханан (апрель) баттахь.

Пхеа шарахь цигахь болх бинчул тIаьхьа Джамбулан областе Iен дIавахара. Цигахь 1958-гIа шо тIекхаччалц, кIоштарчу санэпидемстанцехь а, берийн лоьран а, инфекционни отделенехь а белхаш бина.

1959-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчу цIавеанчул тIаьхьа, 20 шарахь сов Грозненски кIоштан Коьртерчу (Горячеисточненское) больницехь терапевт, фтизиатр волуш къахьийгира, 1980-чу шарахь пенсе ваххалц. Абубакаров Салавдис лоьран болх 40 шарахь бина.

Оцу хена чохь цкъа а лаккхарчу даржашкахь ца хилла иза. ХIинца санна, техникин гIирсаш шегахь ца хиллехь а, цунна дика хаьара дархойн могашалла талла, цаьрца къамел дан, ладогIа.

С.Абубакаров наха лоруш стаг а, дика лор а хилла. Массаьрга а ала дика дош карош хилла цунна. Цуьнан къинхьегам тидамза ца бисина.

1966-чу шарахь цунна Ленинан орден елла. СССР-н могашаллаIалашъяран отличник, иштта дуккха а Сийлаллин грамоташ а елла, баркаллаш а кхайкхийна цунна.

1983-чу шеран хьаьттан (август) баттахь кхелхина С.Абубакаров.

Нохчийн дуьххьарлерчу лоьрех цхьаъ хилла волу иза даиманна а ваха висина вайн иэсехь.

Л.ИБРАГИМОВА (Пайдаэцна Т.З.Ахмадовн «Нохчийн дуьххьарлера лоьраш» книгах)
№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: