Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Нохчийчоьнан вице-премьерца, автомобилийн некъийн министраца Тумхаджиев Абубакарца. Цара дийцаре дира регионера некъаш кхидIа а тодаран а, дикачу хьолехь латторан а хьокъехь долу гIуллакхаш.

Р.Кадыровс лакхара мах хадийра министерствос 2018-чу шарахь бинчу белхан.
Цо билгалдаьккхира ведомствос болх бертахь а, дика а барна регионан некъийн инфраструктура кхиамца кхуьуш йогIуш хилар.
«Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствос дIадаханчу шарахь Iаламат дукха болх бина. Кхиамца гIуллакх дина республикин а, федеральни а бюджеташкара еллачу харжех, кхачо йина дерриге а некъаш дIасадахарна дика хилийтарехь, керла некъаш дехкина. Цуьнца цхьаьна министерство кхиамца ларийна оха хьалха хIиттийна хиллачу кхитIе а долчу декхаршца. Шун белхан эвсаралла лакхара хилар гойту цо», – элира республикин Куьйгалхочо.
А.Тумхаджиевс Р.Кадыровна дийцира автомобилийн некъийн министерствон карарчу шарна йолчу планийн хьокъехь. Цо дийцарехь, ведомствос коьрта ницкъ тIебохуьйтур бу некъан бахам кхиорна а, ткъа иштта керла некъаш дахкарна а.
«Регионера некъаш тодарна а, уьш дикачу хьолехь латторна а билгалдина 3 миллиард сом гергга ахча. И харжаш пхеа тIайна реконструкци ярна а, керла некъаш дахкарна, ткъа иштта некъаш дикачу хьолехь латторна а, аварийно-меттахIотторан белхан барна а хьовсо дагахь ду тхо. Цул сов, 2019-чу шарна йолчу программица билгалдеш ду ГаланчIожан кIошт кхиоран а, шина некъана реконструкци яран а белхаш дIабахьар», – элира цо.
Министра дийцарехь, цуьнца цхьаьна 2019-чу шарахь министерствос дIадолош ду, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран указаца нийса а догIуш, «Кхерамза а, дика а автомобилийн некъаш» къоман проект кхочушъяр.
Кадыров Рамзана баркалла элира Тумхаджиев Абубакарна а, берриге а некъашдахкархошна а кхиаме а, беркате а болх барна.
Иштта, цо министран тидам тIебахийтира ГаланчIожан кIоштара некъаш тодаран болх дукха лерина бан безаш хиларна.
«Шун карахь бакъболчу говзанчийн а, дикачу техникин а таронаш ю. Аш Iаламат дукха болх бира Соьлжа-ГIала шен ши бIе шо кхачарна кечъеш. Со тешна ву шайна тIедехкинчу дерриге а декхаршца шу хIинца а кхиамца ларориг хиларх», – дерзийра шен къамел Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Д.АНАДЕВ
№16, бекарг (март) беттан 1 де, 2019 шо