Книгел мехала совгIат дац берана

Республикин С.Михалковн цIарахчу берийн библиотекехь Книгаш ло дуьненаюкъара де билгал а доккхуш, Ерригроссин «Книгаш безамца луо» акци дIаяьхьира.

Акцехь дакъалаца баьхкинчарна баркалла а олуш, йистхилира библиотекин директор Сайдумова Зулай: «Iамаркерчу яхархочун берийн книгийн сайт лелош йолчу Бродмур Эммин дIадолорца юкъадаьлла долчу беркатечу гIуллакхах хаза ламаст а хилла, 2012-чу шеран чиллин (февраль) беттан 14-чу дийнахь дуьйна Россехь а, кхечу 30 пачхьалкхехь а билгалдоккхуш ду и де. Оцу хазачу ламастана юьстах ца йисина вайн республикин берийн библиотека а. 2018-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь а билгалдоккхуш ду и де. Книгел пайдехь совгIат дац берана дала хьакъ долуш. Жимачохь дуьйна а бераш книгаш еша марздан, цаьрга безам кхоллабалийта, сих-сиха керла книга эца еза царна. СовгIатана книгаш яларан дуьненаюкъара де хиларо а, и де билгалдаккхаро а берашна йовзуьйту адамийн дахарехь книго дIалоцуш йолу меттиг. Цундела, къаьсттина оцу дийнахь берашна книга яларца совгIат дан деза».

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министерствон Вовшахтохараллин белхан а, кадрови политикин а департаментан директор Исаков ИбрахIим а, «Книжное издательство» организацин директор Матаев Анзор а, «СтелаIад» журналан коьрта редактор Адамов Дерказ а, А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекин директор Исраилова Сацита а, бIаьрса ледара долчеран республикин лерринчу библиотекин директор Басханова Iайшат а, яздархой Ахмадов Муса, Уциев Абу, Сейлмуханов Муса, республикерчу туьканийн сетийн генеральни директорш – Хазбулаева Рукъимат («Шанс»), Амаева Зухра («Мика»), ОвгIанан тIеман ветеранаш, библиотекин къона ешархой.

ТIаьхьарчу иттех шарахь интернетах пайда а оьцуш, кхуьуш долчу берашна уггаре а оьшуш долу ламаст ду дуьненаюкъара Книгаш ло де. Юьхьанца, интернетах Iехабелларш, цо хьекъал кхиош цахилар а, могашаллина эшам беш хилар а хиъначул тIаьхьа, книгашъешарехьа а бирзина, кхин а хьалаайдина книгийн сий-пусар.

ХIора денна алсамболуш бу книгашъешархойн барам. Книгийн мах хууш болчу баккхийчара-м цкъа а хуьйцур яцар книга интернетах, делахь а, къаьсттина хазахета, дукхахболчу къоначу дай-наноша, шаьш масал а гойтуш, шайн доьзалш книгаш еша марзбеш хилар.

Берийн книгашца доттагIалла таса гIерташ къахьоьгуш йолчу Сайдумова Зулайна даггара баркалла а олуш, акцин дакъалацархоша библиотекин фондана книгаш елира (ерриге 280 книга).

Дагадаийта лаьа, дIадаханчу шарахь вайн республикехь дуьххьара дIаяьхьначу «Книгаш безамца луо» акцехь 680 книга гулйина хилар.

Книгаш яларан дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, библиотекин ешархоша хьешашна байташ а йийшира, шайна хазахеттачу дийцарийн кийсакаш а йийцира.

Ерригроссин «Символы России. Литературные юбилеи» литературин проектан олимпиадин толамхошна, Соьлжа-ГIалин №20 йолчу школин 7-чу классан дешархочунна Исаева Муъминатана а, оццу школин 4-чу классан дешархочунна Наурузова Селимина а Дипломаш делира, цул сов, библиотекин уггаре а жигара ешархо хиларна, Сайдумова ЗуЛитРес книгийн туькан чохь шайна еза книга эца 100 туьман сертификаташ а делира.

ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрта тIехь: «Книгаш безамца луо» акцин дакъалацархой

№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: