Дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIалан цхьаьнакхетар хилира Грозненски кIоштан Йоккхачу АтагIан №3 йолчу школин 11-чу классан дешархошца. Цхьаьнакхетар паргIатчу кепехь дара. Къоначеран хаттаршна жоьпаш луш, министра дагалецира ша школехь доьшуш хилла хаза хан, школин, студентийн шераш.

Ша дешаран хьаьрма валийначу некъах а, иштта, шен дай баьхначу Бена-Веданан школехь дIаболийначу къинхьегаман некъах а лаьцна дийцира министра – хIокху шарахь дешна бовлучу дешархоша хаьттира хIинца дIалуш йолу Пачхьалкхан юкъара экзаменаш, хьалха институте деша воьдуш дика дIалучу экзаменашца юста хьакъ ю-яц.
Дика а, вуон а агIонаш леха оьшуш дац аьлла хеташ вара министр, коьртаниг – иза хаарш гулдар ду жимачу хенахь дуьйна. Кхузаман хьехархо муха хила веза бохург а дира дийцаре.
Байханов ИсмаьIална хетарехь, «Хьехархочун дикачу амалех уггаре а диканиг ю иза ша хаьржина говзалла езаш хилар, ша бечу белхан маьIнах кхеташ хилар, ша вехачу меттехь юкъараллина, халкъана пайдехь хилла ваха хьажар, шена тIехь даима а къахьегар».
Байханов ИсмаьIала Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан «Стипендин программех» лаьцна а дийцира оцу цхьаьнакхетарехь. Вайн пачхьалкхан дешаран тоьллачу ВУЗ-кахь деша аьтто бо цо, хIора баттахь стипенди а луш.
Пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяларехь дешархойн аьтто хила шена лууш хилар хаийтира министра.
Йоккхачу АтагIара №3 йолчу школин хьехархошна баркалла элира И.Байхановс цара иштта хьекъал долуш, ойла ян хууш, кханенах дог лозуш дешархой кхиорна.
З.ХИЗИРОВА
№16, бекарг (март) беттан 1 де, 2019 шо