Дегнаш цIандан веаний хьо, Мохьмад?

ХIара доккха дуьне, кераюкъахь санна, ган йиш йолуш жима дина-кх вайна оцу интернето. Вайн заманан дукхах долу гергарлонаш а, уьйр-марзонаш а WhatsApp-н а, Facebook-н а, Instagram-н а соцсеташкахула лелош ю.

Вайна лаахь а, ца лаахь а, хIокху замано «вайх тесна» телефон а, интернет а. Ткъа телефон йицйина чу-ара валар-м, карахь сом я когахь мача цахилар санна, акха хеташ ду. Ткъа оцу соцсетах WhatsApp ю «халкъан агентство».

Цуьнан некъашкахула лела тахана мел хуьлуш дерш. Диканиг а, вониг а, бакъ-харц а, мел дукха, тамашийна хIуманаш луьтту цо! Интернет доккха ниIмат ду шех нийса пайдаэца хууш болчарна.

ДIасатуьйсучу видеокийсакашкахь хьан сих кхеташ, хьо ойлане воккхуш, дог цIандеш, иза кIаддеш, хьекъал-кхетам кхиош дерг хилча гуттар а чIогIа дезало массарна а. Иштта, хьастагIа цхьамма яийтинчу видеокийсаке хьаьжча, дог а, са а мохемалхе даьккхича санна, цIандира сан.

Дийнахь 2–3 хьожура со цуьнга. Вайн республикерчу хьовха, дуьнен чохь мел болчу нохчийн а, бусалбанийн а сих-дагах чекхъяьллийла хиира суна и видеокийсак.

Оцу роликехь даздарш ду гойтуш. Зал ладогIархойх юьзна ю. Цомгаш, Даунан синдромаца дуьнен чу ваьлла, 10–11 шо хир долу кIант ву нанна лерина илли олуш (фонограммица).

Бакъволу артист санна, хаза доладина, кечвина ву кIант (схьагарехь, Даунан цамгарца долчу берашна лерина йолчу туьшахь ду даздарш). КIанта илли дIааларца а, цуьнан леларца а, цо ечу куьйгийн ишаршца а гуш ду иза оцу иллин чулацаман маьIнех дика кхеташ хилар.

Ненан дикаллах, аьхналлах, иза шена дукха езарх ду илли. КIентан деган цIеналло серлаяьккхина и йоккха чоь а, ладугIучу нехан яххьаш а. Адамаш доьлхуш ду. Царна юкъахь къаьсттина гIийла йоьлхуш ю кIайн халат юьйхина зуда. «КIентан нана ю-кх иза», – хийтира гулбеллачарна.

Илли аьлла ваьлча, йоьлхучу зудчунна тIевоьдий, цунна хьесталуш, воьхна хьийза кIант. Дукха лерина, боккхачу безамца марахьаьрча цунна и бер. Йоьлхучун когашка хиъна, ца Iебаш хьалахьоьжу жима кIант. Нехан дегнаш кхин а кIадло…

Дала цхьа шатайпа амалш, хьекъал, хьежам белла адамаш ду Даунан цамгарца дуьнен чу даьхкинарш. Цаьргахь хIилла, мекарло, хьагI яц.

Уьш а, и санна йолу кхин цамгарш йолу бераш а, Дала вайн, царна гонахарчу даккхийчийн, ийман, дегнаш зен дохкуьйтуш ду. Стеган мел доккха хьал я ира хьекъал хиларх а, цуьнан хила тарло Даунан я кхин цамгар йолу я дегIана чолакха, айпе волу доьзалхо. Делера ду дерриге а.

Бакъду, кху дуьнен чу иштта бер цхьа Iу воцуш а ца доуьйту Дала. Цунна теш, хIара дуьне девзаш, хийла хIума гина долу жил-Iалам а ду. ТIаккха, мила ю иза, оцу сирлачу берана ша сел чIогIа езаялийта хиъна йолу къинхетаме зуда? И тайпа бер дика а, вуон а адам дагца къасто хууш кхоьллина ма ду Дала.

Хьовсархошна юкъахь суна евзира республикерчу «Газпром» цхьаьнакхетараллин филиалан коьртачу директоран гIоьнча Ходжаева Дашо («Газпром» филиалан цхьаьнакхетараллин коьрта директор Баймурадов Лом-Iела, шен ницкъ кхочучу барамехь, гIо деш ву цомгаш бераш долчу реабилитацин туьшашна). Дашогара хиира туьшан адрес.

Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштахь карийра Берийн реабилитацин а, дарбанан а психоневрологин а туш. Цуьнан коьрта лор Абдулаева Зина а шен белхан декхарш кхочушдеш яра. Гуш дара иза хIоьттина хилар. Шен заместительца къамел дан мегар дацара техьа ахь элира цо.

Со «Даймохк» газетера юй хоуьйтуш, со цига кхачаран бахьана ас дийцира. ТIаккха шен стоьла тIера кехаташ дIатеттина, цо элира: «ХIа-н! Тхан жима Хеда юьйцу-кх ахь, кхиорхо. Дера ю иза оцу цомгашчу берашна Дала совгIатана елла. Тхан коллектив ерриге а ю дика. Царах хIораннах лаьцна хаза дош ала хьакъ а ду. Уллехь дика накъостий хилар Делан къинхетам ма бу. ХIокху туьшахь долу бераш шатайпа цамгарш йолуш ду. Делан дуьхьа аьлла дина цIена нийят доцуш цхьа де а даккхалур дацара тхан белхахошка кху балхахь», – элира Зинас.

Тхуна хиира и йоьлхуш хилла зуда оцу кIентан нана цахилар. Оцу кIентан ши кIира кхаьччахьана, иза шен волуш санна, цуьнга даггара хьожуш йолу оццу психоневрологин туьшан белхахо-кхиорхо хиллера иза.

«Ма доккха хIума ду, ма боккха Делан къинхетам бу-кх иштта бусалба дог-ойла йолу адам оцу туьшахь нисдалар а! Иштта адам довзархьама, мел гена бина некъ а эрна бацара», – аьлла, хийтира тхуна.

Коьрта лор Зина ша ца йийцичахьана, шайн туьшан балхах а, белхахойх а дийца кийча хилар а, цуьнан оьзда гIиллакх а хазахийтира тхуна. Иштта адам дуьххьара бен гуш дацахь а, иза хьайна даима а девзаш хилча санна хетало.

Къинхетам, Далла хьалха шена тIехь жоьпалла хилар хууш, бусалба стаг хиллера иза. Дукха хьолахь ма-хиллара, цомгашчу, гIийлачу берашна гонаха хуьлурш шаьш а хуьлу дуьнено дог делхийна, чахчийна, шаьш а цхьа гIайгIа-баланаш Iаьвшина. Иштта карийра оцу цомгашчу берашна леринчу туьшан коьрта лор Зина. Хаза, довха дешнаш элира цо Хедех лаьцна.

«Хедин дикаллах дийцина ер яцара со. Балхахь дика накъост ю иза. Тхо долчу схьадалош долу бер цуьнан хьал генадаьлла ледара делахь, иза Хедех тешадо ас. Иза дукха лерина, доггах хьожу берашка. Дагна цIена, къинхетаме, куьйгана хьанал адам ду Хеда. Оха Мохьмад олу шуна видеокийсак гинчу кIантах. Иза кхуза схьавалийначу дийнахь дуьйна цо лелош ву иза. Мохьмадна, шен нана санна, дукхаеза тхан Хеда», – дийцира коьртачу лоьро.

Мусаева Хеда оцу туьшахь 2004-чу шарахь дуьйна болх беш ю. Шуьйтан кIоштарчу Зонахара ю иза. Цуьнца къамел дан аьтто хилира тхан.

Хедас дуьйцура: «Бераш дерриге а дукхадеза суна. Ткъа Мохьмад къастор цунах къа алссам хетар хилла хир ду-кх. ЧIогIа къинхетаме бер ду Мохьмад. Музыка а дукхаеза цунна. Массо а хенахь машенца некъ бан лууш ву. Тхан туьшан керта машен ягIахь, цунна гонаха хьаьвза иза. Телефон, планшет лело а хаьа цунна. Нахана а, хьуна а гина кийсак гIуран (декабрь) беттан 3-чу дийнахь, оха, ЗаьIапхойн дуьненаюкъара де билгалдоккхуш, яьккхина ю. Оцу денна кечамаш беш тхан туьшан музыкальни куьйгалхочо Зузиева Фаризас кечвина хиллера Мохьмад и илли дIаала (фонограммица). Со йоьлхуш гича мегаш вац иза. Цундела къаьсттина воьхна хьаьвзира оцу дийнахь».

Хедица къамел динчул тIаьхьа, дуьненна ворхI гуо тесира ойланаша. Ца хуьлуш, ца хезаш хIумма а дац. Ма доккха хIума ду-кх. Хийла кIант ву ша вина нана елхош, хийла нах бу шайна уллехь гIо оьшуш висинарг ган дог доцуш…

Юх-юха карладуьйлура Хедин дешнаш: «Со йоьлхуш гича мегаш вац Мохьмад»…

Ша ца вина нана елхар лалуш дац цуьнга. Ва нах, вайх могаш воцург мила ву техьа тIаккха? Вайн дегнаш цIандан веача санна ву-кх и Мохьмад.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№15, чиллин (февраль) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: